Ирсе ехьа...
Дог хьо волчу х1унада г1ерта сан...
Ойланаш а керчаш, тулг1еш санна,
Хьан аматах хьерчаш, уьду д1а.
Къайллаха сайн кхолламе хьо воьхуш,
Дагчохь безам хьулбан г1ертарх со.
Хьо схьа гича, б1аьргаш чухул къегаш,
Безаман нур хьуна делало.
Когийн п1елгаш чуьра дуьйна зийзош,
Хьан безамо сан са ийзадо.
Доьху хьоьга, б1аьргашца цкъа хьастий,
Сайн дахарехь ирсе ехьа со.
Виъ доьзалхо а лелош йисана 1аш йара Йазу....
Ши к1ант а, ши йо1 а, бертахь доьзал бара цуьнан.
Нахаца гергарло марзонца лелош бара Йазу а, цуьнан доьзал а.
Майра амал йолуш бара Йазун доьзал... Йахь - доьналла долуш а, адамашца гергарло - марзо йолуш а, нехан диканехь - вонехь г1о - накъосталлийна кийча а бара, даима а... Доцца аьлча, ненан мотт, - бохучу дайн кицанна тоьшалла дара, ша къонах стаг йолчу, Йазун доьзал....
Йазун жимахволчу к1ентан, 1усманан дин бара, ч1ог1а безаш лелош.
И дин муьт1ахь бара цунна... Дика доттаг1а санна, цуьнан бага хьаьжжана бара и.
1усмана ловзош, хьоьстуш, хелхар дан а 1амийна, нехан а цу шиннах самукъа долуш дара и ший а, 1усман а, цуьнан дин а...
Наха дехар дой, хьаша - да веъча а, ловзар, синкъарам хилча а, дехар дой, дин хьовзош, хелха боккхуш а вара 1усман.
Ша хаза товш, кхиина вог1уш жимстаг вара и...
Нанас шен дагара ца хаийтахь а, даима цуьнан г1иллакхех а, жима волуш дуьйна а цуьнан стогаллех а йоккхаеш йара Йазу.
Шен вешех дуьне д1алур долуш ша велахь а, 1усман хьоьстуш а, хестош а амал йацара, Халидан а...
Цхьана дийнахь, 1усман шен динца араваьллачахь, новккъахь велла динт1ера чу воьжнера
Нах сиха схьагулбелла, холчу х1иттина, цунна шаьш х1ун дер ца хууш
Ваша а, йижарий а маьхьарца дуьхьала хьевдда, нанас мохь тоьхна доьзалга, царна эхь хоьтийтуш;
- Собар де! И схьавахьаш баьхкана нах холчу х1иттор бу аш.
Нах лулара а, кулара а, и хезнарш сиха баьхкана орцаха.
Тезет сиха д1ах1оьттина, к1ант кенашка д1ахьуш, цуьнан дин хилла боьлхуш, нахана улле баьлла...
Иза д1а а воьллина, нах ц1а бирзича а, кешнашкара ц1а ца бог1уш хилла дин...
1усманан каш т1е корта а биллина, цигахь д1а бижна иза....
1усманал ши шо воккха хилла, цуьнан ваша, Халид.
Йазу кхин шен дагара ца хоийтуш, доьзална а, наханна а лелаш хилла. Цунна хиъна шен к1ант велла, бисана цуьнан дин ц1а банза буйла... Цо шен к1анте, Халиде аьлла:
- 1усманан дин ц1а банза бу... Г1ой иза стенгахь бу хьажа, - аьлла.
Халид и лоьхууш, кешнаш долчу аг1орахьа вахча, ц1еххьан шен вашас и дин хьостуш йоккхуш хилла ц1е йаьккхана цо, дин схьабоьхуш...
- Масар! Масар, мичахь бу хьо? Схьабола, - аьлла.
Дин кешнийн кертара схьа баьлла, т1е беъна, Халидна...
И дин балош ц1а веънера и.
Цул т1аьхьа, Халида даима хаза лелабора дин, делахь а цкъа а цунна т1е ца хуура иза. Ловза а ца боккхура цо дин. Иштта сингаттам схьакхоьхьуш дин а бара.
Иштта д1аоьхура кирнаш а, беттанаш а.
Нана сингаттаме йара шен к1ант бахьна долуш... Цунна гуш дара, к1атехь болу сингаттам.
Цхьана 1уьйранна, Йазус Халиде элира:
- К1ант, 1усман д1аваьлла, шо кхаьчна, шолг1а шо доладелла... Хьан тидам беш ю со. И д1аваьлчахьана и цуьнан дин ловза ца баьккха ахь? Цу хьайбанна къа г1ур ду вайх кхин цунна дола ца деш вай лелахь...
Хьо велча санна лелла вер вуй те?
Халид вист ца хуьлуш, доьхна дог кийрахь къуьйлуш, вист ца хилавелла, жоп ца луш сецира...
Юха а
Чаккхе т1е йазйийр ю...
Ма бакъ зама йар - кх хьо, адамийн г1иллакхаш маттаца а доцуш, дагчохь иманца лелош хилларг...
Ма юьхь к1ай хир ю - кх, хьо зама, хьайна чохь баьхна тхан оьзда наной а, къонахаллех буьззина хилла дай а бахьна долуш...
Цу заманчохь ма эхь дара, шен да а, шен ваша а, йиша а, шен доьзал а хестор а, нахана хьалхахь хьестар а...
Шен к1антана хьехар деш дас, нехан доьзалхо хаставора...
Шен дас хастор бахьна долуш, цу адаме ларам хуьлура цу доьзалан.
Масал а оьцура, цунах...
Шен вешийца доттаг1алла долчу к1ентан йиш - ваша а, да - нана а лорура шен уллера гергара.... Шен х1усамнана хестош дацара бегашийна а... Стаг ларлора шен ц1е бегашийнаа беламе йаккхарах.
"Сан,, боху дош дацара лелош, "Вайн чуьрчу к1анта.,, олий дора къамел...
Сан к1ант, йа йо1, йа ваша, йа йиша олуш дацара, ваша воцу йиша, йа к1ант воцу нана, йа доьзалхо воцу да - нана, йа ваша воцу ваша хьагарх ларлора. Церан синбарам бустий, дош лардора,
Дашца церан са лазона кхоьруш...
Доьзал а юкъара болуш санна лелабора шайн куьпахь а.
Воккхачо аьлла дош лардар а, шен дашах ца вохар а декхар лорура...
Доцца аьлча, барт, безам, марзо а йолуш, йахь - доьналла долуш, къам адамаллийца кхиош зама йара и...
Вай вешан дайх санна дан дозалла хилахьара вайх вешан т1аьхьенан бохучу сатийсамца, мерза дагалецамаш коьрте хьийза...
Вай заманан, цу бакъ заманах хьега меттиг юйла - м хаа суна....
Аллах1а иманехь нисдойла вайн нохчийн къам а, массо бусулба а!
Ларамца: Резванова Айза
Свидетельство о публикации №216091600241