Даймохк... сан Даймохк...
Ломаца хьун ловза яьлла,
Цуо шен узам бо.
Дато т1улг боькъуш даьлла,
Шовдано шен илли аьлла.
Даймохк!- хьо ю сан марзо,
сан марзо!
Лома цара мукъам мерзаш,
Дагца лела дуо.
Дарйина чов сиха йоьрза,
Дарба луш цуо до вай реза,
Даймохк хьо ю сан йовхуо,
сан йовхуо!
Арахь шийла дог1а доьлху,
Оьгаш г1аш а гуо.
Г1араг1улеш къилбе йоьлху,
Сан са гаттлуш б1аьргаш доьлху!,
Даймохк!- хьо ду сан илли
сан илли!
Свидетельство о публикации №215112701834
Алена Кейдюк 04.12.2015 15:19 Заявить о нарушении