гиний хьуна
Ц1ергахь йогуш,
Б1аьргех 1енош хиш.
Ткъа айделла,
Ша хьоьстуш де леларх,
Суьйренга д1акерчаш сирла малх??
Дехаршца,
Шен когех з1аьнарш хьерчош,
Суьйре сацо,
Ц1елла керчарх малх...
Суьйре йоьду, буьйсанах д1аэелой,
Кхоллам боцчу безамах тарлой.
Сирла бутт ма къега,
Буьйса хьоьстуш.
Седарчий д1аухку,
Кечъеш и.
И-м безам бай,
Хиларх к1айн я 1аьржа,
Даго къасттийнарг бен,
Ца гуш кхин.
***
Гена вели, селханал а гена,
Даго вицви, къовлуш лазам шен.
Вай девзина де а диси деса,
Доцуш мелана кховдо х1ума шех.
Д1о стиглара, нуьре седа къега,
Тов и цуьнгахь, даге кхийдош кхаъ.
Амма безам, ахь кхин цкъа ма бийца,
Тешам боцчо хьеихо бац и хьакъ.
Свидетельство о публикации №216091400248