Дагаев Валидна
Хьан аз суна девзаш ду.
Вайн Даймехкан иллеш олуш,
Хьан зевне аз хаза ду...
Денна хийцалуш схьахеза,
Къона илланчийн аьзнаш.
Царна юккъехь къона хета,
Ахь олуш долу иллеш...
Вайн Даймехкан хазаллийца,
Хьан зевне аз дог1уш ду.
Ахь иллешкахь ма хесттора,
Вайн исбаьхьа Даймохк бу.
Ломахь озах хьан тарделла,
Дека сирла шовданаш.
Сайн бан беза некъ бицбелла,
Со ю царга ладоьг1уш.
Б1ешерашкахь идарх зама,
Хийцаяларх бакъонаш.
Даймохк даим къона хир бу,
Хьан аз цуьнца дехар ду!
1979-87
Свидетельство о публикации №216092201097
Иттаннаш, б1енаш кхечеран аьзнашна юккъехь
цуьнан аз довр доцуш а, шатайпа къаьсташ
а, б1ешерашкахь иза дехар долуш хилар а билгалди ахь.
Даймахкана хьанал ваьцначу къонахчун дика мах хадийна ахь.
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 21.11.2016 12:38 Заявить о нарушении
Дала аьтто бойла хьан а!
Айза Резванова 27.11.2016 23:55 Заявить о нарушении