Маьлхан бен

Хазаза-м дацара, цу маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Сина герга марзонга, сатийсам хиллера!

Цу юьртахь кхиънера, къонаха мехкан,
Во1, ваша, дика да, вайн нохчийн къоман.
Ца хеташ шен халкъан, маршонан меха,
Цо са д1а деллера, ца кхоош дег1ан.

Къийсамехь, толамах ойланаш тешош,
И дага вийлинчу лаьмнех б1аьрг тоха.
Сил мерза, и безам Даймахке кхуллуш,
Цуьнан дог дузийна, марзонаш йовза...

Ахьмад -Хьаьжа жималлехь хьистина латта,
Доггаха сий дина, куьг хьокхуш, хьаста.
И къонах кхиинчу гонах б1аьрг тоьхна,
Мохь тухуш, сайн деган хорамаш баста...

Даймехкан сий динчу къонахийн хьаьттахь,
Ахьмад -Хьаьжа хьалхарчу мог1арехь лаьтта.
Декхар ду, цуьнан ц1е яьккхинчахь халкъ а,
Цуьнан сий-ларам беш, х1олламех латта.

Ткъа тахна Ахьмадан во1 малхах г1аьтти,
Дикчу ден даггара, нохчийчоь хьаьсти...
Ден лаам кхочуш беш, сий лаккха айди...
Дуьненна вайн къоман сий-ларам гайти.

Делаца гергарло Рамзана ч1аг1ди,
Маьждигаш тодина, хаздеш, д1ах1иттий.
Берийн дог хьастар а, шоллаг1аниг лерий...
Уьш ирсах кхелина, седарчех къагий.

Самукъне ду махкахь, б1аьстенах сирла...
Полларчех айделла, адамаш лела.
Делера къинхетам, совг1ат цо делла...
Рамзан, вайн Дала Ша, хьо 1алаш войла!

Сан Даймохк, ирс бухах дуьйлу хьост мехкан!
Дебийла хьан беркат, са дуьйлуш денна...
Ийманехь кхуьийла, яхь йолу доьзалш,
Нохчийчохь, машаре малх бог1уш серла


Рецензии