Леча Абдуллаевн кхоллараллийн башхалла

Абубакарова Пет1мат

* * *
Леча Абдулаевн поэзии цхьаццанхьа йийца яьkкхича, цуьнан кхолларалла хала ю , дошамах атта ца кхета олурш а нисло дахарехь...
Поэзии хала хилар дац кхузахь,соьга хаьттича, - нохчийн мотт ца ларар а, 1амабан ма-беззара 1амо,кхио ца лаар ду,и мотт чолхе хетаран бахьана...
 Цхьана хоршахь хила дезаш дац литературин дахар,иза хи санна охьадоьдуш ду,керла-керлачу оьмарехь керла харшаш а дузуш…
Таханлерачу а,даханчу нохчийн къоман дахар аттачу дешнашца ца гайтало,гойтурш чолхе хиламаш ,чолхе синхаамаш болу дела,мух-мухха а боцуш…
Масала оьрсийн литературехь а хилла тайп-тайпана кепехь язъеш берш:дуккханна а деза А.Пушкинан,Н.Некрасовн дайн иллеш,кхечарна- мелла а чолхе философаллин Б.Пастернак,О.Мандельштам…Оцу тайп-тайпаналлех х1оттаелла тахана дуьненан мотт хилла д1ах1оьттиначу оьрсийн меттан цхьалла.Цара бухбиллина керлачу 20-21 оьмарийн классически оьрсийн литературан маттана.Ишттачех,керла хат1,керла кеп а т1ечаг1дечарех лара дог1у вайн къоман литературехь Лечин шатайпа исбаьхьа меттан хазна...
Нохчийн меттан дозанаш шордеш,цуьнан бухбацар достуш ондда болх бо цуо шира дешнаш даладарца ,иштта къоман динца йог1у керла лексика юкъаялорехь а.
Динан лексика алсам хилар,цуьнца доьзна исбаьхьа г1ирсаш лелор а- къоман г1иллакх,дахар керлачу т1ег1ан т1ехь гайтар,бусулба дин нохчийн къоман иесан орамашкара схьахилар ч1аг1дар...Ишттачех ду"Нохчийчоь,сан Нохчийчоь" жайни юкъа дахана дуккха а иллеш «Юнас ч1еран кийрахь бала лайна», «Сулиман хууш хилла болу мотт»…Уьш деша деза,цаьрца бала хила беза ша нохчийн къомах волчунна…

  Х1ара дешнаш суна духхьара Лечин иллешкахь хезна(кхечахь а хила тарло):дарс, анаков,турсло, пхьеда,тушпхьа.
   Парг1ат васт кхоллараллин дошам х1отталур яра цуо лелочу дустаршца, эпитеташца,метафорашца: «стиглан логах кхозу лаг-жайна»(бутт),ойла зарзъяллалц, г1айг1анан ветано лаг къуьйлу,туьрк санна мадбелла бутт,стигалан бога...

  Доккха философски маь1на долуш хуьлу поэтан муьлхха а байт ,доьшийлашкахь болчу студенташна т1ехь талламан белхаш яздан а, литература таллархошна т1ехь къахьега а мехала хазна а ю Лечин кхолларалла.
Моттадала тарло цуьнан байташ х1инца ца евзачарна(со царех хьоьгу
церан марзо дуьххьара евза йолчех)цуьнан поэзехь еккъа философски теманаш ю.Х1ан-х1а,кхин а ю теманаш:Даймохк,Безам,1алам,Дахар,1ожалла…
Х1ораммо а шена къастийна меттиг д1алоцу.1аламан саде1ар,хилар  хеза массо а дашехь.
Б1аьсте,аьхке-поэтан дукхабеза мур хетало,гуттар а беттасин а, баьццар-
чуьнан а йийсархо ву ала мегар ду лирически турпалхо.Дахаран зовкхехь а валарах ен ойланаш син баьрчче юьйлу авторан.
Шен 1ожалла хиларе сатуьйсу малх кхеттачу довхачу дийнахь:

Со д1авоьдуш дуьне хир дуй сийна?
Яла кхиъна хир юй техьа б1аьсте?
Ца лаьар-кха малх хьоьжийла шийла
Оцу дийнахь со дуьненах къаьсташ.

Ирсечу дахаре дог дахар хаало дуккха а байташкахь, и хирг хиларх тешар а/ «Ас вала дуьллу-кх»/
  Ша-тайпана бу поэтан Даймахке болу безам а. И тешна ву Нохчийчоь
оьшург ца хиларх а, и Азаллера Абаде кхаччалц хин йолу эвлаяийн хьаьтта хиларх…
Х1инца а самадалаза ду къам, иза самадаларе дог дог1уш а ву Илланча…Теша лаьа цуьнан сатийсамаш кхочуш хирг хиларх …
  Юха а т1евог1у цуьнан ойланех коьртачу ойланна:
Нохчолла-бусулбалла, бусулбалла- нохчолла- и шиъ цхьаъ хила дезар.

Кхета хала ду олу Лечин байтех. Иза бакъ дац!Леча саннарш к1еззиг бу х1инца а, цунна ду цакхетар.
Амма цхьажимма къам кога а дахна, боккъал а шен мотт синан ох1ла буйла а хиъна, д1ах1оьттича, Лечин поэзил  кхета атта а, дагна 1аткъаме а волуш илланча хир вац. Цуьнгахь дин ду.
Цундела эшна хир вац дуьненахь а, эхартахь а Делан лаамца,Дала
Мукълахь.
Дала 1алашвойла войла хьо, бакъволу Илланча!

( Кхин а т1ехь болх бан безаш ю...)
2005 шо

Леча Абдулаев
***
Хьан къина везара велха.
Хьан къина везара вела.
Хьан къина везара велла
ДIавала, хьо гуш ца лела.

ГIайгIа ю дагна и довзар,
Безара ший а бIаьрг бала,
Ца ган хьан белхаме ловзарш
Ца ган хьан беламе бала.

Везара эккха хьан къинна,
Лазаман мохь-орца аьлла.
Везара мотт сецна хила,
Цаваьлла хьоьга ца ала:

- ДегIаста, декъаза хилла
Кху лаьттахь хьан дена винарг!
Дог доьлху, доьлу, - ца тила...
Дог доьлу, доьлху хьан къинна...


Рецензии
Абдулаев Лечин поэзих марзо эца аьтто баьллачунна гергара хила декхар ду, Пет1амат, ахь кху т1ехь яздинарг. Дела реза хуьлда!

Нохчийн йозанан дош дешар ледара ду вайн. Адамехь дика ойланаш кхуллуш, ойла хазъеш, иза самайохуш мог1анаш яздина дукха авторш бу вайн. Царех ву Леча а.
Халкъан яздархочун Абдулаев Лечин нигат, 1алашонаш йовзуьйтуш ду шен жайнин дешхьалхенехь цо яздинарг:

«Бисми-ЛЛахIи-р-Рохьмани-р-Рохьими… Лаьтта доьссина Цуьнан (СТ) Деза Дош а долуш, шеггара цхьа къоламаш хьоькхучу стагна, Цуьнга (СТ): «Йа-Рабби, гечде Ахь! Гечде Ахь, йа-Рабби!» - бахар биэн, бехказлонна леха гечо ца дуьсу.

Делахь а, цхьа со санначара, шайн рогIанна, жимма латта хьешна, тача даьккхича, тIаьхьа вогIучу Дала (СТ) цхьа къаьсттина дика динчу наггахь волчу стагна некъ баккха я кIаргбан атта хир дара-кх бохуш, хьоьгу хир ду дешан жоьпалла девзачу наха шайн-шайн заманахь цхьа хIара тайпа къа. Иштта цхьа хIума моттаделла хилла там бу вайна а...»

Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   01.01.2017 14:35     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда,Асламбек!
К1орггера ойла йойту хьан тидамаша.
Йоккхае сайн йозанашна ахьа бечу тергамах.
Дала меле дуьллийла вайн къахьегар,Ша реза волчу т1ег1анна т1е нисдойла Цуо вай.
Ларамца,

Петимат Абубакарова   02.01.2017 11:32   Заявить о нарушении