Набарха яьккхира
Йоккхаеш, безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
-«Вуйтеша хьан дагчохь кхин?»
Йиш йоцуш деган не1 д1айалла,
Д1ахеца безаман нур.
Ойла еш, со хьоьга д1ахьаьжча,
Дог лоцуш, буьйжира гур.
Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Малх нуьре, сирла т1е къегина,
Набарха яьккхира со.
Ши са
Дуьне кхуллуш кхоьллина,
Ду те ши са вайшинна?
Х1етахь дуьйна вевзина,
Хилла те хьо сан сина?
Х1етахь дуьйна хаьржина,
Хилла те хьо ас сайна?
Ткъа хьо хьалха, со т1аьхьа,
Г1алат ду те замана?
Сунам хаац б1аргашна,
Ца гуш дисна вай муха?
Вайша херехь, ткъа ши са,
Цхьана хилла даимна.
Д1а къаьстина вайшиннах,
Цхьана лелла и ши са.
Вайшинна меттана марзонца,
Цхьана даха дуьсийла!
Свидетельство о публикации №216091600529