Вайн лулахь йоцуш цатерг
Кхеран лулахь 1ашйолчу Селимин, к1ентан зуда ийг1ина д1аяхна цхьа к1ира а дара. Мадарра хилларг цара ца дуьйцуш, онда ницкъ хиллера Чабина. Церан кертара зударийн г1овг1анаш а хезна, демах бахьан дина, дуьйцучуьнга ладог1а яха сихъелла яра х1ара.
– Селима, ц1ахь дуй шу? – аьлла, мохь тухуш кертаелира, ч1ог1ачу озаца зударша лейон багош, кет1ахь дуьйна а хезаш йоллушехь.
– Т1ейк1ела доьттина мустъделла яйнаш х1унда ду шун йоь1ан? И массо х1ума кога буха диллина 1аш ма ду тхо а. Тхайна ца товш дуккху а х1уманаш доллушехь. Шайн йо1 кхето цамега аш?! – бохуш луьйш хезаш яра Селима.
– Делан дуьхьа тоьар дар-кха, кхин х1умма цахилчий а, шун йо1а йиттина хьалаухкуш хилла меттан х1умнаш-м, эхьхеташ 1ара-кх со, мел боьха хуьлура уьш. – дешнашца чоьхьаелира Чаба.
Тапъаьлла д1атийра зударий. К1оршаме хьажар кхарстийра Селимас лулахо йолчу аг1ор. Х1ара яре хьоьжуш 1ийначух тера дацара кху х1усамехь цхьа а.
– Хьо мила ю? Хьоьга хьан, х1ун хоьтту? – цхьа дера, хаттар кхоьссира кхуьнга, баьхкиначарех цхьаммо.
– Со кху лулара ю. Схьахьаьжча гуш бу-кх кхеран йиттина х1ума хьалатосу сара. – элира Чабас.
– Нехан керта ца хьежча, кхин дан г1уллакх долуш зуда яц-те хьо?! – олуш, т1е хьаьжча йоккхуо хетарг хьалха йолуш арабевлира Селимин захалш. Цара карахь хьо т1оьрмагаш гарехь, шайн йоь1ан цхьацца сал-пал д1аяхьа баьхкина хиллачух тера хийтира уьш Чабина.
– Хьо йолчу баьхкина захалш буй хиънехь со мича йог1ур яра кху керта. Кхане хиллац юхалург дала дама хир дари-те аьлла еънера со. Ма боьха багош йолуш зударий хилла уьш, декъазчу хьуна ца кхаьчна хьанна кхочур бара, алахь?! Уьш х1унда баьхкинера Селима? – сацатохалора кхуьнга, цара беъна некъ бовза лууш.
Ткъа важа, кхин дош ца олуш, кхуьнгара кад схьаэцна, яхна дама дохьуш юхаера.
– Дама-м дара вайгахь, Дала латтадо, хастам бу Цунна, юха дан ца оьшу хьуна. – олуш, схьакховдийра. Ткъа кхуьнан хатттар, шена ца хезча санна, жоп доцуш дитира.
– Дала саг1а дойла, ахь дагалаьцначунна т1ера. Кхин х1ун бохура оцу баьхкиначара? – ша дина хаттар дагара даьлла-те аьлла, юху а хаьттира кхуо.
– Вон элира ахь, айхьа аьлларг! Со лулахошкахула, нус юьйцуш лелла моьттур ду царна. Суна ца лаьа сайн чуьрачу х1умана юкъа цхьаммо а дош олийла. – элира, Селимас. Лулахочуьнан аьрха амал евза Чаба кхийтира, цуо х1умма а дуьйцур доций. Иза-м кхунна йог1уш дуьйна а хаара, делахь а, девна т1е кхьаьчча ларамаза дуьйцург хезар дацара-те аьлла сатесна еънера х1ара. Шенначул х1ума хезира кхунна, Селимин нус боьха 1аш хилла-кх дийцарехь, цуо иза багахъдоккхуш ца хезнера кхунна цкъа а. «Ишта бу-кх цхьаболу зударий, массо х1ума шайна чохь сецош!» – аьлла, ойла йира кхуо.
Х1ора к1оштахь, юьртахь, урамехь, лулахь ю цхьацца Чаба. Ц1е кхин хила а тарло цуьнан, амма амал – цхьаъ ю. Юьртахь цунна ца вевзаш наггахь стаг а карор вац, ша цхьаъ вуьйцуш, шега ладуг1учо ахь вуьйцург шена ца вевза аьлча цецъялара Чаба: «Хьуна муха цавевза хьайн юьртара стаг» - олий. Чаба х1ора юьртахь хьала-вахьа а, йоцуш ца тера ю, х1унда аьлча, юьртарчу бахархойн сингаттам, бохам, цатам – Чаба яцахьара хаанза бисарна а кхерам бара. Шена юьрто а т1едиллина декхар кхочуш деш санна, х1оранна баьлла сингаттам шена т1е а озабой, массаьрга цунах лаьцна дуьйцуш чекхйолу иза! Цунна и керланаш хаъа а хаьа, массарначул хьалха, мичара я муха цхьа т1аьхьа а ца кхуьуш. Ша адмех догълозуш, къахеташ, царна дерриг шена а ду аьлла хеташ йолу дера, бу шен массаьрца а бала аьлла хета Чабина шена. Амма х1ара йоцучунна кхин цхьанний а ца хета иза ишта, мелхо а, х1ара кхечунна т1е деъначу вуонах самукъадолуш, мотт-эладитин кочар ду аьлла тешна ву гуонаха мел верг а. Шен х1усаме хьаша веъча, самукъа ч1ог1а долуш ю Чаба даима а, хьанна иза т1е веана хиларх, шена я берашна, я ц1ийндена, бен а дац, иштта бен дац иза жима-воккха хиларх, зуда я боьрша стаг хиларх, хьеннан а нийсархо а хуьлий хеттарш дан дуьхьала охьахуу х1ара.
– Д1аялахь зуда тхуна юкъара, дехьа чу г1ой юучунна г1айг1а бехьа. – олий, эккхайо х1ар ц1ийндас. Ткъа Чаба цхьа лерг сехьа чохь дуьтий дехьа йолу.
– Собур дел, иза ишта ма дацара, ас дуьйцур ду шуна. – олуш, ша дийриг дуьтий, цхьа ханъялча сехьа йоду, божарийн къамелана юкъаоьккхуш. Ткъа к1антана я йо1ана т1е кегийрахой баьхкича, мила хьанна хийисте воьдуш ву, хьаьнца захало дезаш ву, хьаьнга вистхила лууш ву – цу хьокъехь долчу хаттаршца т1аьхьайолу.
Ша дийна йолуш, гуттара х1ара сецайора марнанас. «Х1оккха ма хьажа, д1ога ма г1уо, хьайн г1уллакх доцург ма дийца, хьайга ца хьоьжучарна т1е ма эха!» - бохуш, цуо дийнахь а, буса а несана лергех дохуш хилла мехий, и миска д1аяьлча д1атийра. Ткъа кхунна, шена ма хетта яха-ян а, шена луург дийца а маршо елира. Майрачо човха ца еш а ма яц Чаба, «Хезий хьуна? Хьайн бала боцурш дуьйцуш эрна г1овг1а ца еш 1ад1ел х1инца!» - олура цуо, сада1ан а дицделла х1ара лен яьлча. Буса а, дийнахь а ха деш, доьзал кхабаг1ерташ лелачу ц1ийндас, наггахьа ша ц1ахь висча ен г1овг1а, зудчунна новкъа яцара.
Ша йог1уш яйча, бистхуьлу зударий тапъаьлла д1атуьйш хиларх х1ара йоьллера. Нийса хир ду, Чабех б1аьрг кхетча, царна шаьш дуьйцург дицлора аьлча, уьш-м, шайн коьртехь дерг а дицдан хьовсура, шайн ойла а ешна кхуо иза нахалаяккхарна кхоьруш. Яхначу аьхка дар-кха, кет1а еъна хорбузаш эца Чаба араяьлча:
– Курсум, хьан мардас т1аьххьара ялийна зуда, цуьнан наха етта а етташ д1айигна бохуш ма дуьйцу: «Маре йоьду хан ю хьан, Дала х1аллак хьо яраг?!» - бохуш, баьхкиначу зударех цхьаммо хьоькхуш хилла мохь-м, со йоцчунна массарна а хезна хилла. – аьлла, хаьттира кхуо, масех зуда гулъелла х1оьттиначу очартана юккъехь лаьттачу лулахочуьнга.
– Х1уманан ойла ян ца яьхьаш 1аш яра хьуна со, сайн батт а, сайн ойла а д1асацийна, хьоьх б1аьрг кхетча. – аьлла, жоп делира цуо. Ткъа хорбузаш эца гулбелларш, бийлабелира. «Ма г1иллакх доцуш а бу-кх х1инца кегийнарш, шен нана хила а мегар долчу соьца, цо йон забарш хьажахь!» - аьлла, ойла йира Чабас. Цу тайпа кхуьнан хаттарш хийла дуьсура жоп доцуш. Хьастаг1а, када баха арабевллера куьпара зударий.
– Шуна хезний, и велларг, вехна ц1а вог1уш, хи чу вахна велла олуш? – ша царна т1е кхоччушехь, хаьттира кхуо.
– Сайна ца гинарг, дуьйцуш я, бакъ деш 1едал дац сан. Шена хетарехь х1ума кхечо дуьйцуш а ца деза суна. – аьлла, жоп делира ала мегар дара, Чабина лакхуо 1аш йолчу цхьана йоккхачу стага. Дала декъалъяро, кхуьнан марнанас а лора-кх, шега кхуо и санна долу х1ума хаьттича цу тайпа жоп. И дешнаш хезча, и миска дагаера кхунна.
Яах1ума, шена хало ца еш йора Чабас, ц1ахь йолуш-м йо1а цакхочуьйтора кхуьнга иза, ткъа ши шо хьалха шех стуннана хилча дуьйна а юург яр кхунна т1едоьжнера. Деша вахна к1ант а, балхара ц1ийнда а ц1акхачале, кхехкаш долчу жижиг т1е, ц1анъеш-цаеш цхьа-ши картол тесна, чорпий яй баьккхира кхуо.
Х1орш х1ума яъа охьахевшина дукхаханъялале дар-кха, хьераваьлча санна цхьаммо ков тоьхча.
– Вайн ков, зайла д1абоьллина ма дац, и мила хир ву?! – аьлла, хьалаг1аьттиначу ц1ийндена т1аьхьах1оьттира Чаба.
Кевнехь лаьтташ, х1окхарна ца евза ши зуда яра.
– Тхо нийса даьхкина аьлла хеташ ю со! Чаба кху кертахь 1аш юй? – аьлла, йистхилира цхьаъ. Цаьрца божарий ца гича, зударийн г1уллакхаш хир ду-кх, аьлла чу вахара Чабийн ц1ийнда.
– Дера ю-кх, со кху кертара ю! Кевнехь ма латта, сехьа довла. Шу лаъа леларий? – уьш гича дуьйна а даго дика х1ума ца хьехара кхунна.
– Тхо хьоьца кхуллакх долуш даьхкина. Хьоьгара хезна аьлла тхайга кхаьчна цхьа хабар къасто даьхкина тхо, даьхкина аьлчий а, тхан ц1ийнан божарша, хьо зуда хиларна, шаьш ца бог1уш, дахкийтина-кх. – кхуьнца бегаш беш яцара и шиъ.
– Со ца кхета шух, мадарра дицийша. – х1инца боккъала йоьхнера х1ара, цара беъна некъ ца бевзаш.
– Дера дуьйцур ду-кх, мадарра а-м! Эвла йистера 1ела-Хьаьжеран несан йиша кху лулахь марехь ю, цунна хезна, ахь зударшка тхан йо1 кара куьг делла, проводница болх беш йолчу Маржанан к1анте йоьдуш ю бохуш дуьйцуш. Эшахь ша хьуна дуьхьала х1отта а йог1ур ю боху цо. Тхо и г1уллакх къасто даьхкина.
Юьхь-сибатца ца евзинехь а, кхунна х1инца хиира и ши зуда хьенан-мила ю.
– Ткъа бакъ дац иза? – хаьттира Чабас.
– Иза бакъ дац, проводница ю бохуш йолаелла лелачу жерочуьнан к1анте оха тхайн йо1 цкъа а йог1уьйтур яц. Цул сов, вайн юьртден к1антана захало ду цнна хьехош, ахь дийцина хабар бахьан долуш, и захало шалха долуш лаьтта. – мелла а оьг1азе дека доладелира шиннах йоккхуочуьнан аз. Ткъа шозлаг1нарг кхаьрга ла а доьг1уш лаьтташ яра.
– Ас аьлларг, сайна дуьйцуш хезнарг ду-кх! – элира кхуо, хьастаяла а г1уртуш, х1ара шиъ яран бахьан хаахь, ц1ийндас шега х1оттор долу къематде дага а деъна.
– Делахь х1ета, и дийцинарг ахь схьавийца везар ву. – элира, х1инццалцца дош ца олуш лаьттиначу зудчо. Ткъа Чаба ойлане елира, и хабар шена хьаьнгара хезна-те аьлла. Кхуо шена хьалха доьдуш ши адам хилча, цара дуьйцучуьнга ладог1ара, иштта лаьтташ я бог1уш-боьлхуш болучарна т1е лергъдиллина 1аш йолчу кхунна хазара и хаамаш, ткъа церан х1ораннан юьхь-сибат коьртехь латто атта дац. Х1унда аьлча, церан юьхь-сибатца, цара дуьйцучуьнца санна кхуьнан бала а ма ца кхочу. И де, х1окха зударша девнаца хьедон и хабар хезна де, кхунна дика дагадог1у. Цу дийнахь, кевна юххехь нуй хьокхуш яра Чаба, кхеран кертаца охьабоьдуш бу кет1ара г1ашлойн некъ. Кевна арахьа бог1урш гуш бацахь а, цара дуьйцург хаза хала дацара, ша хьокху нуй а сацийна, ладег1а елира х1ара. Цара вуьйцург проводница Маржанан к1ант вуй хиира кхунна, ткъа йо1, юьрта чуволлучохь лелош долу латтанаш карахь долчу Г1акъийнарг яра. Кхунна билггаала дагадог1у, иза ишта дарий. Шена х1ун хезна хаьа Чабина, амма хьаьнгара хезна аьлла вийца стаг вац. Кхуо х1инца муха эр ду, «Кет1ахула т1ехъбовлучара дуьйцуш хезна аьлла, хьаьнгара хезна ца хаьа, ков къевлина хиларна луьйш верг гуш вацара, ткъа озах ца вевзира. – ала деза-те ас, бохуш 1ара Чаба.
– Хьуна тхо кхузахь хилар диц-м ца делла. Тхо хьан жоьпе хьоьжуш ма ду. – шен ойлана юккъехула схьахезира кхунна.
– Ков къевлина дара. – элира кхо, ша кет1а хьаьжнехь, луьйш берш бевзина хир ма бара шена, аьлла дага а дог1уш.
– Ахь х1ун дуьйцу? Хьенан ков дара къевлина? – ца кхийтира «хьеший».
– Тхан ков дар-кха къевлина. – элира кхуо. Ткъа цул т1аьхьа дийцира, ша кет1ахула т1ехъбовлучаьрга ла муха дуьйг1ира. Х1ара куьпахь а нахала йоккхуш мохь хьекхна, шаьш дуйна т1е х1оттор ю бохуш, къа доьхуш д1аяхара и шиъ. Ткъа чу яхча кхоийна ца йитира ц1ийндас а.
– Хьан багара суна кхул т1аьхьа совнаха дош хазахь, ас и мотт бухбоккхур ма бу хьа!. – бохуш, т1аьхьа мохь хьоькхуш майра а витина араиккхира х1ара.
Некъаца йиначу кертана юххе а хиъна, елха к1ордийча ойлане яьлла 1аш яра Чаба. Х1ара ца кхетара, адамаш ишта к1оршаме шеца х1унда ду. Шена дуьйцуш хезнарг дийцина-кх ша, цхьанний а х1уьттаренна я гамонна дош а ма ца даьлла шен багара, х1ара х1ун ду дан мукъна а, бохуш ойла йора Чабас. Цхьаьнгий а х1умма хатта йиш яц, 1оттарца д1асаца йо массара а, ша цхьанний а кхоьллина х1умма ма дац, кхечарна дийца мегарг шена ма ч1ог1а дихкина ду, оцу шеца наха лелочу харцонна, Чабийна харцо хетара массара дуьйцург шега ма хьехаде бохург, юх-юха догъэт1аш 1аш, кет1ахула т1ехъдовлучу адамийн мачийн г1овг1а хааелира кхунна. Иштта ша т1аьххьара ладоьг1ча даьлла «беркат» шена дагахь доллушехь, лераса кет1а дуьйг1ира кхуо.
– Сан кхино вийцинарг, кху чохь 1ашйолчу Чабийн, ваша хилла-кх. – йист хилира зуда, цуьнца накъост юй кхийтира х1ара – Шен юьртара ю боху х1ара ц1ера. Кхуьнан вешийна, автобус чохь зударшна юххе г1ерташ а хаавелла, юьртарчу божарша т1ера хеча яьккхина боху. Нах буьйцуш а ца лелаш, шен ваша вийца везара кхуо. – оццул лахдиначу озаца аьлла дешнаш, хезира Чабина. Ша 1ачуьра хьалаиккхина х1ара, м1аьрго а ялале кет1ахь яра.
– Дала кхел йойла сан ваша вуьйцуш лелачарна. – аьлла, т1аьхьа мохь туьйхира кхуо, г1еххьара генаяьлла йоьдучу шина зудчунна. Ткъа важа шиъ, юха а хьаьжна, сихачу боларца къайлаелира. Кхел кхайкхийра Чабас мотт-эладита эцна мел лелачу зудчунна: «Дала мотт сацабойла, шайн г1уллакх доцург дуьйцуш лелачу зударийн. Нехан х1ун бала бу – соьца а, сан вешийца а?!» - бохуш мохь хьийкхира кхуо. Дог чог1а даьт1нера Чабин шен ваша а, ша а наха уьйцуш хезча. Шен дахарца, цхьаьнний а бала бац аьлла хета Чабина.
2012ш.
Свидетельство о публикации №215052201210