Ахь дог1а ма детта
Ма кхера елларна не1.
Чиркх боцчу х1усамах дог хьегна,
Яций со-м, г1аддайна йо1.
Я малхо шен серло кхоайой,
Ца къовлу суьйренца ков.
Шеконех бух боцу г1ала йай,
Ма хьеде есалле дов.
Барамал сов хеттехь сан лерам,
Бехк суна ма билла ахь.
Вошалла, г1иллакхе хьан хьехам,
Хеттера,дуьненан мах.
Бодане хьан дог ца къовлийта,
Тешавеш цабаарх дуй.
Реза ю, сайн дахар дагадеш,
Хьан кхерчахь цабайта суй.
Яц хьуна безамна со йогуш,
Байна яц дуьненах чам.
Ца лало-кх, адамийн дог лозуш,
Вайн дахар долушехь г1ан.
Свидетельство о публикации №216011602282