Доьналла
Цхьана хьекъалче хаьттина хилла, хьо мила ву аьлла. «Со д1аваьлча хуур ду», – жоп делла цо.
Стаг вайна юххехь вехачу хенахь, дукхахьолахь, вайна цуьнан мах кхоччуш ца хаьа. Иза бакъдуьнена вахча, вай цунах гуттаренна къаьстина цхьа хан яьлча, к1ез-к1езиг кхета вай оцу стага д1алаьцна хиллачу меттигах. Дитт охьатоьхча бен ца хаьа, иза мел доккха хилла.
Суна тахана мелла а дагахьбаллам бу – Ойсхарахь къахьегна а, ваьхна а волу хьехархо Мачаев Решедан Муса юххера вовза сан ирс ца хилла. Тахана, иза вайна юккъехь воцуш, нохчийн меттан ох1ланча волчу, Мусан белхан накъост хиллачу Джимнигов Вахас: «Хьенех, цунах лаьцна ма яздан дезара», – аьлча, сан цхьа а шеко яцара, Муса дика адам а, дика хьехархо а хилла хир ву бохучух; баккъал а хьакъ воцу стаг вийца Вахина луур а дацара.
Мелан марха а багахь, шен йоцчу могашаллица, Джимнигов Ваха цхьана дийнахь леррина Ойсхарара Гуьмсе веанера, Мачаевн суьрташ а дохьуш. Т1аккха тхаьш а кхин а сов хьакъ хийтира, Мусас болх бинчу ишколе кхача а, цунах лаьцна яздан а.
Вайнах Даймахка бухабоьрзуш, Сибрехара карахь ц1авалийначех вара Мачаев Муса. Шен дахарехь сийлахь-деза г1уллакхаш кхочушдина цо: ша кхеттал хилччахьана, шена 1илма 1амош, иза кхечарна д1ахьоьхуш ваьхна иза.
Школехь дешна ваьлча, Гуьмсера хьехархойн училище чекхъяьккхира. Шина шарахь Германехь эскарехь г1уллакх дина. Шен оьмаран ерриг йисина хан Ойсхарарчу лоьмар 3 йолчу юккъерчу ишколехь хьанал къахьоьгуш яьккхина. Болх а беш чекхъяьккхинера цо Соьлжа-Г1алара математикин факультет. Шена ч1ог1а езаш а, евзаш а йолу математика хьийхира цо, т1аьххьалц, ша цамгаро лаьцча а вуха ца волуш.
Матаевн хиллачу белхан накъосташа дечу тоьшаллаша гойту, иза – Далла а, дешархошна а, церан дай-наношна а хьалха шен хьакъ доккха дуй а хаьаш, ч1ог1а низаме а, мало йоцуш а, говза а, доьналла долуш а хьехархо хилла хилар. Дикачу ц1ийнах схьаваьлла а, оьздачу доьзалехь кхиъна а вара иза. Шел т1аьхьа цо дика доьзал битина хилар а ч1аг1дора къамелаш диначара.
Лаккхарчу эвсараллица къахьоьгуш волу хьехархо шовзткъе итт шаре волучу хенахь (2005-г1а шо) шекаран диабет ц1е йолчу халчу цамгаро лецира. Коган нана-п1елг д1абоккхуш операци йира цунна 2006-чу шеран сентябрехь. Цул т1аьхьа кхо бутт баьлча гоьле кхаччалц ност д1аяьккхира. Цамгар т1етаь1нера: 2007-чу шарахь лоьраша кхуьнан коган настаран гоьлал лакхара дакъа а д1адаьккхира.
Доьналла долчу хьехархочо, буьрсачу цамгарца къовса а луш, цхьанне а дагахь а боцу сацам бира: 2008-чу шеран сентябрехь иза шен балха ара велира. 1асанашца бен волалуш воцчу цо дийнна цхьана дешаран шарахь дешархошна математика хьийхира. Иза доккха хьуьнар а, турпалалла хилар а дара. Мусас шен цамгарна дина т1аьххьара «т1елатар» хиллера иза.
Хьехархо, т1аьххьара а, г1атта ца луш, вожийра ч1ог1ачу цамгаро. 2009-чу шеран декабрь беттан 3-г1а де ирча кхаъ бохьуш деара ишколан дешархошна а, хьехархошна а, берийн дай-наношна а, иза везаш-вевзаш мел хиллачарна а.
Тахана вайца воцчу хьехархочун белхан а, амалан хат1 г1оле довзуьйту цуьнан хьокъехь дийцинчара.
ДЖИМНИГОВ ВАХА, нохчийн меттан хьехархо:
«Ц1ера Шоьнара бара Мачаевг1ар. Мусан да-нана дика адамаш дара, к1ант кхелхачу хенахь долуш дара и шиъ. Цаьршинна а Дала гечдойла. Мусан ненан да тхан ден доттаг1 вара.
Хаза г1иллакх долуш а, ша хьоьхуш долу 1илма дика девзаш а, дешархошца дика а вара Муса. Цул дика математик хир вацара районехь. 1амийнарг даима карладоккхуш, дешархошка шайгга болх бойтуш хуьлура иза. Даима юьртарчу лоьмар 3 йолчу ишколехь къахьегна а вара иза».
АСАЕВ МОХЬМАД, кхетош-кхиоран декъехула хьехархо:
«Берашца юкъаметтиг д1ах1отто хууш хьехархо вара Муса Решедович. Шен балхана ох1ла вара иза. Дала оцу т1ехь дика дина а вара. Хьесапдаран 1илманна т1е ца кхуьург, т1екхио хьожуш, берашна дика г1о-накъосталла хуьлура цуьнгара.
Цкъа а ч1е1аш вацара Муса, х1ара амал ма елара цуьнгахь, аьлла, амал а яцара цуьнан. Иштта д1а Далла дуьхьал а ваха иза. Иза схьаваьлла доьзал бевзачо эр дара, кхечу кепара хуьлийла а дацара аьлла. Дала декъала войла иза".
ЭЛЬТУКАЕВА КХОКХА, библиотекарь:
«Школехь цхьаьна болх бина ду тхо, цхьа йиша-ваша санна а долуш. Цхьана хенахь балха даьхкина а дара. Мусах лаьцна ала цхьа а вон х1ума дац сан. Дика хьехархо вара иза.
Некъан бохамехь лазийна а, цуьнца доьзна вистхиларна ледара волуш, дешарна т1аьхьавуьсуш вара вайгара к1ант, цо д1аяла езачу экзаменна ч1ог1а сагатдеш яра со а. Со шена больнице т1аьхьа еанчу хенахь, Мусас элира: «Шек д1а ма яла хьо, Абузара экзамен д1алур ю хьуна, ас г1о дийр ду цунна кечам бан». Мусас г1о дира цунна, т1аьхьависинчунна т1екхииийра.
Шен урокера бер, цхьана г1уллакхана оьшура, даийтахьара аьлча, ца доуьйтура цо. Бер урокехь хила дезаш ду, иза деша дезаш ду, урок – коьртаниг ю, олура. Бер школера ц1ахь дитича а мегаш вацара. Ткъа юьхьанцарчу классашкарчу хьехархошка олура цо: «Аш берашна т1етоха, т1ерадаккха, эца, декъа а, эцаран таблица а 1амае, дисинарг ас 1амор ду шуна царна».
ЗАНАЕВА МАРУСА, директоран кхетош-кхиоран балхахула йолу г1оьнча:
«Со ненан йиша яра цуьнан, х1етте а «мероприятешка, олий, аш бераш дешарна юкъара ца дахахьара, х1умма а хала ца хетара суна», – олура цо. Бакъ ду, ца девлла бен урокашна юкъара бераш ца даха хьовсуш тхо а хила-м хуьлура.
Низам ч1ог1а долуш вара Муса. Бераш озалора цунах. Лехаме вара иза ша-шена а (уггар хьалха), т1аккха кхечарна а. Шен могашалла мел ледара хиларх, ша когаш т1ехь латталуш велахь, школе балха вог1ура иза, бан ма-беззара болх а бой, д1авоьдура.
Школехь йиллина урокаш д1ахьочу хенахь олура цо: «Шена ван луург сан уроке схьавола, кхин совдаьккхина гайта х1ума дац сан шуна - ас даима бечу кепара сан болх гур бу шуна». Луург, даима цуьнан муьлххачу уроке ваха йиш йолуш вара. Х1ора урок йиллина урок санна яра цуьнан. Массо бере бохург санна, урокехь хатта а кхуьура иза. Цхьаъ-цхьаъ хаттаза виснехь, рог1ерчу урокехь цунна т1ера д1аволалора хаттарш дан а».
ТАЛХИКОВА САНЕТ, ишколан директор:
«Мачаев Муса Решедович тхан белхан накъост хилла ву, цхьаьна хьалакхиъна ду тхо. Балха волалуш, юьхьанцарчу классийн хьехархо санна волавелла ву иза. Т1аккха физкультурин хьехархо хилира цунах. Тхо математика хьеха стаг воцуш дисча, заочни кепара деша институте вахара иза. Иза чекх а яьккхина, шен йисинчу хенахь хьесапдаран 1илма хьийхира цо ишколерчу дешархошна. Цхьа а шеко йоцуш, шех лаьцна: «Дала хьехархочун балхана кхоьллина стаг ву иза!» – ала мегар долуш стаг вара иза.
Шен урокан цхьа а минот эрна ца йойтуш, ша дийриг – доглозуш, 1аьвшшина деш, урокан низам лардар коьрта лоруш къахьегна цо.
ЕГЭ юкъаялале ду иза. Жам1даран аттестаци ишколехь д1ахьочу хенахь, экзамен д1аяхьаран комиссин ша декъашхо хиларе терра, цу чохь хила ца везарг не1арна аьттехьа ца вуьтура, шпаргалкаш ца лелайойтура, х1етте а цуьнан предмет массара дика д1а а лора. Таханлера компьютерш а, интерактивни аннаш а, кхиболу аьттонаш а бацара цо болх бечу хенахь. Мусан коьрта г1ирс - меллий, яздинарг д1адойу горгам а яра. Х1етте а берашна дика хаарш лора цо. Математика шена 1аламат дика хаьара цунна.
Шен хенахь юьхьанцарчу классашкахь ша хьехна хиларна, цунна дика хаьара цигара хьал, йовлуьйту ледарлонаш, хуьлуш долу кхачамбацарш.
Ша к1елвиссалц къахьийгира Мусас. Ша лоьрашна т1е вахана йойу хан а эрна йойуш хетара цунна. Тхо дара цуьнга, лоьрашна т1е ваха везара хьо, олуш дерш а.
Тхайна – дешархошна а, белхан накъосташна а – иза даима лаьттар ву моьттура. Иза вайга хоьттуш х1ума дац. Иза д1аваьлчахьана, тхан ишколехь математика хьехаран г1уллакхна боккха иэшам хилла.
Ч1ог1а тешаме накъост вара иза, самукъане адам а дара. Сов хабар доцуш стаг вара. Шега цхьа дехар дича, цо х1ан-х1а олуш цхьа х1ума дара: цхьана г1уллакхна эшна шен урокера бераш дахкийтар. Урокехь дерг ша жоп дала дезаш х1ума дуй а хаьаш, лора цо иштта жоп. Шен урокан да вара иза. Дика накъост вара иза. Иза д1авалар массарна – юьртана, берашна, хьехархошна – ч1ог1а дагах кхийтира, 1аьткъира. Яханчу хенахь цунах лаьцна дийца хала ду. Шен доьзална дика да вара иза, тхуна дика накъост вара. Дала гечдойла цунна».
…Хьехархочух 1аламат дукха дозуш ду дахарехь. Дика хьехархо кхио дукха къахьега деза. Ткъа Муса санначарех лаьцна олуш ду: «Иза кхалхар-м хьала-охьа а боккха иэшам бара, ишта стаг кхелхина вахар а боккха иэшам бу – цунна т1аьхьа а дахана, иза ц1авалавалла».
Дала мукъалахь, лелаш долу саг1а хир ду Мусана - цо вайн берашна, халонех а ца кхоьруш, комаьрша хьехначу 1илманах!
МАЧАЕВ РЕШЕДАН МУСАНА ДАЛА ГЕЧДОЙЛА, ВЕЗА-СИЙЛАХЬЧО ЙОЛЕ-МЕЛЕ БУЬЛЛИЙЛА ЦО ХЬЕГНА БАЛА!
Свидетельство о публикации №216101802345
Спасибо, Асламбек!
Рефат Шакир-Алиев 25.08.2017 15:43 Заявить о нарушении
С уважением,
Асламбек Гайтукаев 25.08.2017 15:46 Заявить о нарушении