Невцо еана чIуг
– ХIокху чуьра бераш а, хIара стаг а цхьаццанхьа дIасабелла, суо йисинера со тховса. Хуожаг1ара, цIен сагIа доккхуш даийтиначу жижигах хIума яра йисина, кхалла айса бохуш йоллура со, дика ду хьо еана – мискачу пхьеро шен корматаллина ницкъ ца беш йиначу стоьла тIе жижиг охьахIоттош йоллучу Маржанан цIен бос лепачу мера тIе хьацар тоьхнера.
– Дера бу уьш оьзда нах, сих-сиха сагIа доккху, цундела шаьш лелочух беркат а хуьлу – Майдатна пхьор шега схьахьоьжуш санна хетаделира, хIусамнанас стоьла тIе хила олуш. Кхин дехарш даре а ца хьоьжуш, ерстинчу зудчо, юкъ-кара дош а олуш, кхоам ца хеташ, даккхийчу куьйгашца каетта йолийра кхачанах. Хьешаначул кIезиг кхачарна кхоьруш санна юу Маржан а. Саьрамсекхан берам чу хьовзийна дума дIакхаьллича, чIениг тIехула охьахьаьдда даьттанан тача куьйгаца дIа а доккхуш, хьешана тIетайра:
– Хожа-м дика адам дара, зуда кура стаг ю-кх цуьнан. Къанделла жуккар, жеро санна кечъелла лелаш, къанъеллачу Iуьйрана. Со хиллехь, адамо маре ца юьгуш, хIинца а лелаш хир яра, я йигча а кхобур яцара! Мел ирча яра иза оццул хаза волчу Хожас ялош.
– Дера яра-кх ирча-м. Цкъа кхаллал а хаза-м яцара. Ирча елахь а, Делан дуьхьа, гIуллакхдарна тIера ю-м боху хьуна иза. Хьо церан кетIахула тIех ялахь, даим цхьацца деш, едда лелаш гур ю: я бежан лаьллина йодуш, я нуй хьокхуш. ХIокху дийни яьлча, сан-м дог ца догIу и «нускалан» гIуллакхаш дан, оцу чуьра и ши йоI кхиичахьана-м хIетте а.
– ДIа-я-ла дIа, хIун гIуллакхаш до моьтту хьуна цуо, - шена хьалхара, тIера жижиг диъча йисинчу даьIахкех йинчу оьлан тIе, даьIахк кхуссуш – эцца кетIахула дIасавоьдучунна ша гайтархьама лелош моттаргIанаш ю, тIаккха, хьо санначо – дика зуда ю, гIуллакхана тIера ю аьлла цIе яхийтина, – доцца хадийра Хуожин зудчух лаьцна дерг.
– Хьуна бакъдерг дезахь, ахь ма-бохху, цуо лелош ерш моттаргIанаш елахь, и моттаргIанаш лело а-м хир дац хьуна цунна атта, – оцу дешнашца вовшашка а хьаьжна, багара Iуьйшуш ерг а сецош, елаелира ши зуда. ХIара санна цхьанакхетарш сих-сиха хуьлура шина лулахочуьнан, дийца дезаш а, къасто дезаш а юьртарчу нехан хьашташ кIезиг дацара.
Аьхкенна гIадъяхна, наггахь схьахезачу пхьидийн екаро, дIавижначуьнан наб яйахь а, хIума кхоллуш йоллучу кхаьршинна новкъарло ца йора. ЦIийзаш еъначу чуьрко къовзийча, дерстиначу куьйгаца цунна йогIург дIа а луш, пхьор дуучу хьешана цIеххьана дагадеара:
– Маржан, захалонна реза буй хьан марзахой?
Цхьа-ши бутт хьалха Маржанан марвешин йоI маре яханера. Шен кхино, и нах хьал долуш бу аьлла, и захало дина хиларх теш яра хIара. Цул сов, кхуьнан йоI нехан цIен тIе яхана а яцара дукх хан, “даима а, соьца къийсаяла Iеминчу цуо, яхье а яьлла, яхийтиний а ца хаьра и-м” – и тайпанчу ойланах а шек яра хIара.
– И нах хьал долуш хилча, шайна цаьргара хIума ер ю моьттуш лелаш ма ю иза –– Ткъа уьш суна дика ма бевза, шайн дена тIера цара даьккхина хилла сагIа цIена эхь дара-кх. Стоьмех цхьа а хIума ца эцнера стоьла тIе хIотто, – и дуьйцуш кхуо сетто батт гича-м, и стоьмех хIума хилча а, яа дог хир дацара.
– Цхьаболчара-м, тойнехь санна, дукха тIехъяьхна совнаха хIуманаш веллачу стагана тIера сагIадоккхуш лело мегаш а яц ма олу! – кхета хала дара, Майдат шен лулахочух бехк боккхуш ю, стаг веллачохь сагIадаккхар – зуда ялийначохь той хIоттор дац аьлла, я нийса дуй суна хезнарг аьлла, хаттар деш ю.
– Аса-м иштта ма ца боху. Дукха тIехъяьхна хила еза ма ца боху ас, – даьттанех дуьзна шен куьг, кучан юхах а хьокхуш, хабар сихдира зудчо – сагIа ма ду иза, таро яцахьара-м хIумма а дацара, жIаьлеша даарг, шортта хилча, хIунда кхоош ду. Ас-м цунна бохий, уьш яккхий пислакхаш ю аьлла, ма боху ас, сан кхинна моьттург цунах аьттехьа а хир доций, суна дика ма хаьа. Цундела, невцо, шега дахьа а ца лун сахьт пхьаьрсах дихкича, стунйишина елла чIуг муха яра?! Онда хIума дара-кх иза яр, еъча, схьаяла шайна а эхь ца хетар. И декъаза хIума, чIуг ю аьлла хьал ма дацара, – бертиг ястаеллачу гали чуьра охьахецаелла кхоьш санна Iенара цуьнан багара дешнаш. Ша хIуъу дийцахь а, кхиверг харц лоьйтур воцуш амал йолчу Майдата, ойла а ца еш элира:
– Ванах, ва Маржан, хьан йоI яхана нуц вогIуш еана хилларг санна яцара царна еана хилла чIуг?! Хьан кхино аларна яхнера-кхи со цига, суна дага ма догIу – «И-м, хьайга ма йола аьллехь а еана хир яра хьо, хьайна дийца хIума даккхархьама а». Шен лулахо евзачу кхунна дагатесира. Таьххьарчу хенахь, хьалдолчу нехан зударша юкъадаьккхина керла гIиллакх, захалх хIу мел хьакхаделлачунна а совгIаташ дар, йоьIан марзахойх ву ша мел олучунна а дешеш эцар. Маржана, тIецатоьург нахера а доккхуш, доцург а ду моттийта гIерташ лелийнера, и керла г1иллакх, нахана хьалха дозаллаш дархьама. Цу тIехь мелла а кура ойла йолуш деш дара кхуо и къамел. Ткъа хIинца кхуьнан хьешо дуьйцучо дойъуш лаьттара кхуо мел лелийнарг. "Шена моттаделларг кху Iовдало нахана хьалха алахь, вала де ма ду хIара" аьлла:
– Я-ца-ра, дера, хаза стаг ю хьо, Майдат, я-м хIай! Сан невцо еана чIуг, царна еаначуьнан можачу дешин хилла хIоз – цIечу дешин, ткъа цIечу дешин хилла бIаьрган гуо – можачу дешин болуш ма яра. Хьуна дага ца йогIу?! – элира кхуо. ДегIан хатIца мелла а чах тера йогIучу зудчуо, хIума кхоллуш охьахаа къастийна гIант, хIара меттах моссазза хьай, «вай» олий, цIевзара
– Ва Маржан, хIун бен ду, цIен дешин хилларг можа, можа хилларг цIен хилар? ТIехьаьжча а гуш дара, цаьршинан йозалла а, барам а, базара эца вахча, мах а цхьаъ хир буй. Изза ю ала мегар долуш яра-кх хьан невцо еана хилла чIуг а.
Дог датIарна, Маржанан Iаржъеллачу юьхьа тIера ши бIаьрг, къаьрзина, араэккхаш лаьттара.
– Сан йоI-м, цу тIе даьлча, кIанта шина шарахь тIе а хьийзина, еза а езаш йигана ю – хIусамнанас, чай мала ишкап чуьра схьаоьцуш хилла кемпеташ юханехьа чу а йохкуш, кхетийра хьаша. – Аса уьш хьал долуш нах бу аьлла яхийтина яц иза цаьрга. Цара, чуьра а ца гIевттина, йигана ю. Шен дешнаш чекхдовлуш корта ирхбахара кхуьнан.
– Хьо нийса ца кхетта сох. Ас ахь хьайн йоI хьал долуш бу аьлла нахе маре елла ца боху. Ас бохург: хьан невцо еана хилла чIуг а, хьан кхинан невцо еана хилла чIуг а цхьаъ яра бохург ду, – оцу дешнел тIаьхьа, Маржанна топ тоха а ца оьшура, цуо а лазор яцара иза кхин. Кхуо йоI дIанисъеш йиначу харжийн ах харжаш а ца йиначу кхинан невцо еана чIуг а, кхуьнан невцо еана чIуг а цхьатера яра бохург хIун ду?! Маржанан хьаьжа юккъе гулбелла белхи, лаг т1ера тIедевлла синпхенаш, туйнаш дIадетташ дечу къамелаца догIуш дара. «Къакъ-аьлла, сан чохь диларш йиина, хIара хIун ду кхуо дуьйцург, дош ма дацара, хьуна тIех тоха мел дерг тIехтоьхна, дог ца дассийча. Цу тIе даьлча, хьох чай дотта ала а ца ваьхьаш хьан майра вуй ца хууш ма яц со, ас дуьйци хьоьга и?!» – эр долуш яра Маржан, амма цхьана лулахь Iан деза-кх аьлла, сатуьйхира.
– Суна дагадогIу-кх и ши чIуг цхьатера ярий! – хезаш бахахь а, Майдатан дагахь-м кхин дара: «Кхинна цхьаъ ала а гIерта хIара, хьо суна дика ма евза, ахча дезаш леш лаьтташ ма ю. Хьан цIийнда, киснахь кепек ца хилча, керта ван ца ваьхьаш, нахехула буьйсанаш йохуш лелий массарна ма хаьа».
Ян еза ойланаш, къасто деза дахаран хьелаш дукха хиларна, чай мала ца ларийра ши лулахо. Майдата, ша кетIа яьлча а, схьабетташ мохь бара:
– Хьуна еанарг санна яра, хьан кхинна еана хилла чIуг.
Цу сарахь Маржан, Майдат къаьсташ гинарг, цхьа ши де даьлча, юьртахь зуда ялочохь, юх-юххе а хиина, шабарш деш йолу ши зуда, хIара шиъ ю аьлча, тешар вацара.
Свидетельство о публикации №215052201198