Т1емах лаьцна ойланаш

("Собаре лаьмнаш" романа юьккъера кийсаг)

       Шен лаамера д1аваьлла, кхечу нехан лааме вирзанчу, маршо а, парг1ато а д1аяьллачу стеган ойланаш ша – тайпа хуьлу. Цуьнан мохь бетташ дийца а, кхийкхо а дуккха а х1умнаш хуьлу. Шега ладуг1уш нах к1езиг хиларе терра. Амма со кху ор чохь воьхна вац, халча х1оьттина а вац. Суна хеа: Аллах1-Дала диннарг хир ду. Цо динчунна со реза а ву.

 Со кхоьлланарг а Дела ву, со д1авуьгу верг а, мацца вигахь а, Дела ву. Далла ма хеа, со ша хесахь кхиийна г1абакх йоций а, ша суна кхетам а, эхь-ийман а цхьана х1уманна деллий а. Со кху дуьненчохь оьшуш вац аьлла хетахь – вига д1а. Оьшуш ву аьлла хетахь - яккхийта кхин а цхьа зама. Дерриге а Сийлахь Воккхачу Делехь ду. Со цуьнах тешна а ву.
       Сайна ма-хеттара аьлча, суна инзаре дукха дезара, х1ай Сийлахь Дела, х1ара маьлхан дуьне, х1ара иштта сакхте а дитана, д1аваха.

       Суна х1инца карайна, х1ай Веза, Воккха Дела, айса кхулт1ехьа бан дага лаьцна  т1ом йилбазца бан декхара хилар. Вуьшта, хьенах лата со? Мила хьаста аса? Стена т1ехь къахьега ас, айса кхулт1ехьа дуьненчохь йоккху зама мелла а алсам пайдехь хилийта? Суна ледара, осала ма хета, деккъа ц1ена Хьоьга до1анаш а деш, 1ар, х1ай Аллах1-Дела. Ахь суна а ма беллера кхетам а, эхь-иман а, г1ехь деналла а.

       Гобаьккхина – т1еман к1ур. Массо а адам тайпа шина когат1ера х1ума вовшен яа, вовшашна т1ехаа г1ерта. Иштта къиза ахь кхоьллана х1ара хаза дуьне, Аллах1-Дела, я Йилбаза галдаьккхана х1ара?

       Суна цхьа х1ума-м хеа, х1ай сийлахь Дела – шен ойланашца а, шен г1уллакхашца а шалхонаш лелон стаг Ахь къобалбинчу новкъа д1аг1ур ца хилар, Ахь къобалъйнчу 1алашонашка кхочур ца хилар. Цундела сайн ойланаш ма-ярра Хьан а, нехан а кхеле мукъа яхка ас? Айса санна ойла еш берш цхьаьна хорша бирзича, мелла а улло г1оьртар дацарте тхо Хьан коьрта лаам бовзарна, х1ара Хьан исбехьа дуьне мелла а харцонех, баланех ц1андарна?
 
       Цхьане ойла е вай, х1ай нах, мича т1амехь кхехка вай, муьлха аг1о лаца вай кху т1амехь? Синпарг1атоно ирсе кхачортехь вай, йилбаз дийнахь а, буьйсанна а, цхьана  минотана а мокъа 1аш ца хилча?

       Т1ом…  Иза цкъа а сецна а, хаьдда а бац. И ца хууш верг дакъаза волу. Адам делахь – адам. Къам делахь – къам.

       Т1ом хаьдча  адам хьере, сингаттаме хир дара. Цундела латтадо Дала дуьнена чохь йилбаз (сатана, бес, дьявол) – т1еман а, вон мел дочуьнан а да.

       Дала вайна 1аламан хазалла, безаман марзо, дахаре шовкъ елла, адамашна даха лаийта, дахар дезийта, адамаш хазаллина, хьекъална, оьздангаллина, токхенна т1е г1ертита. Амма адамаш доллачун а кхачам а хилла, парг1ате девллачул т1аьхьа дуьнена чу боккха сингаттам х1уттур бара. Цундела Дала могуьйту Йоккха Харцо, цу харцонца дуьстича, нийсонан, парг1атонан, машаран сий-пусар дан хаийта, цаьрга сатийсийта.

       Дерриге а девза дустарца.
       Шелонехь г1орийгначунна дика хеа йовхонан пусар дан.
       Мацалло хьийзайначунна дика хеа юург 1алашъя.
       Харцоно 1аьвшанчунна дика бевза бакъонан мах.
       Воно 1овжийнарг дика кхета ша сана воно лаьцначух.
       Бала ца лайначунна шега кхечо бала буьйцуш кула йолу…

       Уьш дерриге а адамашна хууш а, адамаша зийна а х1умнаш ду. Т1къа стена доху карла? Х1ун ала г1ерта вай?

       Хууш дерш дицло, тидамера д1адовлу, х1ора муьрехь а карладохуш ца хилча. Д1адиллина латточунна матар тосу, мекха юлу, неца бо. Коьрта х1умнаш ду кху дуьненчохь кест-кеста карладохуш хила дезаш, цкъа а диц а ца деш!

Уьш дицделча, церан маь1на, мах, ницкъ ца хиъча, буссу махкана баланаш. Ткъа вайна, нохчашна, к1езаг гина уьш? Кхул т1ехьа кхи гур бац, аьлла, тешам хьан белла, мичара баьлла вайна?
       Хиллачех маь1на а дина, кхид1а иштта ледар а, осал а, 1овдал а хир дац, аьлла, сацам бинарш муьлуш бу вайха? Мича 1илманна, хьекъална, пох1мина, зеделлачунна т1ехь бина вай и сацам?

       Сапарг1ато (благодушие), бала ца кхачар (безразличие, беспечность), х1ума ца хаар, хаа ца лаар (невежество, тупость) – царел къилахь х1ума дац! Царна юьккхехь бо йилбазо шен бен! Йилбазан бехк бац. Цо кху дуьнен чохь лелош ерг шен амал ю.

Бехк – йилбаз кхиийначун, дузийначун, цунна ницкъ беллачун бу! Ишттанаш вайна юьккъехь хилла а, болуш а, хир болуш а бу, цу декъазчу нахана шаьш мел кхерамечу новкъахь ду ца хаахь а. Шаьш лелош дерш нахана хуур дац, нах царна т1е кхуьар бац царна моттахь а. Нах-м хьанха бац 1овдал. Вай церах лаьцна ваьшна хетарг эр ду.

       Т1ом…
       Т1ом хедар бац, х1ара дуьне мел лаьтта.
       Бакъоно т1ом бо харцонца.
       Собаро т1ом бо сихаллица.
       Доьналло т1ом бо тешхаллица, осаллица.
       Комаьршалло т1ом бо сутараллица.
       Тешамо т1ом бо тешнабехкаца, мекараллица.
       Парг1атоно т1ом бо 1азапаллица.
       Безамо т1ом бо… массо а вочу х1уманца!
       Безамо синошна дарба до.
       Безам болчахь яц къизалла, харцо, осалла.
       Безам массо а х1уманца бакъ бу.
       Безам – дуьненан маь1на ду.
       Кху дуьнен чохь угаре а коьртаниг –
       Деле болу безам!
       Дерриге а дуьне латтош берг –
       Деле болу безам!
       Безаме бен эшалур бац Боккха Т1ом!
       Безаме бен эшалур яц Йоккха Харцо.
       Безамах бен ца озало  Йилбаз!

       Безам уггере а хьалха шен чохь, шен х1усамехь ца хилча ца болу. Шен чохь безам ца кхиийначунна арахьарчу адамашна юьккъехь безам дебо а хуур дац. Безамца воцу къонаха Йилбазан йийсарлехь ву.

       Оьг1азалла, хьаг1, цабезам, к1изалла… Осалчу стагехь, ледарчу адамашкахь алсам ю уьш. Царех ларваларо, уьш шен даг чу ца аьттехьа а ца йитаро билгалдоккху – ю къонахчехь Нохчалла, я яц! Х1ун ю Нохчалла? Стенах олу Нохчалла? Заманца к1езаг х1унда хьехайо вай иза? Хьанна, х1унда леа Нохчаллин мах охьабаккха?

Хьанна, х1унда леа вай Нохчаллех д1ахерда?  Хьанна, х1унда леа вайн ойланаш тиларшка хьийзо? Вайна х1унда ца бевза х1инца а цу т1ехь йилбазо беш болу болх? Цу балхо ца хьийзабо кху чохь юха а т1ом? Цу балхо ца даьхна вай оч? Цу балхо ца тийсина вай вовшен коча?

       Т1ом. Идеологически, адамийн кхетамца а, синошца а бен т1ом. Цхьана аг1ор – ахчанаш. Инзаре даккхай ахчанаш. Вукха аг1ор – эхь-ийман. Цу т1амехь тахна кху доллучу а дуненчохь, ала мегар долуш, ахча ду толам боккхуш.

       Ишттачу  муьрехь деха вай. Цуьнах вай кхетар – угаре а коьртанаг. Ахчано ца оьцу адамийн кортош д1а. Цу ахчанах бохкабеллачара оьцу. Шаьш бохкабелла ма ца олу 1илманчаш ду шаьш бохучара, яздархой ду шаьш бохучара, динан дай ду шаьш бохучара, къоман дай ду шаьш бохучара.  Цара шаьш, массерал а ч1ог1а къоман дукьхьа къахьоьгуш ду, боху. Къоман кхетам хьалабаьккхана, царна хьанал къахьега аьтто бина, шаьш дина а, я деш а х1умма а дацахь а, моттарг1анаш лелор бен.

       "Яхкаелла интеллигенци"...
       Герггара х1уманаш дуьйцу, хаза х1уманаш дуьйцу, массарна а тохара хуурш карладоху, амма коьртаниг ца дуьйцу: муьлш ду вай, мичара схьабог1у вайн орам, муха дуьхьло ян еза йилбазна, ваьш цуьнга дакъаза ца дахийта? Вайн кхетам цуьнга тиларшка ца бигайта?

       Угаре а хала т1ом – стага ша-шеца бен т1ом: шен сакхташца, шен ледарлонашца, шен хьарам лаамашца. Гуттара а ца боккху стага цу т1амехь Толам. Ма мерза ойланаш туьйсу дагчу йилбаза. Ма хаза, ойланаш 1ехош ю кху дуьненан цхьайолу амалш.

«Ваьхна а х1ун до, лаамашна хецна парг1ато ца елча»,- олий дагчу тосу йилбазо. Амма йилбазан «букъ кагло» къонахчунна т1енисделча. Къонахий бу, хилла а бу адамашна юьккъехь. Уьш г1арабийла ца г1ерта. Цара шайна рекламаш а ца йо, ши шай къомана бина пайда а боцуш. Шайгахь доцург ду моттийта а ца г1ерта.

 Уьш динца г1арабийла, суьпабийла а ца г1ерта. Амма царна хаьа, шаьш мел боккху ког а, мел олу дош а, мел ден г1уллакх а Аллах1-Далла гуш дуй. Цуьнах тоам бо цара. Цундела Дала царна синпарг1ато, собар, ирс ло. Цу тайпачу наха латтош ю вайн тийна ярташ, вайн хаза г1аланаш, берриге мохк а, дерриге дуьне а. Ас буьйцурш цхьа нохчий бац, дерриге а дуьненчуьра ийманехь нах бу.

        Стага ша-шеца бен т1ом - иза велча бен чекхболуш бац. Цкъан а аттача болуш а бац. Стаг вичахьанна велла д1аваллалц ша-шеца т1ом беш ву. Цу т1амехь вахчалуш ву. Стеган мах – цу т1амехь цо баьхна толамаш, цуьнгара нахана даьлла беркат, цо нахана дина г1уллакхаш. Вай-м стеган мах цуьнан лекхачу ц1енойх, езачу машенех, лакхарчу даржех хадабо. И дерриге а цо лачкъайна, харцонаш, ямартлонаш лелайна, гулдина делахь а. Мел доккха сакхт ду иза! Ма к1езаг ойла йо вай цуьнан!
 
      
***

       Мича дуьненахь деха вай? Муьлуш бу вайн доттаг1ий, мостаг1ий? Х1унда лоцу вай х1оразза а харцоно, гуро дахка сана? Мила, я муьлш бу цунна бехке?

       Къилбаседехь Россин пачхьалкхе кхоллаелча, иза ч1аг1елча, лаг1ъелира аренгара Кавказана т1елета кочевникин (ц1армат нехан) ардангаш. Цуьнан мах хадо хьекъал а, 1илма а ца тоьара вайн къоман, гуьржийн, я х1ирийн сана. Вайн дайшна, х1етта исламе бирзанчу, оьрсий керстанаш хилар бен ца гора, дукхахболчарна. Россех вайна баьлла пайда, России бахьанехь севцна ардангаш ца гора дукхахболчарна. Къам бодашлахь дара ши баь1а шо хьалха. Къам ца кхетара, шаьш аренашка юха охьадовлар Росси пачхьалкхе бахьанехь хиллий. И кхетам къомана луш "дешна нах" к1езиг бара.
       Амма къоман баьччанаш 1овдал бацара. Уьш къинхетаме а, собарца а бара, царна шайн къам 1алашда леара.

Цареха вара Ушурма (шайх Мансур), т1аьхьо – Таймин Бийболат. Цаьршиммо къахьийгира Россин паччахьца машаре барт бан г1ерташ, амма Россин инарлаша церан пусар ца дира. Х1унда ца дира? Х1ун йилбаз дуьйлира юьккъе? Цуьнан таллам ца бина вай х1инца а. И ду уггаре а коьрта сакхат вайн 1илманан а, яздархойн а интеллигенцин. Интеллигенцина наб кхетча меттаха йовлу динца ю шаьш, боху 1овдалш, бусалбан дино бохург шайна аьттехьа а ца хаахь а. И ца дуьйцу вай.

 Цхьаммо а. Цхьаний 1илманчо а. Ткъа иза мел мехала ду! Мел баланаш юхатоьхна хир бара, цуьнан маь1нех вай духе кхиъна хиллехь! Х1инцалера т1ом а хир бацара. Вайга и т1ом байта г1ерташ, хьалхабевлла лелачу жуьгташа лелораг х1ун ду а хуур дара. Церан ахчанех 1еха ца дала а мегара.

       Бала базлур бацара вайна лела хиъча. Лела хаа 1илма, хьекъал деза. 1илма а, хьекъал а ца хилча, цхьана шен махкара веддачу суьлечо, я цуьнан т1аьхьенаха волчо, дакъаза доху. Дакъаза девллачул т1аьхьа а ца кхета... Вайна бала а ца хуьлу, йилбазан лай мила хилла, эвлаяъ мила хилла.
 
Амма эвлаяаш а бицбо, цхьа кхин соьле, жуьгте, я лай ма ваьллинехь. Царех керла, Далла т1ера баьхкина имамаш, эмираш бо, царна ши дош нохчийн ца хаарх а, шера оьрсийн мотт а буьйцуш. 

Царна улло «динан дай» лелха. Х1ора 1едална а керла-керланаш. Уьш-м кичча бу, шортта бу, сом луш стаг ваьлчахьанна. Ма дукха хиллакха вайн и динан дай, буй а ца хууш. Советан заманчохь мича 1уьргашчохь левчкъана 1аш хиллатехь уьш, х1инца жуьгташа, западан разведкаша кху чу хьовсийначарна улло лелха? Ма бале евллакха и бакхий нах ду шаьш боху тентигаш. Ма ц1еххьаршха майралла йоьссина цаьрга.

Ма халчахь хилла уьш, коммунистех кхоьруш. И коммунисташ-м шаьш а ма бара ламазца а, мархийца а. Цхьангга а ма ца бохура цара, дин ма леладе, Москвана гергахь кехаташца цхьацца бахьнаш лелош хиллехь а.

       Империн уггаре а къизчу политикан г1ончий хилла лелла бу  гуттара а суьлий. Царна т1ом а, беш хилча,  шайн махкахь бан ца лиира. Цара т1ом Нохчийчу беара. Т1аьхьо г1аттамаш беш болу нохчий оьрсийн эпсаршна улло хьекхалучу суьлаша ирахъихка билайра. Мотт биттина, Кунта – Хьаьжа дакъаза ваьккхинарг суьлашха схьаваьлла Касим Курумов вара. Ирах улучу 1аьлбаг-Хьажина к1елхьара г1ант суьлечо бен ца даьккхира…
      
       Нохчийн бехк бу, я нохчийн дакъазалла ю? Х1ун башхаллаш ю царна юьккъехь? Къам декъаза хилар – къоман паьччахьийн бехк бу. Шайна баьчча къасто, цуьнах шайна тешаме, беркате куьйгалхо кхио ца хаар  – къоман бехк бу.

Цхьа а вог1ар вац арара вай д1анисда, вайна ваьшна д1анисдала ца хаахь, дуьйлачу сакхтийн мах хадо хьекъал а, доьналла а долуш, уьш кхи ца дилайта. Х1ун жам1аш дина вай х1инццалц ваьшна хиллачух? Х1уда ца хеа вайна, ваьш дезаш а, вайх къахеташ аддам а воций, вайна ваьшна лардала ца хеъча? Хьан ца дуьту вай и жам1аш дан, нагахь кхерахь, къайлаха яздина а, т1екхуьучарна довзийта?

       Т1ом… Т1амах кхийринарг т1амаха ца ваьлла. Т1ом гуттапра а, массанхьа а бу. Хьекъал долчо т1ом шена оьшучу хорша берзабо. Т1аккха иза юьстаха буьссу, 1овдалчун коча боьду. Вайна халахетар ду, вай 1овдал ду аьлча. Амма х1унда хьошу вай гуттара а т1емаша? Т1емашна гуттара а юьстаха х1унда буьссу вайн лулахой? Ойла ян х1ума дац иза?

       Т1ом хир бац, иза бан сак1амделла нах боцчахь. Муьлуш бу т1ом бан сак1амлуш берш? Цу т1амах пайдаэца луурш. Царна карабо 1ехаба нах.

Муьлш бу цаьрга атта 1ехалуш берш? Уьш бу бан болх а боцуш, шайн доьзалаш кхаба рицкъа а доцуш, юькъаралло юьстаха кхийссина нах. Уьш д1анисба, 1алашба, церах машаре нах бан декхараллехь дерг – 1едал ду, власть, оьрсийн маттахь аьлча. 1едало шен къоман терго ца йича, церах х1уъа хилча а бала а ца кхаьчча, г1отту Адам и 1едал карчо, хийца.

 Цу г1аттамех пайдаэца 1алашо лоцу кхечу, арахьарчу ницкъаша. Т1аккха г1аттамех боккха т1ом хуьлу, г1аттам бинарш дакъаза а бовлуш, царех тешнарш дохко а бовлуш. Цу балхо толадо, там бо йилбазна. Иштта хьал х1утту х1оразза а.


***

       Вайна (дерриге а къам а, цуьнан интеллигенции а цхьане схьалаьцча) к1езаг хеа «политически технологи» бохучу дешнийн маь1на, мах.  Вай иштта долчу х1уманийн к1езаг хьесап до х1инца а. Вайна ваьшна т1ехь дечух кхета хала хир ду, вай гутара а эшамехь, байттамаллехь хир ду вешан мостаг1ийн герз, ницкъ, технологи хууш ца хилча. Цара-м и технологиш лелон баь1аннаш, эзарнаш шераш ду!

 Вайна моьтту массара а вайна вешан даго, вешан кхетамо, вешан эхь-имано, вешан бусалбан дино хьоьхучу кепара ю нехан а, кхечу къаьмнийн а ойланаш. Бакъ дац. Вайна юьккъехь ду шайх «этнос» ала йиш йоцу адамаш, къам ду шаьш, бохуш, лелаш. Масала, жюгтий. Жюгтий къам дац, вирус ю, кхидолчу къаьмнашна наб ца кхетийта Дала юьккъе яьккхина, - олу цхьаболчара. Иза нийса хилар герга ду.

 Набкхеттарг веллачун новкъа ву. Иза сих-сиха самаваккха везаш ву. Къийсамо, т1амо карзахваьккханчунна бен ма-барра ца хеа машаран, парг1атонан мах. Далла дуьненчохь бийшана 1охку нах ца оьшу, Цунна дуьненчохь деналлехь, кхетамехь, иманехь умма оьшу. Ишттачу уммайна бен бийр бац Аллах1 Дала шен рог1ера хаамаш.

       Политически технологи вайн мостаг1аша гуттара а лелош ю, цкъан а сацайна а яц. Росси пачхьалкхеца 200 шо хьалха кхоллаелла юкъаметтиг машарца, бертахь д1анисъя г1иртира вайн къоман баьччанаш.  Х1етахьлера нохчийн баьччанаш деналлехь, оьзда, кхеташ нах бара, х1инцалерачу эмирех тера а боцуш.

Амма Россин куьйгаллехь цхьацца провокаттоьр волура, цу «вирусах» х1уо кхеттарш. Масала, масон, жуьгте Ермолов. Цо онда къахьийгира оьрсийн а нохчийн а юкъаметтиг гуттаренна а эг1о. Цуьнан цут1ехь боккха аьтто хилира. Цу аьттонан х1уо таханалерчу дийне схьакхаьчна. Ермоловгара эстафета схьаэца г1ерта таханлера цхьаболу Росин инарлаш, къаьсттана талмудисташ.

       Вирусан политика наггахь цхьанайог1у шовинистийн политикайца. «Советски империн великодержавни шовинизм» - и тема 1илманехь 1амайна яц х1инца а. Советски шовинизм классийн къийсамех, пролетарски интернационализмах д1атаръя атта ду цхьаболчарна.

Амма мича классийн къийсамашца, пролетарски интернационализмаца дог1уш дара Нохчийчохь итаннаш шерашкахь цхьан а йоккха завод, я фабрика ца йиллар? Шовинисташна нохчий оьрсийн къомах сихха д1аэ леара, ткъа вирусна вайн махкаь т1емалой кхиа леара. Оьг1азе, меца, къиза т1емалой!  Уьш кхиа а кхиъна, леррана цхьана питомникехь кхиийча санна.

       Вайна моьтту, вайца цхьане а бала бац, вайн кхолламаш шайна ма-хетта д1анисба г1ерташ, вайх шахматийн у т1ехь пешканаш ян г1ерташ цхьа а вац. Иза аьттехьа а дац! Вай сана цу шахматийн у т1ехь ю Росси а, кхи мел долу 1овдал, г1ийла къаьмнаш а, пачхьалкхеш а. И ца хуу дела ду вай б1аьрзе цициган к1орнеш санна д1асахьийзаш, цхьанне а (ур-аттал вовшашна а) дош а ца хеташ, я къа а ца хеташ.

       Дерриге а хууш хилча а хьалхадоккху вай… вешан киса! Дерриге а д1анисло моьтту, цъа-шозза мовлид ешча, молла ву бохучун кисана лачкъиначуха  кепекаш те1ийча… Дела 1ехавалла ницкъ бу техь вайгахь? Я Дала кхин (я кхинаш) карор бацтехь шен «Адам» - аьлла инзаре проект дуьненчохь чекхъяккха? Къор1анна т1ехь цо билггала ма боху, галдевллачу къаьмнийн метта ша кхинаш кхуллур ду!

       Политически технологи… Бусалбан дино иза йилбазалла, шайт1аналла лору. Х1уда деза бусалбанашна йилбазан, шайт1анан 1илма, методика схьа а эцна, царех д1атарбала йиш ца хилча? Мостаг1чун герз лело йиш ца хиларх, и герз довза декхара ду. Цу герзаха к1елхьара довлар лаха декхара ду. Т1ом т1амо Бен юха ца  туху. Амма муха хила беза вайн т1ом? Муха хила деза вайн г1азот? Ишттачунна аьлла вайн дайша: «сихалло садаьхьна, собаро лам баьккхина!»


       СОБАР ду вайн хьалхара герз. Къаьсттина – жимачу, вовшашца барт боцучу къаьмнашна. Собаро къезаг долчуьн  хьекъал алсамдоккху. Дицделлачунна г1иллакхаш дагадохкуьйту. Оьг1азалла лахъйо. Мелла а къинхетам боссабо. Дино, пайхамарша беш болу хьехамаш тидаме оьцийту. Собар хьекъалан, кхетаман да ду. Цундела лардо собаро адам массо а вочу х1уманах. Кхин х1умма а ца дийцича а, Делехь долчу собаро кхето декхара дара вай, иза мичара схьа ду, мила ву собаран бакъволу да

       Шозлаг1а вайн герз – ХААР, 1ИЛМА! «Информирован – значит вооружен» - олу оьрсаша. «Нохчашка т1аьхьа дуссу хьекъал шегахь делахьара, стигланаш дашо йир яра ша, - аьлла боху жуьгтечо». Иштта ду вайн цхьа хабар. Вуьшта, вайна т1аьхьа доьссина хьекъал а кестта дицло.  Тоьар бацара вайна Кунта-Хьаьжас бина хьехамаш, цкъа юха а ваьш дакъаза ца даха? Кунта-Хаьжас весет ма дитанера вайна: «Нохчий! Совцабе г1еттамаш!

Сацабе т1емаш! Вай кхачош лаьтта. Из аду вайн мостаг1ашна оьшург – вайн латта, вайн ялсамане сана болу мохк, вай т1ехь а доцуш. Шайга г1о, алахь, килсаш чу а г1о. Уьш пенош Бен дац, шун дегнаш чохь бусалбан дин хилчахьанна. Шайга ихка, алахь, жа1арш а ихка коча. Уьш эчигаш Бен яц, шун дегнаш бусалбан хилчахьанна. Амма шуьга шайн зударий мах а ца беш лелабе бахахь, шайн г1иллакхаш, оьздангалла, мотт бицбе, бахахь, т1аккха г1овтталаш, лате, цхьа1 санна, эгалаш, шаьш дела д1адовллалц!»

       Тахана вайга цхьаммо а килсаш чу г1о а ца боху, коча жа1арш охка а ца боху, ламазаш ма де, марханаш ма кхаба а ца боху хьажой ма хила а ца боху, мелххо а динехь, иманехь верг сийдолуш ву 1едална гергахь. Х1ун ца тоьа вайна? Мича кхача г1ерта вай, кхийлчу бусалбанин республикел, кхидолчу бусалбан къаьмнел хьалха а девлла? Хьаьнца беш бу вай т1ом? Вешан синошца. Вешан къомаца.

Вешан хиндолчуьнца! Ма там бина вай йилбазана. Юха а. Мича дахана вайн «т1ахьа гучадолу хьекъал?» Т1аьххаре а, кхоччуш оьг1аз а вахана, Дела вайха д1аверзар кхерам бац? Цо вайна кхетам, хьекъал, эхь-иман стена делла, вай цареха пайдаэца хууш а, лууш а ца хилча?

       Кхозлаг1а вайн герз – х1ора стагана а шен синан мах хаар, ша-шен пусар дан хаар! Х1ора стеган а ЭС. Стагана ша мила ву, мича орамаш т1ера ву, мича сийлахьчу дайн т1аьхьенаха ву хууш хилча, цунна шен дахар иштта атта хетар дац, иштта атта велла д1авала луур дац, цхьана эмиро г1азот кхайкхайнера, аьлла. Ша велча дийнна цхьа дуьне духуш сана хетар ду цунна. Ткъа вайн мостаг1ашна угаре а ч1ог1а лууш дерг х1ун ду? Вай вовшен карах далар!

       Угаре а мехала ду нохчашна шайн къайлаяьккхина истори йовзар. Бакъ дац вай ши-кхо баь1а шо хьалха а акхарой Хилла, оьрсийн муьжгеша хьекъал а, кхетам а, йоза-дешар а дела серладаьхна, бохург. Вайн къоман орамаш угаре а сийлахьчу Урарту-хурритски, шумерски заманашка д1адоьлху. Иза ингалсан, немцойн, французин, оьрсин 1илманчаша дуьйцу. Цхьа нохчийн «1илманчаш» бу и за схьалаца кхоьруш бераш. Ма ч1ог1а кхерийна хилла вай цу коммунисташа а, чекисташа а!

Белла д1абовла реза букха вайн цхьаболу историкаш, цхьа к1еззаг боьршалла шайна т1е ца лоцуш! Ма инзаре х1ума ду иза! Стенах кхоьру уьш? Империс шаьш лехьош йолу взятканаш гучуяхарх кхоьру? Шайгара даржаш д1адахарах кхоьру? Ма йохкайшу гуш лаьтташехьа шайн истории! Базарахь картолаш, кхоьш, бехчалгаш йохкар г1олехь даракха шуна, империна а, сионисташна а шайн истории юхкучал!


***

        Дукха империш кхоллалуш, юхуш эзарнаш шерашкахь схьадог1у вайн дуьне. Империш еха ца лаьтта, боху 1илманчаша. Амма и дерриге а 1илма дохадо… Китайс. Китай – инзаре тамашена пачхьалкхе ю. Китай цхьанге а йоха а ца елла, йохалур а яц. Доллачул а тамашенаг – Китайна цу тайпа тамашена кхоллам белларг цхьа стаг ву! Цхьана стага дебайна и инзаре йоккха империи, цхьана стага белла цунна иштта тамашена, ирсе, онда кхоллам! Цу стеган ц1е – Конфуций!

       Вай «философ» - альча, дийлало. Вайна муьлххачу философал а веза хета вайна къолаш деш волу чиновник, къу-банкир, церан ц1еранаш, царна хьестало вай, уьш нах хетта вайна. Цу психологис къам дакъаза доккху, къомах лайш бо.

       Ши эзар шо хьалха китайцаша дика ладоьг1на шайна юьккъера ваьллачу философе Конфуцига. Конфуцис дийцинарш башха тамашена х1умнаш а дац, амма къорггера ойла а йина, генна д1а а хьаьжна дийцина ду. Конфуцис аьлла: «ч1ог1аниг кагло, к1еданиг сатта а сете, дуьссу». И бохург х1ун ду? Нагахь къам шел ондачунна ч1аг1 а дела, дуьхьалдийлахь, къам кеглур ду. Д1асасатта хууш хилахь, дуьссур ду». Уьззу дац вайга сийлахь Кунта-Хьаьжас баьхнарг а?

       Лоруш хила беза шайн бакълуьйш болу философаш, дина дай, цара дуьйцург схьалаца деза, нагахь уьш шайн рицкъанна т1аьхьабевлла лелаш бацахь. Чиновникаш, банкираш вай лерарх, цара вайн хам бийр бац, къомана дикаболх а бийр бац. И къам охьа та1ор, къомал лакхабовла г1ортар, Дела 1ехийна а – и бу церан болх. Цундела дац и ахчанан т1ингарш я бусалбанаш а, я нах а.

       Конфуцис хьекъалца дерзо мега г1уллакхаш цкъан а девнаца ма дерзаде, - олуш хилла. Цуьнах «закон сохранения энергии» - ала а мегар ду. Вай дукха атта а, сиха а йоьтту топах ка. Вайна толам лата а ца леташ, хьекъалца баьккхича эхь ду моьтту. 

       Дуьненчохь адамаш деха дукха хан ю. Хийла ойланаш йина наха, хийла диканаш гучудаьхна, хийла г1алаташ дийлийтина. Къомана хаа ца деза цу дикачийн а, вочийн а мах а хадийна, жам1 а дина, лита а литтина, кегийчарна охьадилла? Хаа деза, дан а деза, ша къам делахь, шен интеллигенции елахь. Амма вайн х1инццалц цу т1ехь болх бар хилла дац. Еххачу заманчохь тоталитарни режимехь даьхна.

 Цулт1ехьа, кхетамчу дерзале, т1амо к1елдаьхьна. Х1инца х1у хуьлуш ду? Х1инца яздархой, 1илманчаш кхиберш санна ахчанна, я популизмана т1аьхьа бевлла. Царна премеш, совг1аташ, 1илманан даржаш деза, уь жуьгташна, я хьаькамашна хьестабелча бен ца ло. Цундела 1илманчаша бен талламаш, яздархоша арахоьцу книгаш наггахь а ца хуьлу шен къомана пайдехьа ерзайна.

 Юридически, экономически 1илманийн докторш баьржина. Амма цхьан а болх а бац нохчашца бала болуш. Амма уьш берраш а Нохчийчу г1ерта, нохчийн идеологически а, политически а лидерш а хилла охьаховша а леа царна. Даккхай бозбунчаллаш леладо цара, шайна йоцу ц1е ян г1ерташ. Цу т1амехь боккъалла а шен къомана г1уллакх дан г1ерта нах 1индаг1ехь буьссу. Уьш нахана, ма-дарра аьлча, бовза а ца бевза. Г1арабевллачу проходимцаша къоман сий довн политика лелайо.

Жуьгташна а цара мот хьоькху, хьаькамашна а уьш хьестало. Делаца йолчу юкъаметтигца а цара бахьанаш леладо. Бан – м уьш майра нах бу. Церан майралла – Делах ца кхерар. Делах ца кхерар – иза хьекъал ца хилар ду. Гуо д1ахоттало. Къомана йовссарш шайн вортан т1ехь мегча, йовссаршна цу вортанна т1ехь аьхна хилча, «юкъалелачара х1ун …. бойу?» - нохчийн анекдота т1ехь ма баххара.

       Цкъа мацца а кхетар хир ду вай.

       Суна дагадог1уш, советан заман чохь инзаре боккха бара вайн къоман дикачу книге, хьекъалечу, майрачу газетан статьяшка сатийсам. Адам ч1ог1а сема дара зорбанехь арадуьйлучу белхашна.

 Дика книга кхаьчча книгийн туьканахь очередь х1уттура, книгаш сарале д1айовлура. Книжни туьканан йохкархо уггаре а сийлахь, лоруш белхало хуьлура. Х1инца цецбевр бац нах, цу туьканаш чуьра мерах ц1е а етташ саьрмакаш арадийлахь а.

Адамашна къордийна дерриге а. Иза – т1амо тоьхна цамгар ю. Цамгарш а цхьана хенахь чекхйовлу, нагахь белшаш т1ехь Молкулмовт дацахь. Вайн Молкулмовташ – къомана т1еховша г1ерта йовссарш, шайгара къомана шиш ай пайда ца баьллехь а, шайн цу къомаца цкъан а бала ца хиллехь а.

И дерриге а хала ду лан боккъала а шен къоман г1уллакхаш хьалхадаха луучарна. Шен чуьра мостаг1а хуьлу массерал а халаниг. Олуш ма ду вайн:  «угаре а хала т1ом – шен чуьра т1ом!»

**
1993 шо.

**


Рецензии