Со хьоьца еха

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Мерза са 1аьршашка даьлча.
Сирлачу седарчех ийна,
Буьйсанан бода къар бина,
Адамашка нур кхийдош сирла,
Хьан ц1еран,  декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Сих хаьдда, дилх лаьтта дижча.
Беркате, хьанал къа хьекъош,
Адамалла сайн букът1ехь дебош,
1илла хьан лаьттан цинц хилла,
Хьан ц1еран,  декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Дахарехь хьан сий деш баьхна,
Доьзалшна яхь-иман хьехна,
Нанойн сий лаккха айдина,
Даймехкан сий динчех ийна,
Хьан ц1еран, декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Б1евнашна ч1аг1онна аьлла,
Эшначохь т1улг метта дилла,
Тешаме дог кийрахь 1уьллу,
Совг1атна и хьуна делла,
Хьан ц1еран, декъашхо хила!


Рецензии
Даймехкан тешаме йоь1ан аз ду хезаш дерг! Хьоьца цхьана ала лаьа:"Сан Даймохк, со хьоьца еха..."

Айза Барзанукаева   23.11.2015 00:56     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда хьуна Айза!
Дала дуьне а, эхарт а декъала дойла вайн!

Айза Резванова   29.11.2015 10:43   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.