Хьо д1а водахь

Хьо д1аводахь,
Буьтуш Даймохк, нохчичоь а,
Серла дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а,
Лекхчу лаьмнех,
Хьох йоьттина ойланаш а,
Сингаттамца,
Д1ахаьрцар-кха заманахь.

Хьо д1аводахь,
Дуьтуш маьлхан дог1анаш а.
Б1аьсте хазъеш,
Вай кхиийна зезагаш а,
Доггах боьлуш,
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.

Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а.
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг, деригге а,
Ахь д1ахьолахь,
Ца дуьтуш кхин т1ам хеца.
Суна геннахь,
Ирсан декъахь, хьуо ваха.


Рецензии
Х1ара дош к1еста вукхарана юкъехь к1оргачу ойланца а,гайтинчу дагах кхетачу сарташца а , дустаршца а.

Хусейн Домбаев   06.04.2018 09:17     Заявить о нарушении
Хьусейн, Дела реза хулда иштта лаккхара мах хадорна...

Айза Резванова   07.04.2018 00:49   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.