***
Со 1алам,- йовхоно хьаьстина.
Хьо дог1а,- латта хих 1абийна,
Со з1ийдиг,- ахь ницкъ луш яьстина.
Хьо лам,- хьайн къайленех боьттина,
Со шовда,- хьан къайле аьхкина.
Хьо ирс,- сан кхолламо кховдийна,
Со дахар,- хьо совг1ат лерина.
Хьо безам,- сан дагчу кхевдина,
Со ойла,- марзонах хьаьрчина.
Хьо малх,- сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам,- хьан нуьрах къегина.
***
Свидетельство о публикации №215092700099