Лулахой

Тхан лулахь баха керла доьзал беача, со жима яра. Дахар шатайпанчу басаршца гора хIетахь. Суна хазахетара Iуьйрана балха йоьдучу къоначу зудчо урамновкъахь яьккхина IатIаран хьожа. Суна хазахетара цуьнан жима йовлакх тиллина охьахецна, йоца хедийна хьаьрса месаш, гуттар а лекхачу кIажи тIехь цо лело туфлеш. Цкъа а кIордор дацара аьлла хетара цуьнга хьежа.
– Дера яц иза а зуда хуьлучу тайпанах, цуьнан хатIе хьаьжча а гуш ду, ша йисахь, и кIант хIаллаквийр волуш ю, – олура денанас, кетIа яьллачу тхойшинна иза тIехъяьлча, – Цуьнан дейижарий а бу, бах, и санна айгIарш, – тIе а тухуш.
И зуда тхан юьртара яцара, дейижарех дерг цхьанхьа хезнера йоккхачу стагана. Даим сихдина болар долуш, эг1азчу дегIахь волу керла лулахо  кетIа-новкъа ваьллачуьнга вистцахуьлуш цкъа а тIех ца волу аьлла гIараваьллера. Иза цуьнан зудчух аьндоцург дара.
Кхиъна йогIуш хаза йоI яра сан шича. Цхьана сарахь шеца цо со хи тIе юьгуш, керла лулахо кхийтира тхох. Некъан бахалла цуьнга дагара дийцира лулахочо. Суна дерриг къамел дага ца догIу, я ас лерина ла а ца дуьйгIира, амма гуттаренна а сан даг чохь дисинарг:
– Сайн майрачуьнга иза везаш еана ма яц со, цо ядийна ма ю. Я хIинца а яц иза везаш Iаш.
Цунах къахеттачу шичас сихха хаьттира:
– ЦIа хIунда ца йоьду хьо?
– Вежарех цаяхьарна ца йоьду-кх. Кхин даьлла хIума а доцуш, могуьйтур дац суна цара. ДIаяха бахьана далахьара-м, Iийр яцара…
Зудий, майрий сарахь чудирзинчу хIусамера схьахезачу девнех лулахой юьхьанца цецбийлинехь а, тIаьхьо, уьш иштта хила дезаш санна, боьллера. Iуьйрана балха боьлхуш цкъа а цхьаьна ара ца долура и шиъ, тIаьхьий-хьалхий бен.
Лекхачу туфлеш тIехь Iуьйрана балха йоьду, сарахь цIа йогIу лулахо ас тергалъешшехь, гIенах санна тIехтилира аьхкенан хан.
Гурахь, цхьана Iуьйрана, луларчу кертара хIусамдена ца карийра шен цIийнан нана. Стенна делахь а, зудчо диначух цецбевлларш дукха ца карийра. Наха шайна хета-хетарехь дуьйцура цунах. Кегийчара, шега ца йогIу зуда ялийна охьахиъна дела, хила деззарг хилла олура. Ткъа къаноша, ша дуьненахь декъала хилча ца хууш зударий хуьлу, дакъазбовла хьаьхна зударий бу ишттаниш, олура. Зуда дIаяхана висина стаг а, хьиэн а ца луш, дIавахара, наха дийцарехь, шен нана ехачу керта.
Цул тIаьхьа дикка хан яьллера. Суна кест-кестта дагабогIура тхайн хилла лулахой. Стага-м, цхьаъ дIайохуьйтуш, кхин ялош, масех зуда ялийна бохуш, дуьйцура, ткъа йоца хедийна хьаьрса месаш йолчу зудчух цхьаммо а дош олуш ца хезнера суна.
Дехьарчу юьртахь марехь йолу ненан йиша йолчу хьошалгIа яхана, цIа ян араяьлла лаьтташ яра со. РогIера гIала йоьду автобус, стенна делахь а, хьееллера цу дийнахь. Геннара дуьйна тидам хилира сан суо лаьттачу социйле догIучу зудчун а, стеган а. Стагал цхьа гIулч тIаьхьайогIу зуда шен духарца а цхьаьна хьеннан а бIаьрг шена тIехь соцур болуш, куц-кеп долуш гора. Генара дуьйна а къаьстара иза езаеш хилар. Къамел хезаш дацахь а, цаьршимма цхьаъ къуьйсу сурт дара гушдерг. Иза стаге дIа а ца хьожура, хьаьжа юккъе шад гулбина, батт сеттош, цхьаъ дийцар бен. Герга мел кхочу а бIаьстенан аьхначу махо, хIаваэхь дешнаш даржош, аз схьакхоьхьура. Стага, леррина цуьнга а хьожуш, чIогIачу озаца цхьаъ олура. Човхийна зуда, корта раз а берзош, ша-шега луьйш санна, цхьаъ дуьйцуш, балдаш меттахъхьедан йолалора.
Шаьш схьаькхаьчча, багахь ден гIам-гIим сацош, юьстахо дIахIоьттира иза, ткъа стаг, машен лаца дагахь, некъан йистехь сецира. ХIетахь тхан лулахь Iаш йолчу хенахь ма-хиллара, хедийна яра хьаьрса месаш. Юьхь тIера мелла а къанъелла ала мегар дара, хIетте а комаьрша хьаьрчинера цунах хазалла. Суна дагатесира иза, цо, хIетахь хиллачу майрачуьнца ирс доцуш ю ша бохуш, леткъамаш бар. Ткъа хIинца ярий-те иза ирсе?
Церан доьзалан сурт хIотто хьаьжира со. Мел чIогIа коьртана ницкъбарх а, нис ца лора иза. Соьга сурт ца хIотталора: и зуда бер карахь цIийндена юург кечъеш, хIума юьттуш я, елаелла-екхаелла, оьшучохь цуьнан дог оьцуш. 
Ларамза тидам хилира сан: зуда йолчу агIорхьа цуьнан некъахо хьожуш цуьнан бIаьргаш чохь хаалуш безам бара. ХIунда дара а ца хаьа, къахийтира суна цу стагах. Декъаза хийтира и зуда еза стаг.
ГIенах санна дара, царех ойла ечу суна кIайн Волга сацош гар.
– ГIала кхочий хьо? –  аьлла, хаттар а
– Кхочу, – аьлла, жоп хазар а,
Сан ойланаша схьалаьцнарг деккъа оцу зудчун дахаран гIаларт дара. Суна дагадаьхкира хIетахь баккхийчара олуш хезна дешнаш:
– Ша дуьненахь декъала хиллий цахуучу зударех ю дакъазаяла хьаьхнарг.
И дешнаш шена ца хезнехь а, церан маьIна ца хаахь а, оцу зудчун безамах, ирсах а шен кхетам бара. Хетарехь, хIоранна а ирс бес-бесарчу басаршца го хир ду-кх.
Юьртара араболучу новкъахь жимлуш дIаяйначу машенна тIаьхьа хьоьжуш латта йисина со а, кхин дукха ца Iаш автобус схьаеъна, дIаяхара. Йоца хедийна хьаьрса месаш йолу зуда суна кхин ца гира. Доца хиндолчух тера дара цуьнан рогIера «ирс» а.
I3.04.08.


Рецензии