Овхан махкахь
Герга йало, гергара йоцу,
Хера йаккха, уллехь йоцу.
Юьйцуш, хьехош дог ца хьоьсту,
Овх1ан аре, йицлун йоцу...
Наношна ца эшна боцуш,
Махкана сов бевлла боцуш.
Мостаг1алла дагца доцчу,
К1ентийн некъаш доьзна хьоьца...
Беран басах бевлла боцуш,
Яхь, доьналла дагца ловзуш.
Кхиъна к1ентий, кхоам боцуш,
х1аллак би ахь, бале лоцуш.
Дуьне малхаца ловза дуьйлуш,
Стиглахь мархаш хелха юьйлуш.
Маьрша зама ирсах йогуш,
Ахь х1ун къуьйсура, т1амна г1уьттуш.
Дахаран чам хиъна боцуш,
Дуьне довза кхиъна боцу.
Кху дуьненан меха к1ентийн,
Синош йийсаре ахь леци.
Йижар, г1аттар парг1ат доцуш,
Де-буьйса цхьа хьесап доцуш.
Кхин кхерамах къаьстар боцуш,
Наной бити синтем боцуш.
Дахаран некъ хиллехь дера,
Т1еман зама дегнех леташ.
Аш сий дина, массо к1ентийн,
Шун сий дойла, Аллах1Дала!
2014
Свидетельство о публикации №216062900416