Хьава Дукаева, студентка педколледжа
До1анца Деле хьо йоьхуш,
Хир ю со тахана, кхана.
Дуьненна даим а йоьлуш,
Яхалахь,сан хьоме Нана.
Ирсечу кханенга йолуш,
Дахаран хало ма гойла,
Когаха ирсан некъ хьерчош,
Вай Дала хьо декъал йойла.
Эхарх а дог1анаш шийла,
Еларо ма йовхо ло хьа.
Къинт1ера ялар а доьху,
Ойланаш г1ийла ма ехьа.
Хилалахь,яхалахь,Нана,
Елалой, алахьа дош,
Дуьненна ма елха цкъа а,
Б1аьрхишца латта дашош.
Яхалахь,сан хьоме Нана,
Дикане ерза еш ойла.
Кхоьллинчу Везачу Дала
Даим а ирсе хьо йойла!
Свидетельство о публикации №216062402120