Ийг1ина ц1аеанарг
– Д1аяла, Бийкату, 1ад1е, д1аяхна вайн зама, вайна т1ера бехкаш а эцна, – элира цуо-м, дезачу боларца кет1а текхна 1а со, шех б1аьргкхетта, хьалаг1атта дагахь 1асанах каетташ яйча. Махкана деккъал хьан ненехь хилла г1иллакх а-м тоьар дара, хьо юьззина къонахчуьн амал йолуш кхио. Доьзалх цхьана берана метарка яккхийта яхча, марзахойн памел ца йоккхуш ц1а еънарг хьан нана ма яра. Памел ца хиъча, цара и кехатан цуьрг ца язйина, берех цхьаъ вигнера цо шеца шолаг1чу дийнахь. Тахана-м, и дуьйцуш, боьлуш 1а кегий зударий:
– «Сайн марзахойх волчу стеган ц1е ас йоккхур яц», – аьлла, памел ца йоккхуш, ц1а еъна Жовх1ар санна юха ца йог1уш, хьайн г1уллакх чекхдаккхалахь – бохуш, цунах дийцар а дина.
– Марзахойх иза д1атоха гуш-хезаш, ши оьрси бен стагга воцчохь, юха ца йог1уш, хьуо эцна яхнарг чекхдаккха, яьккхинехь а ма дацара и ц1е х1умма – ас шега аьлча:
– Ас муха йоккхур яра сайн марзахойх хиллачу стеган ц1е, цул таьхьа цуьнан т1аьхьенах болчу нахехь а муха 1ийр яра? – жоп делира цуо-м.
Ахь ларйинарг хьайн юьхь ю-кх, марзахойх ву мел бохучу стагана хьалха хьуо бехке хеташ, дийна боцучарна гергахь а, уьш юххехь лаьтташ санна, хьайн несан г1иллакхаш х1иттош. Кху т1аьххьарачу хенахь и санна долчу г1иллакхийн маххадо зударий бан а буй-техьа бохучу ойланна т1е ялийна со-м х1окху цхьана дийно.
Селхана еанчу оцу к1ентан йо1а, еъна аьлча а, ийг1ина еана ша аьлла схьаиккхиначу цуо до къамел хезча, со-м х1окху кхузткъе итт шарахь гергга айса хьешна дуьне мукъна дуй-те х1ара аьлла ма йисира. Ганза х1умма а ца дисна-кх, х1ара дуьне шен амалшца, г1иллакхашца орамашкара дуьйна девзина аьлла хеттачу м1аьргонехь, кхечу дуьненан т1е яьлча санна, гонд1ара х1ума а ца девзаш: «Ванах со хьераяьлла-те, я х1ара нах телхина бу-те?» - бохучу ойланца йиси со-м.
– Дависарг, маре х1инца яха езаш ялара – гоьл т1е баьккхина ког ловзош, чуеанчу шина шичийна хьехарш деш, чай молуш 1ара иза – айса дина и декъаза маре-м дийр дацара хьуна ас. Марзахошна несалла лело а ца дезаш, юьттучуьнца-юучуьнца ц1ийнда лело а ца дезаш, меттиг лаха езаш хиллера.
Х1усамца, ахчанца со кхачо йоллуш охьа а хааяйтина, соввалале д1а а воьдуш, г1еххьа сагатделча, ван а вог1уш майра лаха везаш хиллера-кх. Зуда а, доьзал а болуш, г1еметтах1оьттина стаг, ханна воккха мел хили а дика ду, цунна жиманиг хазъяларна кхоьруш, садаа дезар дац. Ткъа доьзал цуьнан хилар хьоьгахьа долуш ду, хьан бала а боцуш вукху зудчо марзахой д1акхоьхьур ма бу, хьан царна несалла лело а дезар дац. Цкъа-далахь, атта а, токхе а дахар ду, шозлаг1а-далахь, нахана гергахь марехь ю аьлла ц1е а ю, луъуче яха-ян ма-оьшшу маршо а йолуш. Цхьаьннан ц1арт1ехь йоцу зуда сийдоцуш ма хета х1инца. Вай декъаза х1умнаш – зударий, и доьналла доцу божарий коча а лоций, доллу ц1ийнан дукъ вешан белшаш т1ехь д1атекхо деза моьттуш лела-кх, адаман хьесапера д1а а довлий.
– Йо1, и бер хьаьнца дитина ахь? – малик – малик ду-кх Далла гергахь а, аьлла хаьттира ас
– Цуьнга-м шен ден нана хьожур яра.
– Ахь х1ун дуьйцу, аганара бер къанъеллачу цуо муха лелор ду?!
– Шега ца лелалахь, со 1адйита еза-кх, мотт-эладитта а ца лелош. Со сайн хама байта йоллу.
– Хьаьнга бойту ахь хама – хьайн доьзалхочуьнгий?! Хьо нус ю, собаре хила еза хьо, х1инца ахь йинна марзо хир ю шун доьзалшна юкъахь.
– Марнанас юкъа мотт лелош, майрачо бетах х1ума етташ, ца хуьлу марзо.
– Х1ума кхетталц хьан батт сецна хир яц. Зуда марера ишта ца йог1у ц1а, хаьттича, дийца х1ара ду аьлла х1ума а доцуш. К1ант воьлхуш хир ву, хьайна х1ума кхаллий, д1аг1о. Хьайн да, вежарий ц1а кхаьчча, айхьа лелочух кхетале – ас шега аьлча:
– Со муха йоьду д1а, т1аьхьавеана стагга воцуш, я уьш берриш баьхкича а, со кхин юхаг1ур йолуш яц – елхаран къурдаш хезира, суьлхьа хьовзош корта охьата11ийна 1ачу суна.
Ахь екайо бага а, хьан амал а ца йовзахьара, хала а дацара ахь дуьйцучух теша.
– Уьш къиэн нах бу, тхуна цаьрца гергарло ца деза – аьлла, кху чуьрчу кантана къайлаха йиллина хан гучуяьлла, ца яийта т1ехула дог1а тоьхча, корехула а яьлла маре еанчу нанас 1амийначу хьуна-м кхин бехк буьллийла а дацара. Хилла даьллачу захалонна юкъа аьлла дош харц хуьлу дела сатоьхна 1ад1ийра со-м, 1ан везарг а, ваха везарг а хьо ву-кх – аьлла, сайн дагахь.
Х1етахь дина захалонал башха со реза йолуш хилла дацара х1ара а. Церан дайх ма вара т1ома к1елахь н1аьнан к1орни йолуш, нехан бун чуьра аратекхийнарг а, шайн ц1ийнах велла стаг, сом кхоийна, хийрачу нахе д1аверзавайтина, суна уьш бен ца хаабелла. Кхин а масанне ду уьш, церан дайшна лайш аьлла ц1е яхийтина бахьнаш.
– Уьш лайш бу, наха зуда а ца йохуьйтуш, я цераниг схьа а ца ялош, лелла болу, - ас аьлча
– Баба, и хьалхалера х1умнаш х1инца д1а ма девлла, «лайш , элий», бохуш, ца дуьйцу х1ун хан ю?! Йо1, к1ант вовшийн дезаш хилар ма ду х1инца коьртаниг, – элира.
Дера д1а-м девлла, дуккха а х1уманаш, ден-ненан цхьаъ бен воцчу к1антана, эшначохь орцах бовла марзахой хир бац олий, реза цахуьлуш хиллачу нохчийн йо1а тахна – «марзахошна несалла лело а ца дезаш» долу атта маре лоху.
Масех шарахь т1ехьийзаш, к1ентан юьхь-сибатан кхоччуш тидам база маре йодар-кха хьалха йо1, и шен ц1ийнда воцучохь дуьне а доцуш, яха а яхара, ткъа майрачуьн юьхь-дуьхьал йирзина, б1аьрга т1е б1аьрг х1оттийна дош аланза-м Далла дуьхьал а йодара.
«Доллу ц1ийнан дукъ вешан белшаш т1ехь» – тов! Ц1ийнан дукъ хьовха, шен ц1ийнда юьхьк1айчуван, иза резаван х1ара долу дуьне а шен белшаш т1ехь д1акхехьа резахилла йолу нохчийн зуда, тахана дуучу доьшанах, аттачу дахарах тоам беш ю-те?!
Боршачу стагаца къовса а яхь йолуш, хала киртиг т1е х1оьттича, шен а, шен тайпанан а, сий лардина 1ожалла т1е эцна йолу вайнехан зуда тахана-м атталха марзахошна хьалха г1илллакх лелийна а, шен дег1ана хало ян ца лууш карайо.
Маржа Зезаг, хьуна хаза дезара х1ара къамел: мецачу Сибрехь хьуо йитина д1айохуьйтуш, шайга вог1учу хьешах б1аьргкхетча, юха а йирзина:
– Д1о шаьш лачкъийначу аттана хьаькхна ц1ийх дуьзна урс ц1анде, аьттан да вог1у шуьга – аьлла, чу мохь тоьхна йолчу.
Цул т1аьхьа мардас:
– Кху кертара-м боккхур бац ахь ког д1а – аьлла, юхаерзийна хиллера.
– Ши дош аьлча, уьш-м х1ун гергара бара, вуьшта, кху чуьра оцу к1антана т1е южу-кх шен дехойн яьккхина ц1е, – элира цуо, ша хьовзо яьккхича. Оццул халачу, мецачу хенахь а ма ца дайнера вайгара собар а, яхь а. Хьо кхузахь х1унда юьйца, хьайн ц1ийнда цамгаро вожийча, божарийн духар дуьйхина, цуьнан метта цхьана дохна лелочу керта хадан яхна йолу. Буса, ханъяъллачу хенахь, кертана арахьа охьадоьхкина долу докъар д1анисдеш йоллучу хьоьга салам делла:
– Жима къонах, х1ара к1урабоккху х1ума лато х1умма хир ярий хьоьгахь? – аьлла хаьттина хиллера, шайна к1ордадаллалц цхьанхьа синкъерамехь 1ийна ц1абог1учу кегийчу наха.
– Со къонах вац, я узуш яц, – цаьргахьа д1а а ца йоьрзуш, жоп делла хиллера кхуо.
Х1ара къинт1ера а яьккхина, ца хаьттича, 1ан ца вела:
– Ц1ийнда вац хьан? Велахь, цуьнан стогалла мича яхна, хьоьга х1ара де леладайта? – аьлла, хаьттина хиллера царех цхьамма.
– Мел онда стаг а цамгарна хьалха г1орасиз вуй ца хууш хир ма вац хьо? – хаттарна хаттарца жоп делла кхуо. Кхуо шена г1о дойтур доци д1ахаийтча, кхин дош ца хозуьйтуш, т1ехбевлла, д1абахна хиллера уьш.
«…соввалале д1а а воьдуш, г1еххьа сагатделча, ван а вог1уш майра лаха везаш хиллера-кх», – бохург х1ун къамел ду?! Иштта дахаре хьоьжучу зудчо кхетош кхиийначу доьзалх а х1ун хир ду?!
Делан дош ду боху-кх: «Хьан даге хьаьжжина муьт1ахь доьзал лур бу ша хьуна», - аьлла.
Наха йоккху вон ц1е яйъа шен йиша а йийна, ц1а вог1у кхааннах бухависна т1аьххьара к1ант 1инах вахна тезет дерзочу воккхачу стаге бистхилла арабовлучу юьртахоша олуш хилла-кх: «Шен карахь дарж долчу хенахь харцонашца 1едале дукха адам а-м х1аллакдайтира кхуо».
Нахана цуьнгара эцнарг ч1ир хетта. Дала ч1ир а доьзалца оьцар ю аьлла ма ду.
Чолакха к1ант, гуьйриг санна вордана т1е а виллина кет1ахь 1ачу нанас аьлла-кх, шех къахеттачу нахе:
– Ишта бен хуьлийла а дацара. Къона йолуш сайн хьекъал ца кхачарна, зудаберашца цхьана к1антах, хьекъална к1езиг вара иза, суо йог1ур ю бохуш, левеш, дукха йийлира со. Цунна а хетна-кх, шена бинарг бекхам. «Г1анна т1е доьжна г1а а ч1ир йоцуш дуьсур дац» –аьлла ма ду!.
Дахаран маьрк1ажехь, хьан г1ора эшначу хенахь, хьо декъалвийрверш я дакъазавоккхурверш а ма ду хьан бераш. Къанвелла к1елависча, хьуо кхаба а, велча – д1аволла а бохуш, ахь кхиийна долу.
– Доьзал хилахь, чоь юьззина хила безара-кх, ца хилахь – цхьа а хила а ца везара. Царна юкъахь цхьаъ волий а хьан дагах кхеташ ма волу. Делахь а, цхьа 1у воцуш ца вуьту-кх Дала, – шен лулахочо Забус аьлча, шо хьалха ворх1олг1а доьзалхо лаьттах воьллинчу тхан ден йишас Шовдас элир-кха:
– Мел боккха доьзал хьан хиларх а пайда бац, церан баьрзнаш нисдар хьуна язйина делахь – аьлла.
Забу, ган пурба а доцуш, цхьаъ бен воцчу к1антах а йоккхуш, де-а доцчу х1уманна т1ехула йитина ц1аяийтина хиллера. Кхин маре ца йоьдуш, денц1ахь къанъеллера иза. К1анта зуда ялийча, шен х1усаме д1аюьгур ю ша бохуш, ша мел деш долу х1ума цу дийнан дуьхьа деш, цуьнан дуьхьа яьхна хиллера иза. Ша оццул сатийсина де т1екхаьчча, к1ант волче а яхана, дехар динера цуо:
– Да-нана а д1адаьллера сан, несаршна хьалха хьийза х1инца жима а яцара, хьо къиъна ваьлча, ахь доладийр ду бохуш, дог дохуш яьхнера со, – аьлла.
Амма цхьаъ бен воцчу доьзалхочо шийлачу маршаллийца т1еэцна хиллера нана.
Кхуьнца цхьаьна дешна а волуш кхеран юьртара, зуда елла, к1ант кхобуш 1ашволчу цхьана оьздачу стага йола бохуш, шега захало дийцича: «К1ентан, нана маре яхна х1оьттиначу тойнан чам бовзийта цалаьа-кх суна» - аьлла хиллера кхуо.
Ткъа х1инца, шен дедоьхначу 1уьйрана, иза дагавеънера Забуна. Цуьнан х1усаме х1оьттина:
– Хьан ойла хийца-м ца елла? – хьажар а лечкъош, хаьттинера Забус. Цуо яла а йина иза, ц1ийнда веллачул т1аьхьа меран к1анта, х1ума ца оьшуьйтуш яллалц лела а йина, елча, дестичуьнан весете хьаьжна тезетан да х1оьттина, д1а а йоьллина.
Йиша-ваша алса-м мел хилий а, хьекхал а, доьналла а долчара биснарш, г1ортораш хуьлий, д1а ма текха бо.
Наха хьедечу девнашна а, схьадоьхучу декхаршна а дан х1ума а ца хила, цхьаъ бен воцчу вешин доларавала вахча, ша юьхьаралаьцна некъ кхочуш бан ца белла, юьртан маьждигера юхавирзинчу стага аьлла боху-кх: «Къинт1еравалахьа сунна, х1ай Аллах1, со воцуш далара х1ара дуьне боху ойла кхабарна».
Доьхначу дагца кет1ахь лаьтташ йолу нана, шен к1антах б1аьрг кхетташехь кхетта, Далла хастам бина боху йоккхачу стага, собаре, ийманчохь, шена муьт1ахь доьзалхо валарна: «Дола дан х1ара вацахьара, оцу дакъазваьлла лелачо х1ун дийр дара-те?» боху ойла а кхоллалуш.
Цхьатерра лазадо-кх куьйган п1елгаш, жима берг а, боккхаберг а, дависарг, къа – доьзалх цхьатерра ма хета, декъазчух алсам а хеташ, доьналла дерг-м д1алелара, г1ийланиг х1аллакво-кх дахаро а, цуо ша-шен а во-кх х1аллак.
Хаац, хетарехь, зама хир ю-кх бехке, хьайн замане хьаьжжина ваха веза хир ву-кх. «Х1инца кхин зама ю» - олу-кх кегийчара. Хьастаг1а, кевнан берттехь сацийначу машенчуьра, ц1ийндена юххера охьайоьссина кху чуьра нус а замано нуьцкъала йоссийна хир ю-кх.
Шен марзахой бехачу ураме говр-ворда хьалайирзича, лаьтта юссий, г1аш керта яхарца тхайн нанас х1иттош хиллачу г1иллакхийн х1етахь кхин терго а ца хилара, ишта хила дезаш санна хетар бен. Я сайн жима хиларе терра ас тидам беш ца хиллехь а.
Кхетам луш ерг а, хьекъал луш ерг а ю-те зама?!
Цхьана аг1ор нийса-м дара хьо, шена т1е х1оьттиначу хьоле хьаьжжина ца яьхча йолий зуда?! Х1инца доьзална ахь луш долчу хьехарел алсам оьшу-кх дуьненан рицкъа, 1уьйрана йоьхнарг сарахь йоха а, х1инцца йиънарг юха кхалла а ца лууш ду-кх х1инцалера чкъор. Шайн нийсархойл т1аьхьабиса ца лаар дара и да-м, шена юххе х1оьттинчун дерриг дезар. Маь1не ду цхьана дешначу стага аьлларг: «Юьхьанца вай вешан доьзал кхетабо. Цул т1аьхьа вай цаьргара 1ема. Ишта ваха ца луург шен заманал т1аьхьавуьсу».
– Корта охьата11ийна х1унда ца 1а х1ара, чамди чу ши коч кхоьссина марееъна йолу – бохуш, ийг1ина яхначу несана луьйш хезир-кха суна лакха юккъера Сану.
Дависа дела1, корта нисбан маре маса коч яхьа еза-те?! Хетарехь, цхьаболчу нахе воьдуш, г1иллакхаш ц1ахьдитча х1умма дац, чамданаш юьзна яьхьчахьана.
Мацах цкъа нене хьаьжна ялош хиллехь зуда, х1инца ден а, ненан а бахаме хьожий ялайо-кх цхьаболчара. «Церан зуда-м ехар йолуш яцара. Къона къанъяллалц шен нанас вовшахтоьхна бахам гулбан бен доьналла хир дуй цуьнгахь?!» – элира-кх, кху луларачу несо, цхьаьннан йо1 шен к1антана хьахийча. Ткъа ас х1ун эр дара цу юкъа, г1иллакх леладар, ийманчохь доьзал кхиабар ма бу зудчо вовшахтоха беза бахам шега аьлча, д1алоцурдолчу тайпанах ма яцара иза-м.
Ойлаярах нислурдолуш х1умнаш дацара х1орш-м, нахаца леларш багахь, хьайн чохь дерш дагахь листар дисча, хала хуьлуш хилла-кх. Къоналло ядийна лелачу хенахь-м, х1инца санна ган а ца гора х1орш.
Вайна-м ламазан хан туьлуш ма лаьтта, со ойлане яьлла 1ашшехь, аьлла чуяхна, маьрк1ажан ламаз дерзийна йоллуш яр-кха со, къажарца «ийг1ина» еънарг:
– Баба, д1айоьда со – аьлла, суна т1ех1оьттича:
– Т1аьхьабаьхкина хьуна? – цуьнан марзахойх гучуваьлла стагга а сайна цагина дела хаьттира ас.
– Х1аъ, х1ара ву кет1ахь! Дог даьтначохь ластинера ша, боху, тоха ойла йолуш ца хилла иза. Ч1ог1а дохковаьлла ша, боху. Суна т1аьхьавеъна иза, х1инцца д1а ца яг1ахь, юьтар ю ша, боху.
– Д1аг1олахь сихонца, ма йитийталахь, к1ант а воьлхуш хир ву – «х1ара ц1аяийтар а, юхайигавар а санна хир дар-кха и йитар а», – аьлла ойла йина элира ас.
Ванах, нуц-м стунцахойн кет1а х1оьттина, вист ца хуьлуш д1а ма ваха, аьлла, дагадеъча, карладели-кх суна тхайн ненан йиша дуьххьара яхначуьра ц1а муха ялийна: садайначул т1аьхьа ворданахь дечаг дохьуш вог1у нуц стунцахойн кет1ахула, вист ца хуьлуш, т1ехваьлла аьлла, карахь жима бер долуш дас ц1аялийна хиллера иза. Кхин, милла дехаре ваийтарх, д1а а ца яхийтинера. Хьажахь, х1инца х1уъу мега-кх! Вукху аг1ор ойла йича, нийса ду-кх. И х1умнаш лехьош хилча, суна хетарехь, кху заманахь цхьа а зуда марехь хир яцара.
Йоккхачу тоьпах кхоьссича санна, цхьа машен д1аиккхира кет1ара, хетарехь, «ийг1ина» еанчунна т1аьхьабаьхкинарш аьлча а, т1аьхьавеанарг хир ву-кх иза. Делан къинхетам бу-кх, божарех цхьа а ц1ахь ца нисвелла.
2010ш.
Свидетельство о публикации №215052201203