ХЬехам-до1а

Даима суьйренаш йог1ур яц йоьлуш
Хир яцкха 1уьйренаш малх кхетта гуттара
кхоьллинчу далла муьт1ахь а долуш
дехийла вай адамаш йоккхучу ханна

даимна лаьттар дац доьзална да-нана
йишина вешина хир дацкха йиш-ваша
и 1аьржа латта т1е тосучу дийнахь
дуьнена даьхни къуьйлур дац буйнахь

хийла дай-наний доьзалах къастош
къайлаха 1ожалла йог1ий схьахутту
хьахош аш такхалаш х1ора а денош
Аллах1у та1ала вай кхобуш волу

хилалаш вовшашца безаме мерза
хаацкха йог1ури и маьлха кхане
со-аса бохучу кураллин дашна
шайн дага чохь меттиг битанне ма бита

йог1ур ю зама и мийзан д1а хоттош
хоттор ду сират1а и дут1къа т1ай
царех чекх довла Аллах1а атта деш
элчана умматехь вайх дойла шен лай


Рецензии
Ибрахим!
Х1окху "Хьехам- до1и" т1ера х1ора дашна "Амин" олу аса!
Массара а хиндолчух ойла йахьари, дуккха а г1оле хир дара дахар.
Аллах1а шен къинхетамах ма дохийла бусулба адамаш!

Аза Атагинская   23.05.2016 15:42     Заявить о нарушении