Хьо гена йоккхийла

Ас сайна йихкина маршо,
Сан сих ка йиттина маршо,
Хийла йо1 тилийна маршо,
Дахараш талхийна маршо,
Хьо гена йоккхийла, халкъо!

Адамалла кхардийна маршо,
Стогалла эешийна маршо,
Ненан б1аьрг белхийна маршо,
Къонахий бохийна маршо,
Хьо гена йоккхийла, халкъо!

Къоман сий дожийна маршо,
Сих са ца эедина маршо,
Дайша т1е ца эцна маршо,
Не1алт хьайх хьаьрчина маршо,
Хьо гена йоккхийла, халкъо!!!

Хьо гена йоккхийла халкъо,
Сий доцу, декъаза маршо!!


Рецензии