Ма ала
Талхийна г1иллакхаш вайн....
Ден дакъа къонахчо духкур дац,
Г1иллакхаш дицдийр дац дайн.
Ма ала, нохчийн мотт хаза бац,
Бийца я хала бу и.
Сийначу бацалахь лахьийна,
Зезагийн ду иза тхи.
Ма ала, вайн Даймохк ирсе бац,
Самукъне дац дахар вайн,
Седарчий санна шаьш къегина,
Кхуьуш бу вайн кегирхой.
Ма ала, къонахий бисна бац,
Уьш бу вайн лардийраш сий.
Нохчийчохь къонахий ца хилча,
Хир дацара ц1ена вайн ц1ий!
Свидетельство о публикации №216011602328