Аьттан амал
– Дера эца хьо Дала дIаэцанехьа! – аьлла, кхунна чуьра баьллачу маьхьаро Iадийна, цициг яйца цхьаьна цIенкъа дуьйжира. – Мацалла дала мегар дацара хьо?! – кхуо тIаьхьаластийначу мачанах кIелхьарадала кхуьуш-ца кхуьуш, къайладелира и миска. Шаршу т1е ца тоттуш вахначу майрачунна оьгIазъяхна йолу хIара, цуо ша хIумайиъна ваьлча тIаьхьара юург дIацаяьккхинй хиъча-м, хьераяллаза йисира.
Маржан, цIийндас дог ца этIийча а, яцара декъалхилла Iаш. ХIинца а кхуьнан яь1ни т1ера охьайоссаза яра марнана. Маржан ялийчахьана, х1ара ца езаш а, хIора дечу гIуллакхна ох1ла «зуда ца хеташ» а чекхйолуш яра иза. Кхинойн даьхни тIехдетташ, Iайла дайинера. Цуьнга хаьттича, юьртахь бежана, котам ца кхобуш ехарйоцу зудий бен, Iийр яцара. Ткъа Маржанна цатара я хьайба, я зIакардаьхни. Кхунна шена а ца хаара и хIун ду. Кхуьнан керта баьлла етт, шурина «бIаьрмециг» хиларал сов, мийра тухуш а хуьлу, ткъа котамаш-м, мел дукха кхаьбча а, кхарза хIоа эца дезаш хуьлура. Кхин пайденна доцчу дохнах хIун до аьлла, Маржана марнанас керла нус шен кертаяьлча елла масех котам, царна тIаьххье етт а, дукха хьиэн ца беш, яй чу ластийра. Цул тIаьхьа мел дукха хан яьллехь а, и тIехтохам бан аьтто баьлла меттиг тIех ца тухуш болуьйтур болуш марнана а яцара. Амма, дIадаьлларг - дIадаьлла, кхуо биъна етт, я котамаш а юхайогIур яц. Марненан тIехбеттамаш совцо Маржана ч1аг1о йина дикка хан яра. Ша дагалаьцначуьнан ойла ешшехь, майрачух, цицигах а дIалечкъийна жижиган тIассаш, гIеххьа хьожа кхета доьлла хиларан тидам а ца беш, дIадиира кхуо. Ша юьзча, дагадеара ша ца дина Iуьйра - ламаз. Малх гIушлакхе баьллачу хенахь дIахIоьттина, ламаз а дина, лулахо Майдат йолчу, хан йойур ша аьлла, яхара Маржан.
– Маршалла кху хIусаме! Чохь юй хьо, лулахо?
– Делера маршалла. Хьо ма дика йогIу. Схьачуйола – аьлла, экъа юьззина ерзина хIуш цIератIера юьстах а хилийна, хьешана дуьхьалъелира Майдат
– Ма нийса кхечи-кх со! ХIуш дукха ма деза суна! – могаш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, хIуш даа охьахиира хIара шиъ.
– Майдат, етт эца йоллу со, – аьлла, бета тIера лаьтта кхаччалц охьабоьду чкъоьргийн некъ, куьг хьаькхна дIа а боккхуш, хIоьттина тийналла йохийра Маржана.
– Хьайна бежана ца тов-бохуш, яцара хьо?
– Хьуна бакъдерг дезахь, иштта-м ду и. Сайн марненан хабарш кхачо йоллу со. Зуда яц бохуш, со юьйцуш лелаш ю и.
– Ша дуу дуьне диъна-м и къанделла жуккул даьллера, хьо а ца юьйцуш, IадIа-м мегар дара иза.
– Со юьйцучуьра совцур болуш-м дера бацара уьш…
Масех минот елира хIара шиъ ойлане яьлла Iаш. Шен дезачу дегIо ц1ийзо гIант а нисдеш, Майдата элира:
– Деллахьа, Маржан, хьоьга цхьа хIума ала а лууш, делахь а, д1алалаца хIуттуш Iара со. Ахь хьуо етт эца йоллу аьлча, ала лии суна.
– Схьаалахьа, хIун ду и?
– Хьайн керта баьллачу муьлххачу атто а шура кIезиг ло бохуш, гуттар а леткъамаш беш хуьлу хьо.
– Леткъамаш беш ца хуьлу со. Ас дуьйцург бакъдерг ду! -жоп дала сов тIех сихъяларна, лулахочунна тIедетташ туйнаш а долуш, йистхилира Маржан.
– Ас-м хьох ца тешаш ца бохий, Маржан, нийса кхетал хьо-м. Цхьаъ ала дагахь боху, цкъа ладогIахьа соьга. Iуьйрана кетIа ялар нисделча, масийттазза а бIаьрг кхетта сан, гена йоццуш Iен хьан марвешин зуда шун божална уллехула ведар а карахь тIехйолуш. Схьагарехь, ведар даьсса а ца хуьлура цуьнан.
– Ахь хIун дуьйцу?!..
– Сайна дайнарг дуьйцу. ХIуъу дийр долуш ма бу и лаьхьа! Со шек ю цунах, цо лечкъош хилла аьлла хета суна хьан аттера шура.
– Ахь баккъал ла а дуьйцуш дуй иза?
– Дера ду-кх, дукха баккъалла а дуьйцуш-м.
– Делан дуьхьа! Хила а мега хьуна иза иштта, со ца езашший, соьца къовсаеллий леш лаьтташ ма ду и маймал! Цо къайллах узуш хилла-кх сан етт! Ша цунах дезар дийр дацахь а, суна хIуьттаренна дийр дара цо и саннарг. ХIинцца тIаьхьакхии-кх со!.
– Маржан, пурба дац хьуна сан цIе яккха. Оцу мотт-эладитанел суна ца дезаш хIума доций хьуна хаа ма хаьа?
– Дера хаьа, дера хаьа. Шек д1а ма ялахьа, хьан ц1е ас йоккхур яц хьуна. Дала дIаэца хIара!
-Цунна и дитахь, сан цIе Маржан яц-кх хьуна, - Майдата дуьйцург хезаш а яцара Маржан.
– ХIун дан дагахь ю хьо? – башха шен хаттарна чу а ца юлуш, хазийра Майдата.
– ХIара-иза дийр ду ала цкъа ца хаьа суна, амма иштта Iад-м Iийр яц.
Ойланаша д1аяьхьначуьра юхаеъча санна, сама а йолуш:
– Суна хаьа, ахь хIун дан деза! – элира Майдата
– Дийцал, хIета, хаахь? – карахь гулъелла чкъоьргаш охьа а хьокхуш, ладогIа кечъелира Маржан.
– Тхан цIахь, генадоццуш, бухкуш етт бу. Тамашийна амал йолуш бу иза, цо къобалъеш цхьа тиша оба ю. И оба юьйхина бен цунна юххе ваха йиш яц, мийра тухуш хиларна. И етт ахь эцахь, цо къобалъеш йолу оба юьйхина воцуш юххе вахнарг, атто мийра тоьхна, кхоьссина дIавохуьйтур ву, ткъа оба хьоьгахь бен хир яц.
– Хьо хьер-м ца яьлла, нах болчахь ма дийцалахь и саннарг. Суна цкъа а хезна хIума дац-кх аттана коч евза бохург, – бета дуьхьал куьг а дуьллуш, елаелира Маржан.
Майдата дегабаамбиначух тера дара, ша дуьйцург харцдича:
– Хьаьжи-цIахь дешначу Къор1анора, суна дукха ма хезна баккхийчара дуьйцуш цул инзаречу хьайбанийн амалех лаьцна а. Эцца Iаш йолчу БайIелаг1еран йоккхачу стаге хатта-кх, хьо ца тешахь. Цо, шен бара бохуш, буьйцуш хезна-кх суна, цхьа тиша коч юьйхича бен, юххе ца вуьтуш етт.
– Бакъ дуй-те?!
– Цхьа ког коша бахначу хенахь цуо хIунда дуьйцу доцург.
Маржан тийшира, «Инзаре а, исбаьхьа а кхоьллина Дала массо хIума», - коьрте а догIуш. Шех хIара тешар хааделча, хабар кхин а дIадаьхьира Майдата.
– Дуьйцуш ярий со-м: обанах лаьцна дерг д1ахьулдийр ду ахь. ХIуманна шек а йоцуш, лечкъина божал чу яхначу хьан кхинна хила деззарг хир ду.
Лулахочуьнга ладоьгIуш Iачу Маржанан, самукъадаьлла, бIаьргаш къегаш бара.
– Иштта делахь, Делан дуьхьа, ма дика дагадеана хIума ду и дан-м, хIай! Мах ца къуьйсуш, и етт схьаоьцур бар-кха ас.
– Иштта и хIунда дац?! Хаза дуьйцу ахь дийца-м!!! Со кхана хьажа-хIотта цIа гIур ю аьлла ю. Ас дIахьедийр ду хьуна Дешига хьо етт безаш хилар.
– Доккха гIуллакх дора ахь, Медни, ледар ма хилалахь.
Хьешана тIаьхьайоллушехь Маржана дIакхийса схьаэцна нехаш, мохана дуьхьал ластийна хиларна, кхаьршинна тIе а етталуш, дIасаяьржира. Чкъоьргех зIакарш йиттина дIасаяхара, уьш хIуш ду моьттуш тIехьаьлхина котамаш.
Юрт буьйсано хьаьшна хан елахь а, набаран суй ца балора хиндолчуьнан суьрто шовкхе яьккхинчу Маржане. Сахуьллуш набозийначу кхунна гIан-набарха дуьхьалтесира: ша етт а эцна, цул т1аьхьа божал чуйогIу кхин ларъеш Iаш. Хьиэн ца луш, ведар карахь гучуйолу важа. Божал чуяьллачул тIаьхьа масех минот а ялале, урам а Iадош, мохь болу. Баьллачу маьхьарна орцахбовлу лулахой. Схьакхочу марнана. ХIинца дерриге а шен-шен метта дIахIутту. Кхуьнца хIинццалц лелийна харцо мацца яьлла а дIаер йолуш хилла. ХIокхул тIаьхьа кхуьнан хамабан дезар ду марзахойн, хIара ехар йолуш зуда яц боху хабарш а дита дезар ду. Марненан «хьоме» несо лечкъош хилла шура хIинца массарна а гучуели. Шайна къинтIерадовлар доьху марнанас а, марвешин зудчо а. Маржана цаьрга, ша хIинца мукъна а Iадйита, олу.
– КIезга са-м ца дитти кху мискано, – гулбеллачарна юкъахь иштта аьллачунна биснарш а тIетов.
Оцу гIовгIанна юккъехула цхьанхьара леташ жIаьла хеза, цул тIаьхьа – берийн диэлар. Маржан ц1еххьана самаоьккху. Кор дIа а доьллий, урамехь жIаьлица ловзу бераш, царна неIалт а кхайкхош, д1алохку. Берийн маьхьарша самаяьккхинехь а, герггарчу хенахь ша дан дагалаьцначо ойла хьаьстина яра хIара.
Маржан хIума кхаьллина а, садаьIна а ялале, суьйренга лестира де. Анайист ц1ий а еш, лахбеллера малх. ЦIа оьхучу бежнийн 1ехар дара урамашкахь хезаш. Балхара чукхаьчначу майрачунна селхана йиначу чорпин кад хьалха а хIоттийна, ша лулахочунна тIедиллиначун жамI муха хилла хьажа яхара Маржан.
– Дукха хан яц со чукхаьчна, Деши йолчу а кхийтира цIа йоггIушехь, – яйтIера чопа схьаэца хIоьттира Майдат. Лулахо зуьйш санна, сих ца дора цо ша деана жоп.
– ТIаккха? – леррина ладоьгIура кхуо.
– Кхаа эзар туьманах дIалур бу ша, боху.
– Ахь хIун дуьйцу!? Цу ахчанах-м суна, дика лехча, ши етт а богIур ма бу!
– Дера богIур бац и саннарг-м. Хьуна дицделла, и етт хIунда оьшу а, и муха амал йолуш бу а?!
Ойла йича, и нийса дара. Кхуо цхьа Iалашо йолуш оьцуш бара и, ткъа цуьнан инзаре амал и Iалашо кхочушъян оьшура. Цул сов, мах а ца къуьйсуш, оьцур бу ма аьллера и санна болу етт. Кхин башха шеконашка а ца оьхуш, етт схьабало сацамбира Маржана.
Ша бежана эца дагахь юй хуучу майрачуьнга дIахьедира, кхана етт схьабало ша йоьдуш хилар. Ткъа мах оццул лакхара етт шурина дика болу дела бу аьлла, кхетийра. Жима волуш цомгаш лаьттича санна дег1ахь волу Маржанан цIийнда резахилира, шен карахь хIума и дацахь а.
Дийнна шарахь а ца йилхинера, кху буса санна, комаьрша стигал. Iуьйре екхна хиларе сатесначу Маржанан бат оллаелира, тхов тIе деттало догIа хезча. ХIетте а, мало ца еш, тIе хIума а юьйхина, кога ши кало а туьйдина араелира хIара.
Маржане гIоьрттуш хан лур яра, тIехьаьжча, аттана, ткъа дегIана, кхуьнан цIийнда санна, нисбелла бара. Амма коьртаниг и дацара: хIума алсамо яийчхьана, дилхала богIур бу. Шен даьхни божал чу дIа а тесна, Iаьржачу т1оьрмиг чуьра бедар хьалаяьккхира кхуо. Модашна къарзъелла и леррина хьоьжуш теллиначул тIаьхьа, йиттина хIума дIаолла тесначу серана тIе кхоьссира. Оцу хенахь догIа дIатийна, схьакъедаш бара малх. Кертара дезарш луьстуш, куьйгаш Iиттинчул тIаьхьа, ша хьалатесна йитина оба дагараяьлла, чуяхара Маржан. Ткъа стигал, Iаржъеллачул тIаьхьа, юха а тIеелха йолаелира. Кхин лама дуьйна ларйир ю ша аьлла, сацам хилира цуьнан, хIун ду, муха ду теллинчул тIаьхьа бен, ша дийриг дан хIуттур яц иза, кхунна йовзарехь. Кхана атте хьовса богIур болу марзахой дагахь бохкуш дIатийра хIара.
Буса доладеллачу догIано цIанйина, цул тIаьхьа хьаькхначу мохо якъийна, малхо къагийна кхозуш яра Маржанан оба Iуьйрана. Бедаршна тIехула, барзакъ санна, иза тIе а кхоьллина, ведар ца дицдеш, божал чу елира хIара. Бежанна аьтту агIор тIеяхна, хьосту кеп а ялош, охьалахъелира. Нох дохуш лаьтта етт, раз схьахьаьжна, хьожа яха хIоьттира. Юьхьанца, резабоцуш санна, доккха садоьIуш хилла иза, миэлла а дIатийра. СапаргIатдаьлла хIара, лоха гIант делхош, етт оза йолаелира. Цкъа-шозза а ластийначу цIоганна резайоцуш Iен Маржан хуьлучух кхетале, ах агIо а лоцуш схьатоьхначу аьттан мийрано д1аластийра. Нийсса аркъал охьайоьжначу кхунна хIара доллу дуьне шена тIе дазделла моьттура. Ведар чуьра шура божал мел ду Iаьннера. Букъа кIелахь цхьа кIеда хIума хааелира кхунна, и хIун ю-те аьлла коьрте иккхича, кийрара ма-боллу мохь хьаькхира. Дукха догдатIарна, лазар дIадаьллера.
– Ва Дела, орцахвала!!! – и цIогIа къорачунна а хезар дара. Букъа тIехь Iуьллучу кхуо, чхьаьвриго санна, тIамарш хьоькхура, дегIа тIе нисъяла гIерташ. Цхьа куьг букъа тIехьа гIортийна, хьалаайаелла хIара, кхошна тIехь ши куьг дIашершина, берталнехьа охьаюьйжира.
– Вай, нана ма яла хьан, Маржан! – олуш хезча, кийра сийна цIе елира Маржанна. И аз кхунна эзарнашна юкъахь а ма дика девзар дара. Марнана иштта шена тIекхаьчна цахуьлийтарг, ша елла хуьлуьйтур яра кхуо. Корта хьала а айбина неIарехьа дIахьаьжча, лаьтташ ерг иза яра – марнана. Хьаьж тIера дуьйна охьаIийдалучу цIуно, бага а кхаьчна, легаш къахьдинера. Кхунна хIара дахар а, доллу Дуьне а къахьделлера. Ламаз карахь хилийта лаар, Маржанах къахетар а цхьаьна 1ийна йоккха стаг лелла ялале, лулахой а кхечира орцах. Царна юкъахь Маржанан кхин а яра…
БIешарал а дахделла де суьйренга лестира, дегI лазарна кхуо «ахI» деш, тIехъелира буьйса.
Дика садаьржина а дацара, Маржан тIома кIела оба а йоьллина ша етт эцна Деши йолчу йоьдуш. ХIара гича, бос а баьхьна йисира Деши.
– Хьо ма дика еа, Маржан, марша а йогIийла! – кхечуьнан озаца луьйш санна хеталора иза.
– Ахь суна боьттина пуьташ-м ца боьттина дика!
– Со хьох кхеташ яц…
– ХIара оба юьйхина юххе вахначунна мийра ца туху, – кхоьссина оба схьаяийтира Маржана, – ткъа йоцушверг хIаллакво аьлла, ца боьхкинера ахь суна и етт?
– И иштта ду…
– ТIаккха, и барзакъ дуьйхина, юххе яхча, енза хIунда йити со цу дакъаделлачу шайтIано?
Цхьа ц1оцкъам ирхдоьдуш, охьакхевдина, шен когаш к1елара бедар хьалаийцира Дешис, леррина хьаьжна:
– Йиттина-кх ахь хIара!? – элира.
– Дера ца йиттина-кх! (Юьтту аьлла, кхуо и хьайина а яцара).
– ТIаккха цIена хIунда ю хIара?
– Сийсара тидамза арахь йисина, тIе догIа деъна дера ю-кх.
– Суна хаа-м, хьаха, хаьара. ХIокхунна тIехь коьртаниг хьожа ма яра. Хьожанца ма евзара цу аттана хIусамнана.
– Уьш хIун хабарш ю ахь суна хIинца юьйцурш, ерриге юьртана хьалха юьхьIаьржа ма хIоттий ахь со?!
– Хьуо ца тешахь, со евзачуьнга хьаьнгга а хаттахьа, ас дуьйцург бакъ ду я дац алий!
Ша буьттурш аьшпаш хилча, оццул майра къамел дан хIара хIуттур ма яцара аьлла, ойла хилира кхуьнан.
– Хоттур ду, суна и хуур ду. Ахь со лейинехь, хьо дохкоер ю.
– Маржан, сих ма лол хьо-м. И оба божалан хьожанах йоллалц, ларлуш хила, цул тIаьхьа кхерам бац. КхидIа ас ма-бохху ларъе хьайн бедар.
Ша лейина цахиларх тешна, мелла а бала байбелла, сарахь Майдате хоттур ду аьлла, цIа яхара Маржан.
Байчу мохо бIаьстенан Iалам хьоьстуш, аьхна еънера суьйре. ТIаьххьарчу хенахь тIеIиттабеллачу хиламаша корта хьеребина Маржан лулахочух дагаяла яхара.
– Чохь буй-те хIара нах?! – ша-шега луьйчуха керта а яьлла, неIаре елира хIара. Кху хIусамехь хьаша волу сурт дара, дика тIечIагIаза йисначу неIарехула схьахезара къамел :
– И даьIахкаш цу мехах сайн кочара евр ю моьттуш яцара хьуна со – луьйш йолчу Дешин аз девзира кхунна.
– И хIуманнах шек ца яьлчахьана... – и аз Маржанан дара.
– Вайшимма ца аьлчахьана, хуур дацара цунна-м. Декхар тIерадели суна. ХIан, дIаэца, хIара хьан дакъа ду хьуна. Оцу аьттан ца моьттучу кепара мах хили.
– Мах-м аьттан ца хили, мах обан хили, - аьлла, бийлабелира зударий.
Маржан кхийтира шена тешнабехк бина хиларх. Меллаша неI схьайиллина, хIара чоьхьаяьлча, цу чохь хIоьттинарг цхьанне а тIе ма догIийла. ТIаьхьа оба а лестош, инзаре-тамашийна амал йолу етт лаьллина юхабигира. Ткъа кхуьнан ахча гурахь а схьадерзаза дара. Ша леяр, атто мийра тоьхна йина чов а йицлора, луур даьлла Iаш хирйолу шен кхин дагаеъча. Цул т1аьхьа етт эца ойла ца хилира Маржанан.
Свидетельство о публикации №215052201214