Эешац

Ахь нийса ца дийши,
Сан б1аьргийн йоза.
Къорам ду ойланийн,
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера,
Хьан амал йовза.
Гергарло х1илланца,
Лууш яц доза.

Ахь нийса ца дийши,
Сан б1аьргийн йоза.
Кхуьур дац кхин зезаг,
Сан деган бешахь.
Д1абуьзна, сан дагна,
Йовхо лун малх.
Чекх болучу баттана,
Эешац кхин ах.


Рецензии