Йитахьа
К1еззиг бен ца йисна хан.
Лаарх а марзо хьоьха эеца,
Ца хили барт соьца хьан.
Сан кийрахь дог х1инца деттало,
Халла д1аийзош хьан кир.
Яханчу хенах ма кхийдае,
Юха а, бехк боцу ч1ир.
Безаман ц1е яьгна, д1айайна,
Сийсаш бу, цхьа жима суй.
Йовхо а лур йоцуш дахарна,
Схьалаьцчи багабеш буй.
Дайначу ирсан лар карийна,
Йоьду со, ког боккхуш, бай-й.
Цу некъах некъ хуьттуш, д1айаха,
Йитахьа со х1инца сайн.
Свидетельство о публикации №216090800140