Дахаран м1аьргонаш

Социйлехь лаьтташ йу со, хьехархойн колледже сайн балха йаха новкъайаьлла. Д1ай-схьай х1ара некъ боцург  кхин  гуш х1умма а дац,иштта д1алела х1ора  денна,цхьана эшшарехь,х1инций-т1аккхий садо1ийла хир ю-кх,бохуш.
«Дависа, парг1ат  цкъа  охьа  а  хиъна  ,1аламах  б1аьрг тухуш, бацалара зезаг, стиглара олхазар а гуш, 1ен йиш хилчаМегарг б1аьстенах марзо эца а,  йа аьхкенан  аьхналла  йовза  а  кхиале, гуьйрене леста хьан дахаран денош ,йуха - шийлачу 1аьне а. Йуха а изза  гуо. Г1уллакхийн, декхарийн, хиламийн гуоКхана таханчул а дика хир ду, дагахь доццучу  кепара толур ду  хьал бохуш, д1ауьду хьехархочун дахаран шераш, беттанаш, денош, м1аьргонаш а. Сада1аран  анайист-м ца хуьлу  гучуйолуш а."
«Иштта болх бу  -кх ахьа  хаьржинарг.Сатоха»  ,-олу, -дош дашера даьлла,  алапа хьахийча,йа г1елвалар  хьахийча а.Эх1,ма нийсо а йац…Уггаре а оьшуш долу дарж ма ду и-Хьехархо.
-Амма теша со, хийцалур  ду  шадерг. Кестта дика хир дуКестта-иштта  ойланаш  йеш  со  лаьтташ, муха йолу а ца хууш хан йели, маршрутка а йац йог1уш…
Ахсахьт  бен  ца дисина белхан  хан  йолайала, т1аьхьайисарна  кхоьру… Сайн балха т1ехь хила  ма-йеззара жоьпалле хиларна,  лардан хьожу белхан  меттиган низам, са карзаха долу  х1инца , т1аьхьайиса йиш йац, сихха  д1акхача  йезаш  йу…Автобусе  хьежа  хан йац.
Ц1еххьана куьг лоцу аса таксина…1уьйре дика а йой хотту:
-Итт туьманах  микрарайоне  вог1ур  варий?
-15  туьма  бу  мах ,- со йеъча а ца йеъча бен-башха доцуш,  жоп  ло  суна шопаро  .
-Бехк  ма  билалахь, д1аг1о хьо т1аккха,-  олий, йуха  йолу  со,-сайгахь  итт  туьманал сов кепекаш  ца  лерича , ахча  доцу  дела. Амма  шопаро сан дагара  хиъча  санна, ойла а йина, чу  хаа, реза  ву  ша олу, со машена чу хоу.
Т1оьрмиг  кего  х1утту со, цу  чохь итт туьмий, кхин а цхьа ши туьмий сов  карадо, и ахча асаохьадуьллу  хьалхарчу  хоийле.
-Ца  оьшу  дита, къаьсттина  ахча  ,-олу  цуо.
-Х1ан-х1а, сайгахь хилча кхин а лур  дара аса, бехкала  йоьду .
-Педколледж мичахь йу хаьий  хьуна ?-хотту аса.
-Хаьа. Дукха ч1ог1а дика хаьа,-мелла а ца вешаш, олу .
Йуха  жимма  1ийна, цуо цхьа х1иллане  хотту:
-Студенташа  «поддержка» ца йо шуна ?
И «поддержка» боху дош  шен  маь1на  долуш  ду  цуьнан, х1онс  ца  хуьлу  шуна шайн дешархошкара бохург ду иза. Ларамаза дац цуо и хаттар соьга  далар, цунна билла цхьа а бехк а бац. Боккъала а х1окху  т1аьхьарчу  шерашкахь дешарца цхьаьна а тайпа бала боцу нах  кхочу дешаран  хьикматашка, ахча-бохча ду леларг, цундела царна деша а ца лаьа. Х1инца  х1ун эр ду ца хаьа суна шопаре.
-Церан г1о лоьхучех йац со ,-йелало со. Дан-м ахь ма бохху дара иза, делахь  а  хьарамчух ларло со  …Дикане кхачор вац оцу некъо, юьхь1аьржоне бен. Шен сий ду х1ора стага ша ларо дезаш, юьхьк1айн д1алела лаахь. Цхьа а  деша  лууш вац, хаарш данне а дац , йа  корматалла йовза  а, айъан лууш  а бац. Уьш схьа эца ца безара кху  хьикмате, хьехархой хила безаш хилча  х1етте а, доцучу хьуьнаршца, хааршца…Телхина йаьлла система  йу-кх, цхьа орца ца кхачахь…
-Бакълоь хьо, ахчанца ду шадерг а, дешархой деша лууш бац, йа хьехархой 1амо а, ахьа суна бехк ма билла, иштта аса аларна. Со-м ваьхьара вацара  кхузарчу лоьрашна т1еваха, йа хьехархошка сайн доьзалхо 1амавайта  а.
Синметта кхетта топ санна хала ду и дешнаш лан, хьехархо йолчу суна, делахь а бакъдерг ду цуо дуьйцург…Къаьхьа, синлазаме бакъдерг…
-Бакъдерг аьлча, х1ара  хьал  йерриге а хиллачу Союзех йисначу пачхьалкхехь ду моьттуш йу хьуна со-м,-олу ас а сайн рог1ехь, ма-хуьллу г1о  лоьхуш, массо а хуьлучу бохамна бехке со йолуш санна.
 -Бакълоь  хьо , со  таксица вахар-вар дукха  нисло…Ставрополь  а , Ростов а  1амийна бевлла вай  кхузара д1аоьхурш. Йуха  а «вай»…Кхетар долуш дац, мел дийцарх, масала гайтарх,итамашийна нах ду…
-И шадерг а  вайн къоман культура ч1аг1йелла цахилар  ду,-къамел  кхин  а  д1ахьо таксисто. Дукха хан йоцуш, телевизорехула гира суна со цецваьккхина  цхьа  сурт. Хиросимехь 1аьмаркхоша х1оттийна 1азап лайначу  японцийн мог1а бу дуьненан юкъара г1оьналлин саг1а  доькъучу  рог1ехь  лаьтташ. Оцу мог1арехь уггаре а хьалха нисйелла цхьа г1аддайна йоккхо зуда. Саг1а  доькъуш волчунна къа хеттачух тера ду цунах, цундела цхьа саг1анан  дакъа совнаха кховдади цуо цунна, амма  зудчо схьа ца  ийци :
-Ноу,-олу, цуо шена  т1ехьа куьг а хьажадой,-царна  кхочур  дац  саг1а, мегар дац.
Иштта къамел а дой, шегара  т1етуху шопаро:
-Ма хала а дара-кх и цхьаболчу наха дан, кхузахь 1аш волчу аса а цхьаьна. Бусулба а ву со, ламазаш  деш, х1етте а оцу японцийн къеначу зудчун кхетам  х1инцаъ бац сан…
-Бакълоь хьо, мелла а т1аьхьадисина вайн къам оцу кхетамна. Дисина аьлча  а, дитина …И  японцаш, китайцаш шайн цхьа синоьздангаллин культура а йолуш, шайн  хьикматчаш а болуш хилла даим, китайцийн-Дао, Конфуций, японцийн а-  шайн баьччанаш…
1ийна, ойланаш кхин  д1а а йаьсти…
 -Вайн синъоьздангаллин дитт даим кходуш, лоргуш кхиа ца дитина, вайн  дукха баьччанаш а бахкийтина, дукха эвлайааш, устазаш а, амма къоман  кхетам кхиа, ч1аг1бала ца буьтуш,  уьш т1епаза  байъина…Дег1аста мел йу даьржийна ду церан  зийарташ…Вайн къоманна Да вала ца витина таханналц…Кхетам, хьекъал, оьздангалла, ц1еналла-и шадерш а Иманан гаьннаш ду, кхин а д1а кхио дезаш. Цаьрца цхьаьна бен деба йиш яц  къинхетам вайн махкахь…
 Адамалла йу кхио йезаш тахана. Х1окху луьрачу интернет-г1ирсийн муьро т1улгах д1атардина  адаман  дог, къинхетам банне а бисина а бац к1еззигчу  нахех бен. Дика хила  веза, дика хила. Эрна ма ца аьлла г1ажарийн поэто 1умар  Хьаййама х1ара мог1анаш а:
-Адамна ахь дина муьлхха а вуон,
 Доьрзур ду  йуха и ,баьккхина  гуо.
Муьлхха  а ахьа дина дика йа вуон йухадоьрзур дуйла хаьа деза х1оранна  а…
Цулт1аьхьа соцунг1а…Ехха соцунг1а…
 Даг т1ехь цхьа боккха  т1улг а  болуш, охьайуссий, шопарна баркалла  а олий, колледжан уьйт1а йолало  со…
 Хьалха, т1емаш хилале йоьттинчу кепехь йисина х1ара йеттинчу  кибирчиган г1ишло, буо санна  лаьтташ  гой, уьйт1а йолало со сайн г1ийлачу ойланшца:
-Дависа, меллалц лаьттар ду те хьо?  Маца д1ах1уттур ду те хьан кхерчахь хила  ма-деззара низам…
  Хьехархойн  колледж…Кхузахь  кхиабо хинболу  йуьхьанцарчу ишколан  хьехархой. Царех дозуш ду дуккха а х1ума  вайн  дахарехь.
 Хьехархочо кхиадеш ду къам, цундела бу сан дагт1ера  х1ара лазаман ша.Хьехархочун дахар  тоделлачул т1аьхьий  бен нисдала  йиш а  йац  къоман дахар  а…Дика  хир ду  шадерг , дика…Д1анислур ду шадерг а…
Дала мукъ лахь.

 2015- 2016 шо


Рецензии
Доццачу дийцаро шена чулаьцна авторна дика бевзаш а, цуьнан даима сагатдеш а болу дахарера дуккха а лазамаш.

Хьекъале жам1: "Хьехархочун дахар тоделлачул т1аьхьа бен тодала йиш а яц къоман дахар а…"

Юха масла1ате дерзадар: "Дика хир ду шадерриг, дика… Д1анислур ду шадерриг а..."

Яздеш волчун карахь дерг и ду - лазам гучубаккхар, вай дерриге ойлаян кхайкхар...

Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   01.01.2017 13:57     Заявить о нарушении
Аллах1-Дела реза хуьлда хьуна,Асламбек.
Гуш ду,хьан даггара нохчийн маттах дог лазаш хилар.
Аллах1о кхочушбойла вайн массеран а сирла сатийсамаш!
Ларамца,Пет1амат

Петимат Абубакарова   02.01.2017 11:24   Заявить о нарушении