1ожалла ю эла

Цкъа хьостий, деладеш,
1овжадой делхош.
Вайн г1ийла синош ду,
Дуьнено ловзош.
Вайн майра дегнаш ду,
Куралло 1ехош.
Зоьртала дог1маш ду,
Цамгарша эегош.
Зама ю, дахаран
Орамаш хедош,
Толаман байракх ю,
1ожалле кхийдош.
Вайх цкъа а ца хилла,
Дуьненан дай.
1ожалла ю эла,
Ткъа дахар, лай!


Рецензии