Дахаран денош

– Йо1, Сану йолчу г1ур яра вайшиъ! Цаяьллачу денца бен, цхьанне а т1е йоьдийла ца хуьлуш, убар санна, цхьаъ ша ехаш ю иза. Цхьа хан д1аяьлча, х1окху дег1о даге ла ца дуг1у, некъа-новкъахь лела могашалла ца тоьа. Тхан нанна т1ера саг1а доккхуьйтучохь гичахьана а, вовшийн гина а яц тхойшиъ. Х1етахь а яг1ахьара бохуш яра иза. Хьо карарчу хенахь ц1ахь хилча, яхана, кертара цхьацца к1езиг-мезиг, вайшиннан ницкъ кхочу дезарш луьстуш,  накъосталла дина, йог1ур ма яра вайшиъ, –  элира хьоьга денанас.
Ахь шен хаттарна жоп дала хьем бича:
– Хьо ма ойланашка ели?! Айхьа д1аяхийтинарг кхана юхаяре хьоьжуш-м яц хьо? – аьлла, 1оттар йира.
– Яц со-м цхьа а варе хьоьжуш.
– Яцахь, кхана кху чуьра к1анте д1акхетайойтур ю вайшиъ. Ма г1адъяхна хьийзар ю ала ахь и пекъар!
Хьо д1айига т1аьхьаеъча: «Со, сайн ц1ийндеца юкъаметтиг галъялла ц1аеъна ю, цуьнца барт хилчахьана, юхайог1ур ю» – аьлла, ахь марден вешин зуда д1аяхийтарна резайоцуш еш яра и 1иттарш. «Ма нахана юкъахь лела ца хууш адамаш ду-кх шун, дан-м х1ай! Хьайн ненал а йоккха йолчу цуьнан юьхь ян а, цунна т1аьхьах1отта а декхар ма дара хьо», – бохуш, луьйш д1асахьийзира иза.
Ткъа хьо муха йоьду марден вешин зудчуьнца д1а, иза, шен не1 д1а а ч1аьг1на, шен доьзалца чуйоьрзур ю, ткъа хьо – хьайн х1усамдеца. Цуьнца йолу юкъаметтиг ма ю дуьххьара тоъян езарг, аьлла хета-кх хьуна. Хьан ц1ийндеца 1ан ма деза, марден вешин зудчуьнца 1ан ма ца еза.
Герггарчу хенахь кхочушхиларе сатуьйсуш ахь ларбечу хиламашна юкъа ца дог1ура цхьанххьа а хьошалг1а х1иттар. Мичахь ду а ца хуучу цхьана «къаххашка» а яхна, ц1е йоцу г1уллакхаш луьстуш, эрна яйъа хан яцара! Тахана-кхана, хьан ц1ийнда ма вара: «Ахь бахахь, стиглара баьккхина седа а бохьур бара, ц1аяг1ахьара хьо!» – бохуш, дехаршца кет1а х1итта везаш. Т1аккха хьо, кхул т1аьхьа айхьа боххург хир ду аьлла, цуьнгара дош а даьккхина, д1аяха езаш яра. Амма бабина хила дезарг хаа а, я хьан дагахь дерг деша а ницкъ ца беллера Дала. Ткъа шега аьлча: «Зуда ц1ийнден 1индаг1 хилла лела еза», –  олуш йолу иза, кхетар яцара. Цуьнан  цхьа кхин хьежам бара дахаре. Баккхий нах, оцу цхьадолчу х1уманех ца кхета, къанвеллачун хьекъал лахло хир ду аьлла а хетара хьуна.
Марера ц1а-м хьо дуьххьара йог1уш а, я дуьххьара яхначуьра йог1уш а яцара. Дуьххьара а, шозлаг1а а дика хьуо царна а, хьайна уьш а бовзале, хьо ц1аеъча:
– Ца оьшу ц1еяр хили, маре ца нисдели кху мискана. Рицкъанаш ца хиларна, хир дара и дан-м! – аьлла, хьан марзахой лаьттинарш бехкебина, хьох дог лезна, 1ад1ийра гергара нах. Амма кхозлаг1а, жима бер а дуьтуш, ийг1ина еъна аьлла, хьо чоьхьаяьлча дуьйна, яххьаш кхохкийна гора массеран а, х1унда аьлча, царна ца хаъара, дуьххьара а, шозлаг1а а санна, ц1ахь саца дагахь бина некъ х1ара боций, кху некъан 1алашо кхин яра: ц1ийнда «кхето» ойла йолуш лелара хьо. Бахьана иштта дара: хьо реза йоцуш х1уманаш дуьйлура цуьнгара т1аьххьарчу хенахь; яхначара оццу хенахь, я х1оккху хенахь ц1ахь хила бохуш, цхьа а маь1на доцу дозанаш деттара-кх. Т1аьххьара цу т1ехула дош-дашера даьлча, цхьаьнгге а дош ца олуш, ц1аеанера хьо. Амма тешна яра, цхьа-ши де а далале, юхайола бохуш, ц1ийнда дехаршка вериг хиларх. Цхьаннех а дага ца яьллера, айхьа юьхьарлаьцнарг къобал дийр доций хууш.
«И дерриге а юкъахдиса йиш ма яц!» - бохучу ойланца, мотт кхаьллича санна йисира хьо, хьайна цхьанххьа а ян ца лаьий д1ахаийта дешнаш а ца карийна.
Ваха-ван д1ах1отта соцунг1а а йоцуш, я наггахь б1аьрг кхеташ еа чкъурга т1ехь йог1уш-йоьдуш х1ума йоцуш: «лаххара а, б1е шо хьалха кхузахь гушъерш санначу х1усамашкахь 1ер-дахар хилла хир ду-кх массанхьа а!» – аьлла, хьуна дагатосуьйтуш меттигаш карайо лаьмнашна гергахьа. Цигара бахархой цхьаберш – Даймехкан комаьршачу 1аламца а, дай баьхначу лаьттаца а марзо алсам хиларна, ткъа бисинарш – аьтто цахиларна, схьа ца бовлуш 1а ломара. И санначарех цхьа юрт хиллера хьан дененан йиша ехаш ерг, дечиг чу кхоьссича бен, пешо луш йовхо а йоцуш, маьхдаьттан лампанан бен, садайначул т1аьхьа гуш серло а йоцуш.
– Дера яла хьан хьайн нанас йинарг! Х1окху яккха йисна к1еззигчу хенахь, цхьацца маь11е хиъна, вовшех х1унда хьоьгу-те вайшиъ?! – аьлла, йочанаша а, йокъанаша а дакъийначу за1аран ринжанах и схьаделла дагахь, ка а тухуш, мохь туьйхира бабас, котаман к1орнешна х1ума тосуш йоллучу шен йишех шен б1аьрг кхетташехь. Маракхетча, б1аьргех даьлла хи, куьг хьаькхна д1а а доккхуш:
– Хьо-м кхочур йолуш хилла! – элира децас.
Зудчун куьг оьшу х1ума ледара дитина цахилар гуш делахь а, кху кертахь 1аш боьрша стаг цахилар ган а дацара хала, тишъелла, охьакхетта йоллу керт гича а.
– Дуьхь-дуьхьал ков долуш, яха охьахууш, ма ца моьттур-кха, къаналлехь, шера-коьртахь цкъа-шозза бен б1аьргана ган а йоцуш, лелар ю. – элира децас, дукха йоккханиг котам а кхехкийна, дина жижиг-гала дууш щу 1аш.
– Хийрачу махкахь дерг а дош ма-дацара хьуна, ма-дарра дийцича. – элира бабас.
– Жима йолуш дуьйна хилла ирс бен, хир дарий вайшиннан: бераллехь дех а, ненах а хьийги, ткъа къанъелча, дийна йоллушехь вовшех хьоьгуш еха.
– Дала декъалбе уьш! Ма ловр дацара цара, вайшиннан декъаза кхоллам бовза шаьш схьабелахьара.
– Дависа кху дуьненан, ма ч1ог1а хьаьгна ю-кх со, уьш д1абоьхкинчу кешнашка а яхна, мохь туххуш цкъа елха. Чарташ дог1а ницкъ а ца кхечира, церан метта йоьг1на дечкаш а яхкаелла д1аевлла хир ю.
Шу иштта дистхуьлуш 1аш, дийно шен чаккхенга боьду некъ юьхьарлаьцнера. Хьан денана д1аяха новкъаяла тохаелча, малх къайлабала йоккха хан ца йисинера.
– Вайшиъ, буьйса йоккхуш соцур ю аьлла ца еанера? – хаьттира ахь.
– Хьо саца, ткъа со, лоьрана т1еяхна, схьайог1ур ю. Х1окху энаша ч1ог1а хьийзош ю со, цкъа лоьрана ца гайтахь. Сану, кху йо1а оьшучохь накъосталла дийр ду хьуна.
– Г1уо, Дала некъ тобойла! – аьлла, 1одика йира йишас.
Ткъа хьо, хи чохь б1аьргаш д1абиллича санна, хуьлуш долчух ца кхеташ, лаьтташ яра. Кхин хьо метта яле, хьан бабас т1аьхьахьехна машен йоккхачу стагца цхьаьна къайлаелира.
Чоь а, юьжу мотт а хийцарна, наб ца кхеташ, дуьххьара буьйса юкъал т1ехъелира хьуна.
– Самаяла, йо1, кхуьур яц вайшиъ, – аьлла децин аз лере деача, сай-бодий къаьста хан яра. Юьхьанца г1енаха хезаш санна хийтира суна.
– Мича кхуьур яц? – хаьттира ахь.
– Жиэ...
– Мича-а? – хьан наб оцу дашо яйъира.
–Х1инццалц сан марзахойх ларалуш волу и цхьа бакъахьа жимха воьдура сан меттана, дехьо ши ц1а дитча 1аш волу. Иза могаш воцуш хилла. Церан к1ант жима велахь а, д1аса вада дезачохь оьшур ву, иза а вуьгур ву. Хьала а г1аттий, ламаз оьцуш х1ума де, – аьлла, араелира иза. Ткъа хьо, хьайн шина лергах а ца тешаш йисира, кхоччуш цуьнан сурт х1отто,  жа дажа до бохург х1ун ду а ца хууш.
Хьайн дахарехь дуьххьара, жа дажийра ахь.
– Деца, хьо, ц1а г1ой, сада1ий йолахьа, – элира ахь, малх г1ушлакхе баьлла, де дохделча, г1елъелла хир ю-кх иза, аьлла.
– Ас-м, х1окха 1аламца мелхо а садо1у, ламаз эца аьтто а кхузахь бу, вайна делкъеян х1ума а ас схьаэцна.
Хьан дахарехь и санна деха деъна де дага ца дог1у хьуна. Сарахь чукхочур ю моьттуш а яцара, дукха к1адъяларна, когашна бухара латта уьдуш санна хеталора. Инзара х1ума дара: малхаца г1еттина, бода т1**** боллалц жа дажош лелла, чоьхьаяьлла йоккха стаг, и ша нускалан хенахь жима зуда санна хьийзара, юучунна г1айг1а беш.
– Хьо хьайна т1ера ченашций баьрче ма яьлла! Д1аяло, т1е ц1ена х1ума юхуш, х1ума де, – аьлла, охьахаа х1оттийначу маьнги т1ера, дог1а деанчу арара чудеъна, боьха когашца хьаладаьлла цициг санна, эккхийра хьо.
Т1аьхьара пхьег1а – х1ума д1аяьккхина, парг1атъяьлча, мотт-г1айба хийцина хилар бен а доцуш, д1атаь11ашехь наб кхийтира хьуна.
– Ванах, хьо х1инца а хьалаг1аттаза ю?! – хьо т1аьхьа ца кхуьура и аз хьаьнга луьйш ду. Б1аьрнег1арш хьалаайа хьаьжча селхана санна 1уьйре а яра, маьнгина т1ех1оьттина лаьтташ хьан деца а яра.
– Х1ун хилла? – иза хьан аз дара.
– Тахана п1ераскан де ду, кешнашка а яхана, эшахь – барз ц1анбер, хьен ца луш схьайог1у вайшиъ.
Хьуна ца лаьара цхьанххьа а яха, кешнашка вахар а, баьрзнаш ц1андар а баккхийчу нехан г1уллакх хетара.
– Суна хуур дац. Ас цкъа а ца ц1анбина кошан барз, – хьуо ц1ахь йитаре сатесна, элира ахь.
– И-м хаа хала х1ума дацара, цкъа хьаьжчахьана 1емар долуш ду.
Цу дешнашна дуьхьало еш х1ун эр дара?! Х1умма а эр дацар-кха, цундела, хьалаг1еттина, кешнашка яха кечамбан х1оьттира хьо.
Г1аш ваха дикка генахь хиллера кешнаш. До1а а дина, бисмалла доккхуш керта йоллушехь:
– Нана яла шун! Со еллехь ца мегара шун меттана!!! Далла дика хаьа-кх… – дийначаьрга санна, шен берашка лен елира иза. Керта ваьлча гена доццуш, могг1ара биъ барз бара, кегий чарташ а доьг1на, ткъа т1аьххьара веллачу к1ентаниг г1еххьа дехьо хиллера.
– Шу-м ас ледара дуьтур дацара, оцу шийлачу махкахь бисинарш хир бу-кх, т1еван стаг воцуш, къухана хьулбелла 1аш. Къинт1ера довлалаш. Могашалла елахьара, цкъа мукъана а шуна т1ех1оьттина йог1ур ма яра со. Дала ялсаманин хьеший дойла шух! Дала гечдойла массо а бусалбанна! Со д1аяьлча, ма ледара дуьсур ду-кх шу, да-нана доцчу доьзалех терра, баьрзнаш хьулделла, – шен доьзалхойн х1ора барзана т1е х1уттуш, до1анца мел кхайкхийна, охьаоьху б1аьрхиш а ца сецош, баьрзнаш т1е яьлла буц д1аяккха х1оьттира иза.
Х1оккхузехь чекхдолу-кх массо х1ума аьлла, ойла йира ахь, безамаш – цабезамаш а, оьг1азлонаш, цкъа мацах вай дага а деш хьалхара лихкина къийсамаш. Х1окху керта кхаьчначух 1еба-кх мел къиза мостаг1 а, кхуза кхача веза-кх догдоцург шена къинт1ера ваккха а.
– Сайн оьг1азло эшийна, къинт1ера елира со цунна иза еллачул т1аьхьа, – элир-кха Банус къона-къанъяллалц шеца цхьаьна лулахь яьхначу йоккха стагана. Керта йистера латта къевсина хиллера цо мацах цкъа кхаьрца. Дийна йолуш дуьйна, дохкояьлла, х1ара къинт1ера йохуш лелла а ма хиллера иза:
– К1адбоцурш ду х1ара дуьненан х1уманаш, дера ду! – бохуш.
Дагна ч1ог1ачу кхуьнгара дийна йолуш кхин ца хезира цунна ша сатуьйсуш ладег1на дешнаш. Стаг велча олуш дерг, иза дийна волуш х1унда кхоадо-те?!
Доккха дарж ду-кх ненехь дерг хьайн яларан баланал а беза хуьлу-кх хьуна бухабуьсучу доьзалан бала. Лазаро метта йожийначу ненан багара дуьххьара довлу дешнаш: «Суна цхьаъ хилахь, шун дола хьан дийр ду-те? Шух х1ун хир ду-те?» - хуьлу-кх. Хьайн доьзалхо дуьхьалх1оьттира хьуна, яаза меца лела-те, я цамогуш воьжна 1уьллу-те?! К1ира а дац-кх ахь цуьнан ага техкийна,  наб кхета ца туьгуш, боьлу б1аьргаш хьоьга а хьежош. Муха хилира хьо а ца кхеташ, охьатаь1на, шен г1уллакх деш йоллучу децина т1е а кхетта, йилхира хьо, хьоьца иза а. Шуьшиъ йилхира, х1ора шен-шен сингаттамна, юха вовшийн сингаттамаш боькъуш. Цул т1аьхьа, ахь г1о а деш, д1ац1андира баьрзнаш. Цкъа хьалха буц д1а а яьккхина, т1ера латта охьахьаькхира, юкъара йокх-йоккха орам-х1ума д1а а йоккхуш:
– Х1окху барза т1ера охьахьаькхна латта цхьа цинц а хьала ца хьокхуш дита ца мега хьуна, дика хьалахьакхалахь, – цо а бохуш, делкъа – ламазан хан хилале яьлла, ц1а яхара шуьшиъ.
Доьалг1а де дара хьо кху тийначу юьртахь йолу, ткъа баба х1инца а гучаялаза яра. Хьайн доьзалхочунна хьийза са лечкъош 1ара хьо, т1аьххьарчу берах а яьлла лелачу кху йоккхачу стагана хьалха яхь д1а ца яла.
– Х1ара кир карла ца баьккхича, сингаттаме хета суна х1усам, – ц1енна хьакха кир кечбеш йоллура шуьшиъ.
– Цхьацца куьйгаш 1уьттуш, де д1адолу-кх, сецна 1аш хилча, коьрте оьхучу ойланаша со хьераяьккхина хир яра, дег1 г1елделча, наб а дика ма кхета. Цхьалхачу стагана 1аьржачу буьйсано маршалла хаттар а хала х1ума хилла. Дера, берийн бераш лелош 1ан хан ма яра хьуна сан ян-м. Делахь а, Делаца къийса х1умма а дац-кх!
Х1ара керт езаш ву сан марзахойх масийтта а, амма ас цхьаннен а ц1е ца туху. Шений-шений х1ара латта дитаре сатуьйсуш, цара массара а доладо сан, – яйн елаелира иза. – Иштта ду-кх адам, хьоьгара яла х1ума яцахь, цхьанне а ца оьшу. Дика ду-кх сан кхин боккха бахам боцуш, со дийна хилар дицделла цара иза къийса болийча, х1ун дийр дара-те ас?!
Буьйса юкъал т1ехъялла хан яра, цхьана узамо хьо самаяьккхича. Дуьненна боьлху б1аьргаш хьан маьнга лаьттачу чоьнна цхьа пен дехьахь бара. Хиллачух ца кхеташ т1екхийтира хьо.
– Х1ун хилла хьуна?  – мохь а тухуш.
– Тешнабехк хилла-кх суна. Тешнабехк, – жоп делира цо.
– Хьан бина хьуна тешнабехк?
– Дахаро! Хаамбар доцуш къайла дели-кх иза. Стеган оьмар м1аьргоннал зама хилла-кх. Б1аьрнег1ар тухучу юкъана т1ехйолуш. Х1инцца дар-кха, вовшашка забарш еш, кха т1ехь доллучу дена-нанна со гонах хьийзаш. Селхана санна дар-кха иза: «Йоккха стаг, хьо кхин каде яцахь, цхьа нускал ца доссийча дер дац хьуна», - тхан дас а бохуш.  Цхьа а шайт1аналлаш доцчу вукхо сихо йора ша дечу г1уллакхан. Оцу дешнашца юьхь а кхулуш: «Хьайна езахь ялор ю-кх ахь!» - бохуш, багахь цхьацца г1ам-г1им а деш. Соьга хичаш еш корта а ластабой: «Д1аяла, хьо-м, хьайна лиича, т1ахъаьлла ц1ийннана ю!» - олий, б1аьрг та1абора цо. Ша хьийзош хиларх кхетча: «Д1авалахьа, деллахьа», - олий, дехьа йолура Дала декъалаярг, тхан нана.  Мел ойла ярах а, сайн дахарехь цул ирсе еъна зама дага ца йог1у суна. Да-нана д1адаьлча дуу дуьне а кхин ма хилла. Доккха х1ума х1ун ду хаьи хьуна? Да-нана делла, ваша а, ц1ийнда а, ворх1 доьзалхо а – уьш массо боцуш бу х1инца, амма суна х1етте а яха лаьа-кх, яла ца лаьа.
– Хьо х1унда леш ю, дала-м кхуьур дара вай, – цуьнан дог тедан кхин дешнаш ца карош, йоьхна элира ахь.
– Сайн лулахочо 1усас аьлларг дагадеа-кх суна. Тезетара вог1уш вара иза: «Ма г1ийла тезет хир ду-кх сан. Тахана кхийти-кх со», - элира цо. Веа к1ентан дас иштта аьлча, со ца кхийтира. «Х1унда?» - хаьттира ас. «Дера хир ду, мохь туххуш, т1аьхьаелха йо1 йоцу дела. Б1аьргаш т1ундинарш-м хирг хир бу шортта, амма, со тезетара вог1учу хьенехан санна, даггара йоьлхуш йо1-м хезар яц цхьанне а, тахханалц цуьнан эшам хаа ца беллера суна», - элира цо. Ша везарш, дуьненан марзо эцначул т1аьхьа, шена т1аьхьа белха а оьшуш хилла. Ткъа со, я т1аьхьаелха йо1 а йоцуш, я барма лаца к1ант а воцуш яла езаш ю-кх, – елхар а доцуш, цхьа парг1ат яра иза, гуш дара уьш цуо дуьххьара еш ойланаш йоций. Шен дахарехь тодала а, талха а х1умма доцчу стага санна дуьйцура цо.
– Со йоьлху ю-кх, хьо елча, мохь туххуш! – элира ахь. Иза дацара, хьуна и миска йоккха стаг яла лаьа бохург, иза хьан цунах баккъал а доглозу бохург дара.
Хьан ойланах нийса кхеттна, б1аьра а хьаьжна, б1аьргашца баркалла олуш, елаелира иза:
– Хаьа суна! Дела резахуьлда! – аьлла.
Х1ара цхьалха йоккха стаг а эцна, кхузара яда лиира хьуна. Д1а мел даьлларг дицдина, иза хьайца ирсе ехийла а, цуьнан догъэца а, цунна накъост хила а.
Гергалло дитча, х1ун башхалла яра шуьшинна юкъахь, иза а, хьо а зуда яра, цуьнан дахар маьрк1ажехь гора, ткъа хьайниг сатасар. Ворх1 беран нана, шен тезетахь хьовза цхьа доьзалхо а воцуш, ша яра. Цхьана доьзалхочун нана хьо а хьайн доьзалхочуьнца яцара. Х1ун хир ду-те хьан дахарх, цуьнан хене яхча, ткъа цуьнан дахар муха хилла хьан хенахь? Оцу ойлано цхьа цабевза сингаттам тесира хьан даг чу.
Ц1ерадохуш, хьан денана а, цуьнан йиша а пхи-ялх шо долуш хиллера, шо хан шаьшшинна юккъехь а йолуш, ткъа карара к1ант, кхеран ваша, новкъахь мацалла веллера.
– Цу буса сахила доллалц вилхира иза. Ткъа 1уьйрана, цунна набозийна бохуш, 1ийра тхо. Веллий а ца хоуьйтуш, тхан нанас шен даг т1е а та1ийна, Сибреха д1авалийра иза, къиэелла х1ума санна, новкъахь охьа ца кхоссийта, – бохуш, дуьйцура бабас сих-сиха.
Д1акхаьчна дукха хан ялале, 1ийжа кийра 1ехо кхаьллинчу бецашна юкъахь д1аьвшениг нисъелла, хьераяьлла еллера нана а. Цул т1аьхьа дестечуьнца а мерза хан ца яьккхинера. Шен кхаьршинга болчу цабезамца кечйой, кхалла а ца луш, дуьра яах1ума хьалха х1оттош хиллера кхаьршинна. Иштта, мацаллина йоьлхуш х1ара шиъ лелаш, лулара цхьана къинхетаме йоккхачу стага, бала кхаьчна хаьттича, хиънера дийнахь сарралц балхахь воллучу дена. Кхаьршинна ницкъбеш хааделла, кхул хьалха ялийнарг а д1аяхийтина хиллера кхеран дас.
– Ма дийцахьа, иза а д1айодахь, вайшинна яах1ума яла цхьа а хир ма вац. Дада ц1авеъча, дика ма хуьла иза, я яъах1ума дуьра а ца хуьлу, – бохуш, дехарш деш хиллера жимахъерг. Цу сарахь йитина д1аяхийтира кхеран шозлаг1а десте а.
1едалан к1а лардеш белхан меттиг нисъелла хиллера кхеран дена.
– Мачийн б1ег1агаш схьа а оьций, мачашна чу цхьа буй хиллал к1а а духкий, юха уьш чу нисйой, цо дохьуш хилла ялта бахьана долуш 1ожаллех девлира тхо, – олий, дуьйцура денанас. Цо и деш гиначо мотт тоьхна, т1епаза вайийтина а хилла иза.
Цул т1аьхьа, цхьаннан ницкъ кхочур бац аьлла, цхьацца ден вашас д1айигна, нехан ц1ент1е яххалц доладина кхаьршиннан. Циггахь, Сибрехь, вовшашна лула маре а яхнера, ткъа Даймахка юхабирзича, шайн ц1ийндайн дай баьхначохь, вовшашна генахь, цхьацца маь11ехь нисъелла. Иштта яьккхинера йисна хан а.
Ворх1алг1ачу дийнахь схьаеара баба. Иза гучаяьлча, елххал бен дог-ойла ца йисинера хьан. Децас нийса бохуш хиллера, кхузахь саца а сецна, ойлане ваьлла стаг хьервер ву.
– Кхана 1уьйрана новкъа ер ю вайшиъ, – хезира хьуна шаьш д1адийшале.
– Хьан х1инца кхузахь дисина х1умма а дацара, схьаялахь кхузара. Со йолчу д1аян ца мега хьо?!– юх-юха дехарш дира цуьнга цу буса бабас.
– Сан берийн кешнаш ду кхузахь диса, со яьхна х1усам а ю. Ма атта дац къанъеллачу дийнахь х1усам хийца.
– Хаьа суна. Ас-м, хьуна сагатдеш, боху.
– Со-м орцахвала стаг воцуш яцара, кху урамехь масех х1усам ю сан марзахойн доьзалш бехаш.
Цхьа а шаре ца волуш, ялх доьзалхо леш висина к1ант ши шо хьалха д1авоьллича дуьйна а шен йише ша йолча схьаяр доьхуш яра баба. И цхьаъ бен воцург а меттахь кхаьбнера, бераллехь кхеттачу цамгарх кхин г1оли ца йолуш чолакх висарна. Гуттар а х1ара т1ехьаьрчича, йог1ур ю ша олура.
Т1уо-к1алд а, цуьнца чукхоьссина кхин цхьацца х1ума йолуш т1оьрмаг юххе баьккхина, дукха 1уьйре йоьду цхьаъ бен йоцчу автобусна дуьхьал яьккхира шуьшиъ.
– Хьан доьзалх киртиг яьлча, дуу дуьне а дош дац хьуна. Ойла елахь, – элира хьоьга т1аьххьара, мара а кхеташ.
Цул т1аьхьа дукха а ца ехира иза. Хаьттинчуьнга:
– Сайн доьзалера хьал ца хиъча, 1ан а ца елла, араяьлла-кх, – бохуш, 1аржъеллачул т1аьхьа кешнашка йоьдуш гина хиллера иза ялале цхьа-ши де хьалха. Оцу сингаттамо кийра 1абош са ца доккхуьйтуш, Делан эхарта д1айирзира иза.
Хьо х1еттахь маре юха д1аяхара. Я кхин ийг1ина ц1а а ца еара. Цул т1аьхьа шортта шераш д1аихна, шина т1амах чекх йолуш дукха х1ума а гина: д1адолла дакъа карийначарех хьоьгучеран б1аьргаш а; шайн сих схьадевлла бераш совдевлла наной а, шайн са дахьа меттиг къиеъелла божарий а. Цецъяла меттигаш а к1езига бисна.
Хьан лулахочун к1ант вара иза, дас, шен дагахь, доьзалхо вочу х1уманах ларван аьлла, дов дича, ц1ийдина даш т1едеттачу г1ала вахнарг. Хьекъал ца хуьлу-кх жимчохь. «Шун доьзалхо эццехь шайца ву боху цхьана хьенеха» - аьлла, хабар деъча, т1аьхьавахнера да.
Хьо йолчу х1усамехь яр-кха иза цу дийнахь, оцу телевизар олучу яьшкано цхьа а керланиг ца хазадо-те аьлла, еана, т1еман шерашкахь хьен-хьеннан а цуьнга хьажа аьтто а ма бацара. Шен букъа т1ехь садолуш х1ума хила йиш йоцуш дерина-1овжийна гуш дара цуьнан к1ант ву аьлла хабар деана латта, цига вахна хила везаш вара к1ентан да а. Йоьхначу зудчун юьхь т1ера бос масийттаза хийцалуш тидамбира ахь, т1аьххьара а цхьа а бос бацара цуьнан юьхь-чкъуьйраган. Ша лелочух а йоьхна, ц1а хьаьдира иза. «Цхьа бохам хьоьху хьуна хьан даго», - аьлла, ойла йира ахь. Т1еман к1уьрлахь, тоьланаш чохь 1уьйренга ваьлларг, Далла хастам бан а, лула-кулахь зиэн-зулам диний хьажа а кет1а ваьлча, гора иза: «Тахана, х1оккхехь, я эццехь декъий ду бах, царна юкъахь мукъана а карор вац-те кху чуьра шиъ», - бохуш, йоьдуш. Х1ора 1уьйрана д1айоьдура, ткъа сарахь, маьрк1ажан бода хаабалале, ц1ехьа йоьрзура, даг чохь хазахетар халахетарца элой. Хазахетара, беллачарна юкъахь ца карийча, дийначаьрца хир вац-те олий, цуьнца цхьаьна халахетара, дакъадоцуш байначарех хиларна кхоьруш. Шен ц1ийнда, карийна, д1авоьллира цо. Ша шен куьйга йиначу т1ерг1ан пазатех вевзина хиллера иза кхунна, шолг1а пазат чекхъяккха 1аьржа тай а ца тоьъна, к1айчуьнца ерзийна яра.
– Зуда, х1ара х1ун ду ахь динарг, ванах, х1ара ши ког санна, цхьатера хила ца еза х1ара пазаташ а?! – элира цо, кога а йоьхна.
– Коьртадерг – йовха хилар ду. Церан хазаллаш эша, хьо зуда яло ваха г1ерташ а вац. Т1ом д1абирзича, 1ийр ду вай кечлуш, – аьлла, забаръеш, д1адерзийра ахь. Шолг1а зуда хьахош самукъадолучу цо а йира дуьхьал цхьацца забарш. Х1етахь аьттехьа а дага ма ца деънера, и пазаташ  ц1ийнаден дакъа довза бъялгало хир ю аьлла, дерриге к1ажош доха а кхиъна йолу.
– Т1ех1отта барз болуш стаг д1аверзавар доккха х1ума ма ду! – бохуш, хьоьх хьоьгуш т1аьхьалуьйчу зударийн аьзнаш дара хезаш. Ткъа хьуна ц1ийнда д1аваьлла деъна вуон а дицдинера ца карочу к1анта, иза дийна воций а хаьара, даго хьоьхура кхин гур доций. Дуккха а доьзалша санна, саг1адоккхуш тезет х1оттийна, ахь цунах догдиллина дукха ханялале дара, хьан кевне лакха юккъера Азман х1оьттича, цхьана лулахь кхиъна яра шуьшиъ. Ц1ийндеца дош дашера даьллачохь: «Хьо къонах велахь, т1аме г1о, зудчуьнца ма бе т1ом», - аьлла хиллера цо. Цул т1аьхьа дуьйна шен майра лоьхуш яра иза а. «Муьлш бу ца хууш д1абоьхкиначеран суьрташ ду, бах, хьенехаьргахь, хьажа яхийтахьа вайшиъ» - элира цо. Оцу суьрташ т1ехь вевзира хьайн к1ант, юьхь т1е чо а баланза вахна волу иза, ерриге яьлла юьхь йолуш вара. И къорза коч цо ц1ера яьхьна яцара, цо ц1ера даьхьначу духарх цунна т1ехь х1умма а яцара. Х1инца кхийтира нана, шена иза х1унда ца карийна – ца вевзина-кх, бер лехначу кхунна, берх1итта шо а дузаза ма вара иза, кхунна т1аьххьара гуш, ткъа оцу ахшо сов замано, т1еман замано, цунах кхиъна ваьлла ца 1аш, тишвала кхиъна а стаг вина хиллера. Кхин цкъа а тезет х1оттийра нанас, х1инца шен даг чохь кхин д1а ша йоккхучу заманахь д1адоьрзур а доцу.
Къинхетамечу Дала, хьан до1анашна жоп луш, иштта нисдина хир ду аьлла, хета хьуна – хьан доьзалх киртиг ца йолуш т1ехбелира и жоьжахатин к1ур. Оцу цхьана дийнахь ч1ог1а кхера а ма еллера хьо, бежана баца т1е доккху хан елахь а, кех балийта ца яьхьаш божал чохь баллочу аттана докъарх х1ума тесна, хьо ши куьг дуьлуш йоллур-кха цу 1уьйрана. Кертана т1ехула ваьллачо бисинчарна ков д1адиллина, керта ваьлларг виъ б1аьхо вар-кха, кет1ахь шиъ сецна а хиллера. Чохь мел волчуьнга аравала аьлла, омра а дина, кехаташ схьадийхира. Воккхахволу к1ант эцна, хьан ц1ийнда йисина 1аш йолчу йишина белхах вахна цхьа ах сахьт а дацара. Цхьана аг1ор дика а хийтира хьуна и шиъ ц1ахь ца хилла. Иштта кет1а баьхкина вигна лулара масех стаг кхин юха а ма ца веара. Меттара г1овттийна арадаьхна бераш, набарна б1аьргаш хьекхош, лаьтташ дара, хуьлучух а ца кхеташ, церан метаргийн цуьргаш д1акховдийра ахь. Божарий мичахь бу хоьттура хьоьга, т1ам т1е бахна хир бу уьш, бохура. Бераш кхера ца далийта, хьайн йохар лачкъо г1ертара хьо.
– Видите: маленький вахабист. С этого возраста надо убирать их. – карара герз т1е а хьажош, гайтира цхьамма, шина йишина юккъехь лаьтта, ворх1ангара ваьлла к1ант.
Хьайна хуу оьрсий мотт кегбеш, дукха хьестаелира хьо царна, айхьа-хьайх дог кхаьрдаш, цхьацца забарш ян а г1ерташ. Цара х1уу дарх, цаьргара шаьш даха стаг воций а кхеташ. Лула-кулара орцах ваьллачунна т1е герз ма тухура. Айхьа дуьйцучух а йоьхна, чай а хьехийра, ч1епалгашца мала бохуш. Д1адоьлху аьлла, уьш кех бевлча, дикка 1ийра хьо, кет1а яла ца яьхьаш. Х1инца к1анта хьовза а йо:
– Х1етахь, оцу т1ом кховдош баьхкинчу оьрсашна-м и ч1епалгаш дан г1ерташ, сеца ма йира хьо. Вайна дехьа уьш, дуъур ма дара ас, – олий.
Ахь, хьайна дуьххьара караеъна х1ума т1е ластайой, эккхаво иза. Къорзачу барзакъца, дег1 дуьззина герзаш оьхкина керта лилхинчу б1аьхойх б1аьрг кхетташехь, хьуна карладаьллера Занус х1оттийна сурт. Цунах масала оьцуш, ялийна ма яра ахь х1етахь и кеп а. Цхьа хаза хьалабаьлла сийна хох базара баьккхича, д1аоьцур барий-те аьлла, араяьллера хьо, схьахиллачу кепекех шекар а, дуга а х1ума ян. Ворх1 сахьт даьлча г1ала йоьдуш автобус яр-кха шун юьртара. Г1ала чу вулучу постехь совцийча, массаьрга а кехаташ кечде элира. Т1ехьара г1ентахь 1ен цхьа жима стаг воцург, бисинарш зударий бара. Паспорт шеца д1а а хьуш, охьавосса элира цуьнга паспорташ массаьргахь дуй талла хьалаваьллачу б1аьхочо. Г1еххьа латтийначул т1аьхьа, шуьга д1аг1о элира, ткъа и жима стаг шаьш, цхьацца х1ума къастийча, т1аьхьавоуьйтур ву аьлла. Зану цхьа къонах зуда яр-кха:
– Вай х1инца кхузара д1адолхахь, и к1ант кхин цхьанне а гур воций хаьа суна. Цу Делан Къор1анора г1ур яц Зану-м, и к1ант витина цхьанххьа а, – дукха ондачу дег1ахь йолу иза дезачу боларца автобус чуьра охьайоьссира. Хьалаяла элира кхуьнга, т1е герз а хьажош.
– Я никуда не поеду без своего мужа, – аьлла, маравоьллира цо и к1ант.
– Ты что, с ума сошла? Какой муж? Он тебе в сыновья годится, – бохуш, буьйлура вуьш. Къона йолуш, хьехархочун болх бина, оьрсий маттана говзачу цо, дукха хабар дийцира, шен 1алашонна т1еян. Безам а хьехийра: «В любви все возрасты покорны!» - аш, оьрсаша, ма-аларра бохуш, царна чу а г1ерташ. И г1уллакх беламе даьккхина, церан дегнаш к1аддина, и жима стаг автобус т1е хьалаваккха ойла йолуш лелара иза. Шайн кхин кху 1овдалх диэла ницкъ бац, д1абахийта уьш аьлла, т1ехдовлийтара шу. Кхин шен хьажар лаьтта доьг1начуьра хьала ца доккхуш д1акхечира и жима стаг.
– Дела реза хуьйла хьуна! – элира цо, автобус д1айолаелча.
– Дала хьайн нанна 1алашвойла хьо, – элира Занус, иштта цхьана постехь охьаваьккхина цуьнан к1ант кхин ц1а а ма ца веара.
Махбеш базарахь лаьтташ, ц1еххьана кхийса долийначу герзашна юкъанисъелла, хиллачу чевнех кхелхира иза.
Хьан денана а йоцуш ю х1инца, шен йиша еллачул т1аьхьа дукха а ца ехира иза. Тахана а, хьайна хьалха дахаро цхьа хаттар х1оттийча, х1инца хьо а ма ю йоккха стаг, оцу шина зудчун васташ дог1у хьуна дуьхьал, цара хьехар а до. Дахарехь зеделларг долуш, кхетам болуш зударий бара уьш, т1аьхьо кхийтира хьо цу цхьалхачу юьрта йигаран бахьанах: цигахь мукъана а ахь ойла йир яцара-те, т1аьххьара доьзалхо велча, син х1усаман тхов т1ебоьжна ехачу шен йишин дахар девзича, кхетар яцара-те бохуш, хьекъал цакхачарна хьо йоха ца лууш, лелла хиллера и мисканаш. Доьзалан мах мел лакхара бу бохучунна хьо дуьхе кхио г1ерташ. Дала ма боху: «Хьайна вуон долчу хенахь, хьайл г1ийлачеран ойла е!». Безачаьрца марзо эца а ца кхуъуш, чекхдолу х1ара дахар, къийсамаш айъина лела дукха доца а ма ду.
Хьастаг1а хьан чуьра йо1а хьахий-кха, кертахь ша цхьаъ бен нус яц, листа дезарш алсам ду, лара ца йо, марнене и ши етт д1абаккха аьлча, х1ун дара-те аьлла?! Дохнна дуьхьал еана шайн лулахо а яра: «Ма хала ду хьуна кегийчу берашца, и бежнаш мукъана а д1адаха ала хьайн марзахошка», - бохуш.
Ткъа хьуна карладелира хьайн ненадас дуьйцуш хилларг. Нохчий ц1ерабаьхначу хенахь х1ара, да-нана доцуш, хиллачохь – юъуш, йоцчохь – сатухуш, ханйоккхуш хилла. Ша санна, цхьалха некъ идош лелаш шен хеннара к1ант кхетта хилла кхунах.
– «Х1ума яа лаахь, х1ара казахаш набарна д1ателлац собардан деза», – элира цо соьга, ас со меца ву аьлча, бохуш, дуьйцура воккхачу стага, оцу к1антаца шаьшшиъ вовзар хьахийча.
– Садайначул т1аьхьа, сайн керлачу доттаг1чунна т1аьхьа а х1оьттина, дуьххьара, къола дан вахара со. Кисешна юккъехь хьалаухкий цхьа мерза к1алдаш хуьлура церан, кху Дуьнен т1ехь уьш санна чам товш х1ума ас кхин йиъна а яц. Цхьана баттахь гергга лийлира тхойшиъ, г1алаг1азкхийн к1алдаш лечкъош, уьш юуш, гуча ца волуш. Цхьана буса ас, со ца вог1у элира, ирдина охьадехкина хьекхий хааделлера суна цхьаболчу нехан, уьш къоладеш хаавеллачунна 1итта кечдина бохуш а дуьйцура. Сайн доттаг1 шозлаг1чу дийнахь гучу ца ваьлча, сагатделла, иза лаха вахара со. И суна байнарг санна, хьокха 1иттинчух тера дара цунна, юьстаха схьатакха ницкъ кхаьчнера, амма 1ожаллех вала ницкъ ца тоьънера. Х1инца а, т1аккха а цу буса цуьнца цавахначу сайн бехк а хета суна иштта нисдалар, цхьамма ха а деш, вукхо караеънарг яда а еш х1ума дора охашиммо, цхьаьна хилча. Вукху аг1ор, хьо ца ваг1ахь, ша а г1ур вац а, ма элира хьуна цо. Мацалло эккхийна вигна хир ву-кх иза, мацалло-м, хьаха, дойту х1уъу а, – олий, б1аьргах даьлла хи д1адоккхура цо.
Цул т1аьхьа, адам шайн махка юхадирзича, шен долахь котам, уьстаг1, бежана долу стаг мел ирсе хуьлура бохуш, баккхийчара дийцина дагадог1у хьуна. Ткъа тахана массо х1умане хьежам кхин бу-кх. И массо х1ума дуьхьал х1оьттина, оьг1азъяхначу ахь:
– Хала делахь, хьайна атта хир доллуче, хьайн ц1а йола. Со а яр-кха бежана-уьстаг1 доло ойла йолуш, накъост оьшуш. Оцу базарахь-м жижигах х1ума эца а лур яц, цара боьху мах белла. Суна сайна юххехь накъост оьшу,– элира, цуьнга ц1а йола бохург дацара иза, цо дуьйцург дош ца хета бохург дара. Ша дуьйцург къобалдича, цунна ша лелориг дазлур ду, шена баккъал а инзаре ницкъ хуьлу аьлла, хетар ду. Ахь цкъа хьалха хьайн ойла йира, хьо а ма ю марнана, несана ницкъ хуьлура аьлла, къона къанъяллалц вовшахтоьхначу хьолах яла еза хьо а?!
– Ахь х1ун дуьйцу, со-м яц ц1а ян г1ерташ, – элира цо.
– Ахь х1ун дийр дуй кхул т1аьхьа: хьайга х1ума ца яийтахь а – схьаала, хьайга харц дерг дийцахь а – схьаала, и ницкъ ас сайн доьзална т1ехь цхьаьнггге а бойтур бац, ткъа дисинарг  суна кхин багах а ма даккха. Хьайн лулахочуьнга хьехарш шен йо1ана де алалахь кхул т1аьхьа. Х1ора нанас, ша-ша кхето еза йо1. – олуш, къамел дерзийра ахь.
Ахь бехк ца буьллу цунна, хьуна хаьа жимачохь массо х1уманна т1ехь хьекъал ца кхочий. Дера, марехь г1иллакхца чекхъяла а атта дац, цатам а хуьлу, шена хетарг 1аддита дезаш а нисло. Х1ун дийр ду т1аккха, цхьа хало йоцуш юьхьк1ам ца хуьлу-кх.
Цул т1аьхьа и тайпа къамел кхин ца долийра хьоьга йо1а, ткъа галъялла а доладахь, х1ун жоп дала деза хьуна хаьа. Хьуна х1инца хаьа, хало хуьлура аьлла, шайт1а толо ца дезий.

2012 ш.


Рецензии