Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.

Езарий-те цунна со?

     Дукха хан йоццуш,сайн тептарш кегош,цу юккъехь карий суна х1ара дийцар.
Кхуьнан автор ма хетта соьга,чулацам тайна яздо аса х1ара кхин д1а.Ма-дарра,дийцархочуьн ц1арах схьадаладо ас х1ара.Карах далахь,доьшур-кха аша,суна-м дагах кхийтира и йозанаш,хьеннан а уьш хиллехь а...

               
    "Жимчохь цхьа к1ант везавелира суна.Цуьнан аматаш йоь1ан санна хаза дара: боккха баьццара ши б1аьрг,горга юьхьмарш,сирла-хьаьрса месаш,к1айчу сибатехь ,юккъерчу дег1ахь. 
    К1ентан ц1е 1имран яра.Иза сан ненанхойх вара,цхьа генара гергара хуьлуш а  волуш.Сан х1етахь шийтта-кхойтта шо хан хир яра. Сих-сиха йоьдура со луларчу юьрта к1антах б1аьрг тоха.Цхьаьнахенара дара тхойшиъ,беттанаш ца лийрича,со
йоккха хуьлуш яра...
    Эх1,ма ц1ена яра сан ойланаш.Ма шатайпа бара сан цуьнга болу безам.Иза цкъа  гича,баттана а тоьуш,цуьнга цкъа йистхилар нисделча-шарна а.Хетарий-те цунна  иштта? Езарий-те цунна со?
    Со ехара йинчу юьртахь цхьана лаамца:кестта М.-эвла г1ур ю,цигахь ас  цхьа  де,я буьйса йоккхур ю...Нагахь доьг1нехь,1имран гур ву,цуо суна кхин д1а яха  г1ора лур ду...
Юха ц1аеъча,кхин цкъа а тхаьш юхагаллац ойланашкахь дехар ду цуьнан сирла амат,  дагчуьра д1а ца долуш...
    Со М.-эвлара чукхаьчна.Сайн дагара ас бешарчу 1ежийн дитташна бен ца довзийти,иза къайллаха,цхьаьнна а хезар доцуш.Суна,хьалахьаьжча,стигал бухбоцучу  х1ордах тарло,со реза ю корта 1аркъал цу стиглан х1орда чу йожа,ирс ду  иза,лаьмнашна т1ера 1уьйранна г1уьтту к1айн 1аьнарех терра цкъа д1адовш,маьлхан  з1аьнарех цхьа хьан б1аьргаш къагош,хьан куц хаздеш,дузуш.Безаман мутт  мийлинчунний бен хуур дац цуьнан къайле...
    Цхьа блокнот ю сан ойланаш дагахь ца къийлалуш,уьш д1аязъеш,цу т1е сихонца  охьадуьллур ду х1инца сайн синна мел 1аьткъинарг.Ткъа и юткъа-еха блокнот д1о    шифонер буьххьехь лаьттачу,нанна т1аьхьа еанчу 1аьржачу т1аьраскан кхаа чамданах  уггаре а бухарчунна к1ел та1ор ю,цхьа а т1е ца кхачийта.«Суна тахна 1имран ца  гира...Маца хир те тхан юха гар? Суна тахана 1имран вайра,тхойшиъ дуккха а 1ийра тхан ненан нанас д1адоьг1начу туьркан диттан к1ел дуккха а дуьненах,1илманах къамелаш деш...Дависа,1имран,ма оьшу суна сайн дахарехь хьо,хьоьца хир дара сан ирс а»-иштта дуккхачу а синхаамийн йозанех дуьззина ду тептар-блокнот...
    Цкъа со  М.-эвлара ц1а еъча,сол жимаха йолу йиша Хеда хиллера суна т1ехьа тидам  беш,цуо тергалдина хиллера,аса сайн деган шовкъаш д1аязъеш  хилар…
Со чуьра ара а ялийтина,схьа а эцна йозанаш  дешна  хиллера цуо…Ма холчу  х1оьттира со,Хедас сайга,суна хаьа,хьо М-эвла яхча самукъадолуш х1унда ю.1имран  мила ву? Гучуелирий  хьо? "Ваааа,лецирий хьо?"
«Лов» аьлла,сийна ц1е летира сан кийра,со ц1ий елира,юьйхира,айса х1ун аьлча  нийса хир ду ца хууш а йисира...
  Х1ета ца елла,цкъа а лийр яц со...Цхьанхьа цхьамма къоладеш лаьцча санна, йоьхна йисинера со йишина хьалха,юьхь1аьржа х1оттаезаш ерг иза а йоллушехь.Х1ан-х1а тамашийна бара иза,берахьлера синхаам-цхьа  ц1ена, оьзда, цхьаьнна а хаийта  йиш а йоцуш,гайта  а… Цундела б1аьрг а ца хуьлура,я цхьа а луур а ца долура…
    Даим а цхьа ойла яра сан коьртехь:ма ч1ог1а оьшу-кх суна и,оьшурий-те  цунна  со?
    Ас тиднера цхьа х1ума,(со церан кет1ахула йолура ненахошка йоьдуш)- со шена  хааеллачу м1аь1аргонна иза д1авог1ур вара ненаваша волчу, суна-м 1имран сайх  б1аьрг тоха воха мотталора. Со оцу еккъа цхьана ойлано ирсе а йора.Эх1, ма ц1ена  бара хьо дуьххьарлера бераллера безам.
    Юха цаьргахь вовшахкхетта 1ара:Бабин жима чоь яра,иза йолчохь ч1ог1а самукъне  а хуьлура… Охашиммо дукхха а къамелаш дора…Хьекъал долуш к1ант вара иза. Х1ун  ца  дуьйцура оха х1ета-дуьне горга хилар а,1илма к1орга хилар а, цхьацца киншкаш йийцаре йора.Х1инца санна интернет, компьютер а ма яцара х1етахь.
    198.. шарахь деша дахара тхо:со-филфаке,иза-спортфаке.1имран чекх ца велира  ,аса а экзаменаш д1аелира…Сайн  фамилел хьалха туьдура ас цуьнан кхиамаш,сочиненин баллаш к1еззиг хиллера,кийрахь  цхьаъ  хаьдча  санна,холчу а х1оьттира со х1етахь… Сан дагна томанна санна, комиссино чекх ца ялийтира со а цу  шарахь. Суна хазахийтира айса  кхоллам  1имранца  бекъна. 
    Цунна дагахь а дацара со шена некъаш толлуш хилар, я цунна хууш а хила хир дац  суна ша везар, цундела  даим а цхьа хаттар дара сан  коьртехь:"Езарий-те цунна  со?
    Цуьнан спортехь кхиамаш бара, цунах сих-сиха яздора "Ленинзман  байракх»  газетехь,кхано сан а яра цу  газетехь зорбане юьйлуш цхьацца  говзарш... Т1аккха  йоккхаера со, тхайн  ийначу  дахаран  некъех,амма  дагчохь къуьйлура цхьа  ойла:"Суна-м ч1ог1а хьоме вара иза, езарий-те цунна со а?
    Суна со эшна хетара куьцаца,леларца,1ер-дахарца,амма ч1огг1а лаьара пох1мийца ,дешарца г1араяьлла а, дуьхьал д1а 1имранан сайна т1е ойла яхийта...
    Д1ауьдура  дахар,токхе а, токхаза а денош 1енош.1имране къайллаха сатуьйсуш. Иза Деле сайна воьхуш а...
    Охашиммо вовшашна цкъа а хаийтина яцара тхайн  ойланаш….
    Схьадоьллу ас сайн тиша тептар:«1имран! Ма веза суна  и, езий  техьа  цунна со а,со д1акхоччушехь ма вог1у и ненахой болчу.Ткъа ненайиша а шек ма  елира сан т1аьххьара:"Лаа дуй те шуьшиъ даим а цхьаьна самукъадолуш  хилар?»…
    Д1аоьхура зама,тхо х1инца даккхийра дара, тхо юха а вовшийн гора,оха жима  театр а йиллинера ненанхошкахь,со к1антах а, и  йо1ах а хелха долу кеп йина,цкъа чохь мел берш белийна эгийра оха...Х1инца тхойшиъ ши гергара стаг санна дара царна гергахь…Сан дагчохь х1инца а дара:езий те цунна со,суна иза а санна.
Юха и д1авоьдура,со юьсура...И луларчу нахе 1ен д1авоьдура…Цхьа доьзал бара  шаьш 1аш,ши йиший, жимаха волу ваший, цаьргахь хан яллалц 1ара 1имран цкъаацца. Зарема яра, со хьоьгучу  йоь1ан ц1е. Цуьнца 1ара иза… Ас ойла  йора, наб ца  кхеташ:«И  хаза а ма яц,и езаш лела те и? Сайга  куьзгана а хьожура сих-сиха:юха сайн мара  нийса ца хетара, я б1аьргаш т1ех сирла а, даккхий а хетара… Са хьере  долура,эмгаралла совдолура, амма юха а 1имран схьа ма вайнехь, цуьнан леррина  сайца 1ен лаар тоса ма деллехь,ойла т1ома йолура.«Х1ан-х1а, бакъ дац и, цхьа а  яц кхуьнан  дагчохь,со  йоцург, тхойшиъ  ду Дала Азаллехь рицкъанаш  цхьаьна тоьхначарех» …
   Цкъа а ца йицло суна и цхьа 1уьйре …
Аьхкенан юьххьехь дара и… Мукъа деношна школера ц1а а хецийтина, ненахошка яхара  со… Эвлайисттехь охьа а йоьссина,со чу  яхалушшехь, юьрта юккъехула а йолуш,
д1аяхара со, церан  урамехула, церан кораш к1елхула ялархьама.Цунна со гайта,юха и  ваийта ненахошка сайна т1аьххье,суна хетара и. Деки-туька йолучу урамехь бара  уьш,лекха таллаш дара и урам чекхбаллалц,суна ч1ог1а хьоме а дара и дитташ,церан  урамехь уьш долу дела.Тахана урамехь стаг а вацара,со йог1у ала а. Оццул суна  дукха дезаш долу таллаш а ца гора суна тахана, я  татолан  йист а….Ас цуьнан  васт лоьхура…
Ца гира суна 1имран,цунна со гинехь и вог1ург хиларх тешна яра со…
И де д1аделира, буьйса а.
  Шоллаг1чу 1уьйранна сатесира ас,гур вац те аьлла, со ц1а яха езаш яра сарале…Ца веара делкъана а, я сарахь, со ц1а ца яха елира цу дийнахь, ас лувца йинера  дагахь:нагахь цунна езахь  со, тхойшиъ гур ду», ворх1 къулха дийшира аса. Ас даим а доьшура ворх1 къулха, сайн ойла  кхочушхилийта Деле доьхуш.
Цу буса а ца веара 1имран,сан дог дуьйжира,1инах боьжна т1улг санна..
Са хуьллуш,Нана еара суна т1аьхьа, дов а деш,цуо бетта  мохь ца хезара  суна, нанас хаддаза дов дора суна,ц1а х1унда ца еъна бохуш.Суна ца хезара цу деш долу дов,цхьаъ дара со холчу  х1оттийнарг,халахеттарг:1имран  ца  ги-кх  суна. Ца  еза-кх   цунна  со,эрна  ду  ас мел  тийсина  са  а»
Сой  ,Наний  социйле  д1ах1оьттина  лаьттара...Ц1еххьана  дехьа  некъан  йисттехула   шена  нанна  т1аьхьа  а  х1оьттина  вог1учу  1имранах  б1аьрг  кхийтира  сан:  цуо соьга  схьа  а  хьаьжна  куьг  ластийра..
 Эх1, оцу  суьрто  сан йина  догойла  хуьлийла-кх  массо  а  догдоьхначу  адаман.  Дийца  а  лур  дац и.  «Со  цунна  еза,эрна  дац  сан  сатийсар» -х1окху  ойланаша  йийсаре  йира  со.Хастам  бора  ас  Далла сайн до1а  кхочуш хиларна.

    Юха  кхин а зама д1аяха, мох санна, хьаьдда.Со  институтехь доьшуш ю.Тхо  лагерахь ду,1ежийн  бошмаш яра 1ассйистехь, цигахь  дара тхо,студенташ.1имран вог1у цига. Ас  1имранна йо1 хьахайо, и баш  т1ера  вац  ас  дуьйцучунна, цунна  соьца 1аш хазахета,я ас  дуьйцу захало кхин к1орггера т1е ца дуьту...
Х1ета цуо суна книшка еара «Ши  Диана»... Т1аьххьара гар дар  тхан  и…
Иза вайн махкахь хьалхара  т1емаш  бевлча кхелхира...
   Соьгахь цуьнан цхьа сурт бен ца  дисира... Цунах цхьа чурт а дисира…
   Сан ойла  а  йисира  паналлехь,жоп доцуш, хьийза:"Ма ч1ог1а оьшура суна иза! Езарий-те цунна со?!


Рецензии