Йиц ца ло йиша
Тхан дегнаш 1овжош яха хьо йиша
Хьан иман доьвзнера ина
Йиц ца ло г1илакха марзо
Б1аьр хиш хьан каш т1е легош
Дехаш ду да нана г1ийла
Чов йи ахь 1ехалур йоцуш
Йас елла х1усам вай шийла
1ожалло якхи хьо тхоьха
Ам дегнаш чоьх ехар ю даимна
Дала хьо декъала йойла
Хьан дикалла ехар ю дуьненах
Дависа йиш елар х1инца
Доггаха хьан дог хьаста
Ма сиха хедикх хьан риц1къа
Тхан лераме нанс йина йиша
Свидетельство о публикации №216041300657