Шийла ирс

– ХIара хIун ю ахь суна хьалха йиллинарг?! – къора тата делира, стоьла тIе боьжначу Iайган. – Яа дог доуьйтуш чомехь ян ца мега хIара!
Х1ума яа охьахевшинчарна чай дуттуш йоллучу суна дика девза тховса сайн хIусамехь х1оьттина хьал. Къайла яьккхина хIума а ца йисна и хьарчанза. Ткъа х1инца хьалхачул а юххехь дека цуьнан г1ийла, садукъдо аз.
– ХIун хилла цунна? – бен доцучу озаца хотту ас.
– ЖIаьлина доьша санна йина ю-кх!
Х1ума а ца кхоллуш, дехьа чу волу иза.
Юучунна тIе ца кхевдаш, чорпанан кеда чу шайн хьажар доьгIна Iачу шина берана чай хьалха хIоттош, гIанта охьалахло со.
ХIара захало кхочушдеш-м, тоьлла хиндерг го шайна бохуш хьийзира юкъалеларш. Хиндерг хаа йиш яц-кх. Хиндерг замано бен гучу доккхуш ца хилла.
ГIенах санна дагатийса диси, юьртара мехкарийн мог1арехь, курачу ойланца кхиъна йогIуш, къоналлин б1аьстено хьоьстуш, дехьа-сехьара захалонаш сайна т1екхехьар. Сайн дахарехь накъост хин верг дукха тоьлла къонах хила веза боху ойла яра  кхобуш. Сайца лело г1иллакх а, цуьна лелар а тайна, Мохьмад ц1е йолчу цхьана хенаро къонахчуьнца некъ д1акхехьа реза ю аьлла айса дош далар а. «Къена маре дина зуда нахах таръелла цкъа а ехар яц», – сайга гергара зударша бехнарг а дагтесара.  Цхьаьнгахула и хабар Мохьмадна д1а а хезна, цуьнца йолу юкъаметтиг херъяла йоьллачу муьрехь, сан деган вас хааелча санна, х1ара захало хьахадар а юкъа делара. Къоналлехь кхетамза хуьлу-кх хьежар. «Дуьненчуьра хIума оьшуьйтур дацара», – бохуш чIагIо еш, захалш схьаоьхура х1етахь. «Оццул езаш йигча, эла санна лелор ма ю хьо», – олура соьга. Корта хьаьвзана, цкъа шозза бен к1ант гина а воцуш, дуьйцучух а тешна, дина х1ара маре гIенах хилча санна хета хIинца.
Х1етахь хаа йиш яцара, Мохьмаде яхнарг, х1усамден, марзахойн пусар а долуш, аьтто-таронца лулахойл г1олехь ехар юйла а, ткъа дашо лаьмнаш х1иттор ду бохуш ялийна йолу со, тховса санначу шийлачу буса декъазчу ойлано кест-кеста цоьстур юй а.
Зуда ирсе ян бахам оьшуш ца хилла. ЦIийнадас мерза дош аьлча, цунна ша дахарехь хьашт юй, ша хьоме юй хиъча, хIара доллу дуьне шена делча санна хеталуш хилла зудчунна.
Корта ца хили-кх, зиэделларг долчу баккхийчу нехан хьехамна т1аьхьах1отта.
Масийтазза марехь хиллачу ЖовхIара олур-кх: «Юьгучуьнга яха езаш ца хилла йоI маре. Юьртахь къонах мила ву бохуш хоьттуш, эшахь махках а чекхяьлла, къонахчуьнга яха езаш хилла. Дош дош долчуьнга, яхь йолчуьнца кхолла езаш хилла х1усам.  Къонахчуьнга йигахьара ахь аьлла, дехар дан а мегарг хилла. Йисина еъча а, йитина еъча а оьшу стаг волчу стеган долахь хилла ю боху цIе. Цхьана мундана кхача хIиттош Iийнийла хиъча, боьршачу стагана цIартIе яккха ца лаьа, я нахана дош ца хета. Стаг воцчу стаге яхана зудчуьна, лаьтта хьокху горгамчул сов баьлла мах хир бац. Ткъа оьздачу, наха хIун леладо хуучу майрачо, мел ледара зуда а, гIалаташ лечкъош дахарехь чекхйоккху. Нахана дош ца хетачу стагца декъаза хан йоккхучул: «Хьенехан йоI, кхин маре ца юьгуш, цIахь йиси-кх», – бохуш, тIе пIелгаш хьежадайта мегар дара.
Дуьххьара ша марера ц1аяран бахьна сих-сиха дуьйцура цуо. Iуьйрана нускалан дезарш дан ара яьллачу кхуьнгара нуй схьа а баьккхина: «Хьуна кхин гIуллакх дан ца хаьа? Хьажал, иштта охьатаIош хьакха ма беза хIара», – бохуш, нуй хьакха хIоьттина хиллера майра ву бохург. «Хьайн гIуллакх де ахь, хьуна зуда ца оьшу», – аьлла, цигара цIаеъна хиллера иза.
Ворх1алгIа маре яхча, ша лехна маре нисделлачу зудчо аьлла боху: «Мехкарий, пурба дац шуна, цхьана стаг воцчу стагана хьалха нисделча, цигахь 1ен а, я цигара ц1а даьхкича диканах дог а диллина, кхин маре а ца деш 1ен а», – аьлла. «Цу мехкаршна юкъара со дIаяьлла,  – олий, елалора ЖовхIар. – Цкъа шершина ког ца нисло йоьIан», – тIе а тухуш.
Хийла ойла-м хуьлу, кху нехан Iодика а йина, цхьаьна хIуманца бала боцуш, сов ойлане корта ца боьхкуьйтуш яха. Делахь а сатуху-кх… Кхин хIумма а ца хилча, мацах кур аркъал сеттош, тIехйилинчу къонахошца а ма ю яхь. «Тхуна ян куралла хиллехь а, йоссар-м уьшалахь ма нисдели хьан», – аьлла, царна дагатасарна а ма кхоьру. «Марехь таръяла а ца хиъна, еъна ца боху хьенехан йоI?» – т1аьхьашха олуш, нехан луур долийла а ма ца лаьа.
Зуда хIумма йоцу хIума хилла-кх, цIийнадас хадиннарг мах болуш, цуо делларг ирс долуш. Я вуьшта аьлча, цIийнден боллу мах а, сий  а долуш.
Цкъа садайначул тIаьхьа дара-кх, цхьа-ши цIа дехьа йолчу туькана яха со араяьлча. Юьртара урам хьала боьрзучохь, даима санна гулбелла кегийрхой бу. Цара ч1ог1ачу озаца хьехо ваьккхина БайIелин кIант Нурди а, цуьнан х1усамнана Седа а. Уьш сан юьртахой бу, юххера ала а мегар долуш. Меллачохь цхьаъ-м даьлла бохуш Нурди вуьйцуш, цунна луьйш бара гулбелларш. Со Iадош цецъяьккхира, царна т1аьхйолуш сайна хезначо.
– Стаг хилла цкъа а дIагIур волуш вацара и-м, – олу цхьамма.
– И санначуьнгахь зуда хIунда Iа-те? – вистхуьлу кхин.
– Цуьнгахь ерг а мила ю моьтту хьуна? И верриг ю-кх. Ца хилча Iийр ярий?
Цуьнан х1усамнана Седа а «и саннарг» яцара. Нахана юкъахь ала дош долчу доьзалера йоI яра иза. Цуьнан да а, ворхIе да а вевзачарна «Нурди верриг» и хуьлийла доций хаа декхар дара. Ткъа ледарчу стагехь ша хIунда Iан, берех ца къастаяларна тIера дIайолаеллачу Седийн дуккха а дара дийца. «Йитина еана», – бохучу ц1арца цIийнан хьалхара божаршна гучу ца яла зудчо ловр доцуш хIун ду? Шен нис ца деллачу маренна зуда гуттара ма юй бехке.
Тхан дененан дар-кх олуш: «Чохь са а долуш, Дала тIедиллинарг кхочуш ца дан бакъо яц х1усамнена. ХIоранна хаьа, шена тIехь хIун ду».
Цуьнгахь хилла доьналла долуш зуда атта карор яц. Цамгаро бIарзйинчу хенахь а, шена тIехьийзачу доьзале цуо хоттуш хилла:
– Шайн дега чай малитний аш?
Кхано, цунна гIоле хилча, оха хьовзайора:
– Хьайх хIуъу хилахь а, воккха стаг ледара вуьтур волуш-м яц хьо, – олий.
– Уьш-м бераш санна лело безаш бай. Цхьана дийнахь сарралц зудчуьна терго йоцуш бисча а хийцало боьрша нах. И х1унда дуьйцу, зудчо-м нахана хьалха аьлла долчу шен цхьана дашца хуьйцу стаг: нахана хьалха айъа а ойъу, осала а воккху, – олура цуо
Меттахь йисча а яра иза-м, ц1ийнда чу вогIу аьлча нускалан кеп хIиттош: тIе керла коч юхуьйти, коьртара хIума нисйойти, елалой, миска, цхьацца забарш ян гIерташ:
– ЙоI, схьабал и цомгушчунна аьлла еана Iаж-хIума, кху стага ца кхаьллича чам бац суна, – бохуш. Тхан самукъа долура цуьнах.
Иза д1аяла цхьа бутт хьалха дара, доьзал тIе а кхайкхина:
– КарадогIучу кIирнах аш шайн дена зуда ца ялаяхь, сан тезетахь латта пурба дац шуна, – цуо олуш.
Цамгаро кIелйитна нана охьатесна, дена зуда лоьхуш тхо муха лелар ду, наха а бехк буьллур ма бу, аьлла йоIарий шена охьабилхича:
– Дала хIусамнанна тIедиллина декхар кхочушдан сайгахь гIора цатоар бахьана долуш, цунна хуьлу цатам гуш йолчу сан декхар ду и, – аьлла, дуьхьалоян меттиг ца битира цо.
Воккха стаг резаволуш ца хилира и захало.
– Тахана цомгуш хилла воьжнарг, кхана гIоле хуьлий волалуш, могуш леларг лазаро лоций вужуш дуьне ду хIара. Дарба Делехь ду, –  аьлла хиллера цуо, хIусамненан лаам шена хиъча. Амма лазархочуьн тIаьххьара дехар кхочуш ца дан йиш яцара.
Оьзда зуда хиллера ялийнарг, доьзалхо ца хиларна марера йоьхна, вешийца Iийна. Амма цуьнца чу-м ца вирзира тхан деда, хIусамнана дIаяьлла биъ бутт боьллачул тIаьхьа бен. Валлалц цуо лела а вира иза.
Цхьана агIор дика хета-кх, и санна йолу къонаха зуда, тахана цхьаболчу божарша лелочу осала хIумнашна догъэтIа йоцуш.
Х1ара стаг волчу сехьа ца яла, хиндолчу къамелах лечкъаш, юург йиъна девлла бераш чу а дахна, хIума кхоллу чохь, к1адбоцу гIуллакхаш лехьош, хан йойуш дIасахьийзачу сан дагах урс санна чекхделира: «Хьо дIа ца яхча соьга ца йогIу-кх иза», – цо аьлларг. Суна ца евза цуо юьйцург. Уьш дукха бу, цуьнан яло ойла тIехь лаьттарш. Тховса санна маларх кхетча къаьсттина алссам бовлу. Суо ара яьккхина, зуда яло дог-ойла кхоллаяла сайгара даьлларг ца хотту ас. Ца хотту, бух боцуш уьш эзар хир дуйла а, я цхьа а карор доцийла а хуудела.
Дависарг, тахана хьесапе дац-кх, сан да Хьаьж-ЦIа вахана махкахь лоруш воккха стаг хилар. Г1иллакхехь дац-кх, наха шайна орцанна кхойкхуш волчу кхаа вешех цхьаьнга гIо деха а. Я боьршачу стагца нийсо кховса сан аьтто а бац.
Доьзална хьалха осала ца яла сецо бIаьрхиш кийра ихна, Iийжо дог теда хих къурд а беш, берашна тIе хIуманаш юхий, духхьара караеънарг сайна тIе а озайой, кху керта кхин ког ца баккха дагца чIагIо а еш, ден цIа боьду некъ юьхьаралоцу ас.
Шина бераца, дена хьалха доцуш, хала хир ду, къаьсттина кIантаца, йоI-м хьуна гонаха хьиззашехь кхуьий, нехан цIен тIе йоьдий дIанислора. К1ант хуьлу-кх ден Iуналла оьшуш аьрха, шен амалехьа. Нана ма яла кху г1айг1ане ойлан. Бераш-м цIахь кхобуьйтур ду ала а ма ца хаьа. Дийна дехой а болуш цхьамма бер дец1а далийна аьлча: «Шен доьзалх жоп даллахьара кху заманахь», – олуш, мегаш воцчу дена хьалха.
Са ца даккхадаллал къовлу, тIаьхьарчу хенахь легашка хIоьттина шед. Цу ойланна т1аьххье сан даге сатийсаман йовхо йог1у. Сан г1айг1а яйа йиш ю шен ц1е «1ожалла» йолучуьна. Сан хIусаме а хьаьвзина, сох йисина зуда цуо йича, цхьаммо а чуьра ара ца йохуш, доьзалца эвххьаза, байш кхобуш ю аьлла нехан ларам, сий долуш 1ийр яра. Марехь ца таръелла еана бохуш, дец1ера божарех бехк луьйцуш къехкаш лела а дезар дацара. АллахI -Дела, коьрте еанчу ойланна доьху Хьоьга гечдар, реза ю-кх Хьан пурбанца хиллачу массо хIуманна.
Готта урамо гола туххучохь, тхан ков гучудолу, кхи дIа хIун хир ду шал шера хаьа суна. Миска нана, суна хIун там бийр бу ца хууш, гонаха хьийзар ю; хьуо дIайоьдуш хIара а, важа а хьолахь хьайна бохуш, цхьацца шеддаш вовшахдетташ. Цхьацца гергалонаш хедош тIехтилинчу шераша дог дуткъдина цуьнан. Карлаевр ю дахарехь цуо тхуна  йиттина мадарш. Массо вуьзначул тIаьхьий бен кхачанна тIе ца хуьлура и, тхох цхьаъ цомгуш хилча цомгуш хуьлура и, шелвелча шеллора и, к1адвелча-к1адлора и. «Цхьана а нанна ма гайта Ахь, доьзалан вуон», – бохуш, тхо дийшинчул тIаьхьа Деле деш хилла цуьнан доIа.
– Хьо ма ойлане ю йоI,  – хезар ду ненан аз.
– Хьайн са ма даахь, нана, х1умма дац-кх хьуна ахь сагатдан. Хьо ган а, хьоьца йистхуьлуш Iен а лиъна еана со, – эр ду ас, сайн кхохкийна юьхь серлаяккха а г1уртуш.
Тхойша охьа ца юьжуш, цхьацца хилларш-лелларш дуьйцуш буьйса юкъал т1ехъяллалц Iийр ю. Ткъа Iуьйрана юхайоьрзур ю сайн шийла х1усаме. Йоьддушехь марнана йолчу а яхна, дуьйцур ду сайн цIийндас дог дохорах лаьцна. Ткъа цо, дуккха а дуьйцур ду доьзалан мехах лаьцна. Цул тIаьхьа ас юха а йохор ю дагца йина чIагIо, хIора дийнахь санна, сайн шийла ирс, деха дахар, кхид1а кху х1усамехь д1акхехьа. Доьзал охьатесна дуьненна кхо го баккхарх а, кхин ирс сайна карор доций хууш.


Рецензии