Философин аг1о

Нагахь сан доттаг1аш дозал а деш
Ма барра мах хадош хьо хеста вахь
Байтамал алалахь син-къурдаш беш
Хьай т1аьхьен д1алела некъ битан ахь

\\\\\\\\\\\

МАЛО
Вай дахарехь терхьенна лоьруш ду кхо де
Селхане, тахане, кхане
Селхана ца динарг тахане хьежош
Ойла т1е ца йоьрза кхане

\\\\\\\\\\\\\\\\\\

СОБАРАЛ

Собарал – хьо к1оргер кхетам
Ма атта дац хьо ма хеттар
Ма кера доьрзу хьо атта
Оьздангалх буьзначу маттан
Собарал- сан къоман герз
Долчуьнгахь хуьллу хьо мерз
Балано делхадин дог
Парг1ат докх ахьа ма моог
Собарал- оздангал г1ирс
Хьо мелду хедар дац ирс
Бартан а, машаран варкъ
Ахь лардо сан нахчо халкъ

\\\\\\

Ма верза т1аусин киепе
Хьаж т1ера бода д1а баккха
Бехк боцург бехке веш ма кхайкха жоьпе
Ма г1ерта цуьнгара ирсен даакъ даккха
Хьайн даржах б1о булуш цергаш ма гайта
Бахамах г1ортолла йотта ма г1ерта
Мискачуьнг шиен къоьлах ойла ма йайта
Божабе совбала цуьн къажбелч коьртар
Адамаш дуьнен т1аьхь бес-бесар ду хьуна
Х1оранне ойланаш шиен амалц ю хьуна
Сих ма ло уьш литта хьайх къинош летош
Диканиг йа г1онаг шин декъе къестош
Ма мотта бовха малх хьайн цхьанне г1отту
Буьйсан и сирла бут хьай доьхьа хьоьжу
Дуьнен риц1 мах хадо дац хьуна атта
Эг1артахь жоп даларх хилалахь кхоьруш
Йиталахь хьайн т1аьхьен байтамал аг1о
Корт та1ба меттаг ахь царна ма бита
Дуьнен т1аьхь ахь йинчу диканан ч1аг1о
Ма кара йийра йу кхана хьун иштнехь

///////

Нохчи- чоь, со лойла хьан къинна
Хьан чоьйне лазам ма къиза хилла
Хьан дега 1овжамма ма къаьхьа хилла
Хьун хазаз харцо а ме къезаг йиси
1аьржа баал Нохчи-чоь хьун хьайна биси
Мостаг1аш дукха туьх хьан чоьйне тийси
Нохчи-чоь со велха хьан бален
Хьан лата т1ададеш йижарийн белхаран
Хьан дег1 а мардихкинч наноша дохьа
До1анашц хьо ларйинч тхай дайша дохьа
Де-нене мохь биттинч берашна доьхьа
Со велха Нохчи-чоь хьан орца доьхьа
Нохчи-чоь, лойла со хьан доьхьа къора
Ца хаза лазамца хьоьг оьху узам
Хабарш а ца хаза харцонах дуьзан
Бакхебеш хьоькху мохь шаьш хиларх буьзан
Ненан мот белхаран ша байлахь бисарн
1адаташ делхаран шаьш риц1къах хийцарн
Нохчи-чоь. Хьун гинарг ганза хил веларкх со б1аьрзе
Хьан чоьйне къурдашка б1аьре ца хьежа
Къастинчу доьзалан балех ца леч1къа
Адамийн сурт ца ган, дирзанч сел эрча
Нохчи-чоь волийла хьун орцах Элча
Аллах1а делера кховдадеш геч а
 Нохчий-чоь со лойла хьан доьхьа

1999 год. Т1ехьа-Марта

\\\\\\\\\\\\\\\\\\\\\\

Ма сиха д1а йоьду зама
Дег-бала ца кхуьуш литта
Дагахь вар кхуьур ву схьал йотта г1ала
Ам бакъ ду ца кхии д1аде цхьа дит а
 
\\\\\\\\\\\\

Со кхоьру дикан декъ т1аьхьа со висарна
Сай т1аьхьен д1алела некъ а ца битарна
Мискачуьн дог дижош айс саха ца дарна
Цхьан ден а Даймехкан пайдехь ца хиларна

\\\\\\\\\\\\\\\\\
Вешина ваш воцург
Шие ц1еннаъ пайден вац
Шие ц1енна дик воцург
Куьпаннаъ мегаш дац
Куьпо а цалаьраг
Юртахь а саг ма вац
Юртанна саг воцург
Даймехкан къонах вац

\\\\\\\\\
Ма леха куьзган чохь
хебъелла чоьйнаш
ма циста, ма лерга къажбелла корт
ц1еначу дегца ахь йешйолу ойланаш
чекх яха йуьсу хьун дуьнен-хан шорт

\\\\\\\\\\\\\\


Рецензии