Рицкъанах вер вац
– Дера ца хаьа суна-м, оцу нехан зудабераша-м, и ша лаьхьарчаша санна, юьхь-дуьхьал боьрзий, б1аьргашца а цхьаьна дуьйций, и божарий 1ехабой, тоьлла маре доккху шайна. Сан ца хили-кх и ирс, бежана санна, хьо хьаьнга хьаьжна ю-м ца хаьа суна – олий, нанас а халла деттало дог дат1адора.
Х1окху балхах воккхавеш мила лела?! «Со маре ца юьгу» – аьлла, нах кхиэле изабойла дуй!? Дера дац! И бакъо хилча, хийла къонахчунна кхиэл йина а хир ма яра.
Дикка хан яра, х1ара ву аьлла вийца, жимчу стага кхунна т1е хабар даийтаза. Бакъду, тховсалера суьйре эрна ца яхнера. Лекхачу дег1ахь, кегийчу нехан мог1арехь цхьа кура лаьттачу къонахчо, тховсалера шен ойла Буштина еллера. Шен вешин зудчуьнца х1ара йоллушехь, са ца туьйш, т1аьхьаеана Буштин нана Жовзан, кегийчарна юьстахуо лаьттачу зударшца, йо1ана т1ера б1аьрг а ца боккхуш, цхьаъ дуьйцуш 1аш яра. Буштийна т1е хабар даийтинчу к1ентан терго а йора.
– Хьенан, мила ву и жима къонах, ва Совг1ат? – лере а таь1на, хаьттира шена юххерачуьнга Жовзана.
И тайпа хаттарш деш зударийн мог1арехь чекъяьлча, оцу «кхонахчуьн» ц1е Мурт1аз, шовзткъа шаре вирзина, г1еххьа таро йолчу нехан хилар хиира кхунна. Ткъа коьрта дерг: хьалха дуьйна Москвахь 1аш, ткъа х1инца нускал дало ц1авеана иза хилар дара. Зударийн мог1арехь Жовзан юх-юха чекхйийларх, кхин керла х1ума ца карош, синкъерам д1абуьйхира. И болх кхуо дуьххьара беш бацара, шайн юьртара хьовх, лула-кулара ярташкара а, цхьа а синкъерам т1ех ца болуьйтуш, Бушта ялайой охьахаайора. Х1ара шиъ ледара хьийзаш-м ца нисдели Буштийн ткъе итт шо а денц1ахь дузар. Цхьана юкъана Жовзан шен йо1ана цхьамма маре ца яхийта, цабезамца бозбуунчалла лелийна аьлла хеташ а лийлира. Цхьаъ ца хилча, кхечу мехкарел я хазаллийца, я дечу г1уллакхца оьшуш йоцу, я бийца бух боцчу нехан а йоцу кхуьнан йо1, кху дийне яьлла, синкъерамашка хуьйшуш лелар ярий!
– Цкъа а маре г1ур йоцуш, йихкина ю хьан йо1, – элира кхуьнга, юьрта йисттера, т1улгаш т1ехь палтосучу Чолкас.
– Ма алахьа, Чолка! – ч1ог1а кхераелира х1ара.
– Дера, Жовзан, лохачу дег1ахь, хьаьрса зуда ю х1окху т1улгаша юьйцуш, цуо лелийна х1умнаш юхадерзо атта хир дац!
–Тхан ц1ийнах суна дагайог1уш ма яц лоха, хьаьрса зуда. Тхан марвешин зуда ю хьаьрса, амма г1уркх санна лекха ю.
– Сих ма лол хьо-м, х1инцца дагацаярах, йоцуш дац. Д1аяла, х1ара-м цу т1ехь чекхдолуш дац, х1окху т1улгаша дуьйцург бакъ делахь, кхин а хала хир ду, Бушта езаелла керстан жин т1аьхьарадаккха.
– Ахь х1ун дуьйцу?!
– Жинаш а ма хуьла дуккха а х1уманна бехке. Цара шайна дезаделла зудабер, маре ца дахийта, доьхку олуш ца хезна хьуна?
– Со цкъа а тешна х1уманаш дац уьш.
– Х1ета, и бакъ ду-кх хьуна.
– Х1ума кхоор дацар-кха ас, Чолка. Хьо орцах ца ялахь, ма де доьхна сан, – олуш, б1аьргах хи делира Жовзанан.
Цул т1аьхьа Жовзана масех котам а, москал а Чолкин з1акардаьхнина юкъа хецча, жайна ду аьлла цхьа кехатан цуьрг а лелийра Буштас кочахь, цхьацца хиш а мийлира, амма царех цхьа а пайда ца белира. Цул т1аьхьа цхьа-ши шо даьлча, ша санна 1ехийна зударий Чолкера шаьш елла х1умнаш схьайоьхуш не1аре х1уьттучу хенахь, дегаза, хьарам еш а, хьанал еш а, шегара яьккхинарг йитира кхуо.
Бакъдерг ма-дарра дийцича, бен бан меттиг ца карош лела олхазар санна Бушта йисар, кхуьнга йола олуш стаг ца валарна дац. Хийла захало д1атетти кхуо. Хазалла валла воллу лакха юккъера Бай1елаг1еран Ц1оьмалг тоьар вара, кхин х1умма ца хилча а, «Т1араш тоьх-тоьхначохь хелхавуьйлуш лелачу цуьнах а х1ун ц1ийнда хир ву?» - аьлла, ца яхар-кха х1ара. Х1ета, иза-м зуда а ялийна чувирзича, шен доьзалца бен бала а боцуш, дукха даккхий ц1енош дина, охьахиира. Дависарг, хьанна хаара цунах ишта дика х1усамда хир вуй?! Церан кет1ахула т1аьхъялар нисделча, х1ара-м дог эккхаза йуьсу, ша яха ца яьшначу Ц1оьмалган зудчуьн хаза яха охьахаарх хьоьгий.
– Ц1оьмалге а ца яхара хьо, х1ара ц1енош вайн хир ма дара – олий, чевна т1е туьха хьоьрсура нанас а, шега ла а доьг1на захало т1е ца эцна Хуожа а ца гуш.
– «Х1ара ву сан нуц» аьлла, и ахметр ас нахана муха гойтар ву, ва йо1? – элира цуо, ткъа Хуожа х1инца юьртда ву.
И дагадеача, ша х1етахь аьллачунна дохкойолий, ша-шех каетта йолало Жовзан:
– И-м ца хилла, ва йо1, оццул лоха а – бохуш, ша йоллучохь техка а техкаш, – машен ма хаза ю алахьа цуьнан!
Ткъа х1инца юьртден г1оьнча волу Маккхал кхуьнга вистхиллий хиъча:
– Д1аяла йо1, ма лаьхьарчий бу бах и цуьнан йижарий – аьлла, хьуьх а йоьлла, чу иккхира Жовзан – церан луларчу зударшка хатта яхнера со, 1адвиталахь и, цара 1ен юьтур яц хьо, элира.
Нана йоцчуьнга а ладийг1ира кхуо-м. Иштта хилаза дисира Г1езамахьмица дуьйцуш дерг а: «Церан беш йоккха ю, тхьум санна якъайина, цу бешахь яцор ма ю хьо цара. Даьхни мел дукха ду. Церан хьелий оьзна а, беже д1алаьхкина а ялале делкъе хир ю. Хьоьгахь х1ун бала бу, и деза дукъ т1елаца? Хьо-м хьаъа юьгур йолуш, паччахьца а йог1ур йолуш йо1 яй!» - бохуш, Буштин юххера доттаг1 лерехь екачуьра-м ца сецира, кхуьнан цу к1антах дог даллалц. Кхуо и захало д1атеттина ши бутт а балале, кхуьнан доттаг1 ша яхара Г1езамахьме.
Дала д1абоккхийла и саьрмак, хьанна хаара цуьнан дагахьдерг?! И-м пхи-ялх шо далале, беш мел ю стоьмийн дитташ дийна, уьш лело цу юкъа майра хаийна, ялта даздаларна котам-бежан кхабар пайда бац аьлла, кертахь мел йолу садолу х1ума хьала а кхаьллина, малх къайлабаьлча бен ара а ца къедаш, яха хиира. Х1ара дуьне-м, хьаха, ца даара, цхьа де-буьйса даккха яхна а, цунна т1е а яхана, цкъа цуьнан дог ца дохийча. Цунна т1е а муха йоьду, шена т1е зуда яло цкъа а х1уттурвоцуче а ваьккхина майра ву бохург цуо лелош хилча?! Кхунна ган-м ца гина, лула-кулахь бехачу зударша дуьйцу-кх иза, ларамаза кхунна дуьхьалкхетар нисделча, «Мацах хьуна т1ехьийзина Г1езамахьма-м х1инца каравахна хьуна, делкъана д1атаь1на зуда сама ца яьлча, пхьег1аша г1овг1а йийр ю бохуш чай мала ца ваьхьаш суьйренга воьду бах» аьлла, кхуьнга масийттамма а, оцу дешнашца шена чов ян, я там бан г1ертара-м ца кхийтира х1ара.
Хьастаг1а, дехьа юккъера Падама деана захало а ма дара! Чоь юьззина бераш дуьсуш зуда еллачу шен вешина х1ара хьахо еана-кх. Х1ара-м енза йитира цуо.
– Деши санна йолу сан йо1 муха йоьду керт юьззина долчу берашна т1е, ва Падам? – дукха оьг1азъяхначу кхуьнан нанас аьлча,
– Шен хан д1аяьлча, дешех йиначу х1уманан а йолу мода д1а, цул т1аьхьа цуьнан мах хоттуш а, стагга ца волу – доцца хадийра Падама. Жовзана, йораха ца юьтуш эккха-м йира иза. Эккхаярх тоьий, Буштийна т1е ченах буьзна палс туху дешнаш аьлла девлча? Кхуьнан мода х1унда яьлла д1а? Лекхачу к1ажи т1ехь йолу мачаш, шегахь товш йолу коч юьйхина д1ах1оьттича, Буштийна-м ша юьртахь хаза бу бохуш ц1еяхханчу мехкарел а х1умма оьшуш ца хета.
Бакъдерг дийцича, зуда елла, я йитина яхийтина волчуьнца захало кхунна масийтта а хьахийна. Кхуьнга-м зудчунна т1е йола бохуш а вара, Дала д1аваккхарг, кхуьнан ненаца цхьаьна дешна волу Бай1ела: «Кху дуьнен т1ера х1ума оьшуьйтур дацара, чоь къагош д1ах1отто зезаг санна лело, сан х1усам серлаяккха яийтахьара» - бохуш, лийлира иза-м. Къанъеллачу цуьнан зудчуьнца и х1усам а, цхьа ког коша левзина Бай1ела а къийса кхуьнга х1ун х1оьттина?! Кхуо цунах лаьцна кхеттал х1ума шега аьлча:
– Делахь х1ета, хьуна хьуо жима хетахь а, хьан хенарнаш шайн х1усаме бирзина а г1еххьа хан ма ю – хезира Буштийна цуьнгара.
Дукха лазаме и дешнаш шена довларна нене дийцира кхуо.
– Ма хабар дийцара цуо! Шен хенара цахиларх, шел жимачуьнга яха мегаш ма ду. Шел йоккха зуда кхаьбча, боьрша стагана мел бу бах, – элира Жовзана. Итт шо гергга шен ц1ийндел йоккха хиллачу шен нанас олуш хезнера ишта.
Жовзана х1уъа бахарх а, мел хала хеташ делахь а, иза бакъ дара, кхуьнца кхиина мехкарий, кегийнах, цхьа наггахьа воцург, шайх цхьаъ Бушта а йолуш, шайн доьзалш болуш бара.
Ткъа кхуьнан х1ун бехк бара, тахана-кхана иза схьа гучавер ву моттарх?! Шел хаза, оьзда верг хила йиш йоцуш волу кхунна воьг1нарг. Юьртахь мел волчу стага лехча а, шена ала х1ума доцуш иза хила веза моьттур-кха.
Хьоьжуш… хоьржуш… юха кхоьруш, д1аели-кх хан. Х1аъ, г1алатах кхоьруш. Цхьа г1алат дан бен бакъо ца ло-кх йо1анна кхолламо. Масане бу шайх хьага меттиг боцу доьзалш а?! Кхарна ши ц1а дитча 1аш йолчу Курсаман х1ора буса наха мелла ц1атекхочу ц1ийнда санначух кхийри.
Дера кхийри-кх, садаллал-м… Сарахьа охьаюьжуш йилаза чай молу куршка йисна аьлла, дукха баккхий бахамаш т1ера, хьала ца г1атталуче яллалц х1ума тоьхна ц1а хьажийна хьайн накъост Маликин санна марех а.
Буштас д1ататтарна, хилаза дисна массо захало аьлча нийса хир дац. Т1аьххьарачу ницкъаца, куьйгаш хецаделча, цергашца а цхьаьна х1ара тасаеллашехь делира кхуьнгара цхьа маре. Кхарна дехьа урамехь 1аш волу Нажмудди масийтта шарахь т1ехьизийра кхуо. Кхунна-м х1инца а сих-сиха г1енаха го Нажмудди, х1етахь ма-хиллара шайн юкъаметтиг йолуш, шаьшшиъ дагарадуьйцуш лаьтташ. Еза, кестта д1аюьгур ю а олу цу г1енах кхуьнга. Х1ара, самаяьлча, юьхьанца йоьлхура, хан мел ели а, мелла а д1аайабеллера кхуьнан даг т1ера и дагахьбалламан беза т1улг. Шена ала, х1ара ду аьлла, вуон х1ума доцуш жима стаг вара иза. Хилла даьлла ала мегар долу захало, де а доцчу х1умана т1ехула хилаза дисира. Ткъа стенна т1ехула, х1ара ша а ца кхийтира. Цхьа эладитанаш лийлира, дага а ца даьхкинарш кхуо а, кхуьнан нанас а дийцина бохуш, кхарна схьа а хазийра цаьргара долчуха цхьацца хабарш. Цу замане, юх-юха юхаоьхуш, листира кхуо х1ора м1аьрго, шайн юкъаметтиг йохарна бехке долу х1ума лоьхуш, ткъа кхин ца карийча, «рицкъа ца хиларна нисделла хир ду-кх» - аьлла, шен ойла ц1ехьа ерзийра.
Буштийна синкъерамехь Мурт1аз вевзина к1ира гергга хан яьллера. Цкъа-шозза а х1орш бистхуьлушь лаьтташ диначу къамелах кхета хала дацара, яха-яр т1е х1ара захало дукха ца 1аш дер дуйла. Ткъа Жовзан охьахаа йиш йоцуш хьийзара, Мурт1азах а, цуьнан нахах а дерг хоьттуш юьртах чекх х1ара яларх, цхьаммо а вон дош ца аьллера царех лаьцна. Х1етте а, са юха ца дерзара, кхуо юх-юха ойла йора йоь1ан кхолламан. Рицкъа хилла цига йодахь, цунна новкъа х1умма хир дуй хьажа г1ертара.
Дукха 1уьйре г1аьттина, цхьацца ойланашка яхна, чай молуш 1ачу Жовзана:
– Йо1, ишта хуьлийла а дац, кхин х1умма дацахь а, оцу Москвахь, къайлаха ялийна цхьа меташка йоцуш-м хир вац хьуна иза. Ишта ца хилча, шовзткъа шаре верззалц зуда ца ялош 1ийр вацара. И захало 1аддита деза ахь – элира, ц1еххьана ша 1ачуьра хьала а оьккхуш. Ткъа Буштас дош ца элира, амма шен дагахь сацам бира, кхул т1аьхьа шега дуьххьара йола аьллачуьнга, маре яха. … йола алахь, кхул т1аьхьа.
2011ш.
Свидетельство о публикации №215052201201