Юхахьадаьлла туьйра

Сарахь волавала араволуш вара Аьрзу. Еана кевнехь сецира девешин «Волга». Тхо дистхуьллушехь, Орга - хи тIе йигий, чан яйахьа кхунна тIера аьлла, цуьнга машенан догIанаш делира цо. Ден трактор бен, кертахь еа чкъурга тIехь хIумма хила ца Iеминчу Аьрзун самукъаделира.
ЦIахь бежана, котам кхобуш, арахь – госхозан белхаш беш, цхьацца мадар еш, гIийла-миска сискал юучу кхуьнан дех Махьруддех тера вацара цуьнан ваша ГIеза-Махьма. Иза Iаш-вехаш а, болх беш а гIалахь вара. Цуьнан дахарехь деза ши хIума дара: йогIучохь, - цайогIучохь йоьхкуш галстук, нанас шен бер санна, дукха экама лело машен.
Аьрзуй, хIинццалц кхуьнца салам-маршалла доцург, юххъера гергарло ца хилла, хIара машенахь гича, дукха воккха «доттагI» хила лиъна, чухиъна Хьамзаттий, машен йилина, цIа вогIуш вара. Шиммо аьлча-м нийса хир дац и, Аьрзус йилир-кха. Ткъа Хьамзат  моттаргIанаш лелош, Iиттавелира.
Шен йолу-йоцу чIогIалла тIеелла лоькхуьйтуш магнитофон, тIехволуш мехкаршна етташ сигнал, деш цхьацца кIадбоцу къамелаш дара кхеран. ЦIа  кхача герга воьддучу хенахь дагатесира кIантана, езачу йоIана гайта хийисте  хIотта. Кхеран юьртахь хи дацара. Юьртара хи дIадаьлча, луларчу кIотара боьлхура хIорш. Цигахь хуьлу раг1 аьлча а, «синкъерам» – мехкарий,     кегийнах дIагуллой. Дера веза цига ваха, хье ца луш  цIа вогIур ву. Дукха ч1огIа реза хилла тIетайра кхуьнан «доттагI» а. Езаеллачу йоIана герга кхочучу хенахь, цхьанхьара Iаьршашкара деана туьйра доьссира кхуьнан коьрте: «ДIакхаьчча, цхьа-ши гуо баккхийтина, машен дIахIоттор ю, цул тIаьхьа меллаша неIаран бIаьрг охьабохуьйтур бу. Цигахь мел йолу йоI схьахьоьжуш хир ю. Мила ву и? Хьенан ву и? - бохуш вовшашка хоьттуш. Ши ведар карахь царна юккъехь лаьтташ гур ю Малика… ХIаъ! Хьо лаьттар ю хьуна иштта. ХьастагIа ловзаргахь ас хьайна тIе хабар даийтича, накъосташна хьалха юьхьIаьржа хIоттош, «реза яц» ала дезаш ца хиллера!!! ХIинца дохкояьллачух тера ду… схьа-м хьоьжу! Ца оьшу. Ма хьежа схьа, со а ваьлла дохко айса хIетахь динчунна.
ДIахьожу нисса цуьнан бIаьргаш чу: «Iодика йойла хьан! ХIара кIант ца хилла вели хьуна». БIаьргашца Аьрзус шега аьллачух кхийтира Малика. ТIаккха, меллаша «Волгин» неIаран бIаьрг хьалабохуьйту. Жимма лаьттий, кура, ша йолччохь чкъургашка латта охкуьйтуш, дIаьккхуьйту машен» ЭхI! Ма ч1огIа хир ду и! ТIаккха-м баккъалла а дохкоер ю хьуна иза…
Кхуьнан хье чохь туьйра ловззушехь, хийисте дIакхечира сай эккхийна йоьду «Волга». Амма Аьрзуна хIинца а хууш дацара шен туьйранах хиндерг. Цкъачунна схьагуш  долу сурт-м шен ойланехь кхуо ма - диллара нисделлера. Кхуьнан туьйранахь санна,  дIахIоьттинера «синкъерам». Схьагулбеллера шина юьртара уггаре хаза мехкарий. Цхьаберш кхаьрга схьахьоьжуш а бара.    
Аьрзуна дагадеара цкъа хьалха машен хьовзо езар. Цуо иза кхочуш а дира. Я тIеелла «газ» совъяьллехь а, я чкъургашна кIелахь латта ца тоьънехь а, мехкаршна гергахь доцуш, хотталахь нисделира кIентийн совцар.
Шен туьйра бIостанехьа дерзарх кхийтира, машен чохь йисний хиъча. ГIоза ма хиларг, дийнахь а, буса а хаддаза охьаоьхучу хих хIоьттина сацкъар кхуьнан машен чохь йиса хIоьттина хилла-кх. ХIинца неIаран бIаьрг охьабохуьйтучохь а я Маликин бIаьргаш лоьхучохь а дацара гIуллакх. Юххехь хиъна Iийна «доттагI» а  вара резавоцуш гIам-гIим деш. Доккха зен хуьлуьйтур дара шена Аьрзус кхуза веана ца хуьлуьйтург. Амма хIара кхузахь вара, дера вара хоттала а вахана, машен меттах а ца йолуш… лаьтташ. ХIинца коьртаниг, кхин нахала ца волуш, оцу хотталара хьалаваьлла, мехкарий ца кхардош, цIа вахар дара.
Мичара, иза-м аьттехьа а ца хиллера. ХIара хьалавала мел вуьйли а, машенан чкъургаш кхин а буха йоьлхура. Теттина нуьцкъах я тIаьхьатесна бен  иза хьалаер ю бохург аьттехьа а дацара.
Кхуьнан догъэтIо санна, кхаьрдаш, схьахьуьйсуш гора мехкарий, кегийнах. ХIан-хIа, иза дацара хIокхо сатийсина туьйра. ХIорш  самах го ирча гIан-набарш яра. Аьрзуна шех боьлуш хетара къахеташ хьуьйсурш а. Шех йоьлуш хетара ерриге юрт а, дерриге дуьне а.
Бацара багош гIаттийна, ва-хьа-хьа-хьа бохуш, боьлуш-м. Амма, царех цхьаболчийн бIаьргаш чу хьаьжча, доьлу дегнаш-м гора. Царна хIун хазделла ца кхетара воьхна, холчахIоьттина Аьрзу.
И, важа бIаьргаш! Езачу Маликин бIаьргаш…Уьш бацара боьлуш. Царна чохь кхунна цхьа гIайгIа, цхьа сингаттам хаабелира. Хьанна хаьа, царна къахетта хила а тарлора кхунах.
 Амма Малика кхин кхуьнга хьоьжуш ца лаьттира. Иза, шен ведарш дуьзна, дIаяхара. ДIаяхара, шен туьйранехь шел хьалха вахвезарг Аьрзу воллушехь….Ткъа кхуьнан туьйра-м жимма хьалхо доьхна, даьржина дIаделира, тIулган цIенкъа йоьжна аьнгалин пхьегIа санна.  Дика ду-кха шеца накъост мукъа а волуш хетта, вистхилира:
– Хьамзат, хIинца хIара татта ца теттича, гIуллакх хир ду моьттуш вац со.
– Деллахьа,  букъ дика бац хьуна сан, ан долчух тера ду суна… Сайн дегI цIа дахьалахьара соьга, -  олуш, машенара охьавоьссина, дIавахара важа.
–- Юхахьа даьлла-м даьллера хIара, девешина ма хаахьара ма-дарра хIоьттина хьал, - бохуш, Аьрзу де доьхна хьийзачу хенахь цунна тIехIуьтту хийисте гулбелла оцу кIотарара кегийнах:
– Ахь моторна ницкъбар эрна ду. Чухаа, хIара-м хьалайоккхур яра вай, - олий, тоттий  хьалайоккху кхуьнан машен.   
Хьуна хьайна а хаале гIарадолу хилларг жимачу юьртахь. ЦIа кхаьчча, кетIахь лаьттачу девешин, буса цициган санна, къаьрзина, хье тIе баьллачу шина бIаьргах кхийтира Аьрзу шеца нисделларг дерриге цунна хууш хиларх.
Машен бахьанехь вешин кIанте кхин башха гена даьккхина хIума ала ца хIоьттина:
– Хьо ма хьевеллера?!. Иштта хала дара и? Iаржлуш лаьтта, кхета дезаш меттигаш ма яра сан, – бохуш, ша-шега луьйш, кхин кхуьнца Iодикаяр доцуш, дIавахара холчахIоьттина  ГIеза-Махьма.
– КIант, хьо оцу куршканна Iуьрг даккха-м ца гIерта, ах сахьт хан ю-кх ахь, чай кегадо бохуш, Iайг хьийзабо? Вала, шелдалале и малий, - олуш, шен нана – Малкан балха яха ара йолуш, Аьрзу самавалаза, аьлча а, меттаваза вара селхана хиллачух «лозуш», дIаяханчу ойланийн бIагорах:
«Ас хIун леладора, со хьаьнга тамашбайта гIертара.  «Мерседес» тIехь веана юьртден кIант а ма вара цигахь, ас лелориг ца лелош, машен юьстах, нахана новкъа ца хинйолче дIа а хIоттийна, тийна-таьIна, евзачу йоIе гIиллакхехь вистхуьлуш, - тоххара шелделлачу чайнан къурдаш а деш, йоьхна ойла кегайора цо. - Дела реза хиларша, оцу кIенташа гIо ца динехь, хIун дийр дара…я… Дала тIе ма доуьйтуьйла, оцу хьераваларх цхьанна тIе тоьхнехь… вала де ма дара. ТIаьхь-тIаьхьа марсаюьйлучу ойланаша садуура Аьрзун…
ХIорш болчу агIор машенахь кесталгIа юха ца веара ГIеза-Махьма. Я веъча а, цуьнан «Волга» хахка хьалха санна сахьаьгна вацара Аьрзу. Ма-дарра аьлча, цо и кхуьнга кхин хохкуьйтур ю ала а ца хаьара.


Рецензии