Хьекъале хьехамча
Иштта х1орш цкъа талла баханчохь, ларамаза шен секха1одан буьхьиго паччахьан п1елган буьхьиг баьккхина. 1овжийначу цо латкъам беш хилла, ткъа хьехамчо, даима санна: «Диканиг хир ду, Дала мукъалахь! Диканна ду иза, дера ду диканна!» – аьлла.
Оьг1азвахана паччахь: «Сан п1елган буьхьиг баьккхина, ткъа ахь иза диканна ду боху. Диканна муха хуьлу иза?!»
Паччахьо шен хьехамча балхара д1аваьккхина. Цул сов, иза набахте хьажош омра дина мехкан куьйгалхочо. Шена и кхел кхайкха ма-йиннехь а хьехамча хиллачо сихха аьлла хилла: «Диканна ду, Дала мукъалахь! Диканна ду х1ара!»
Шен п1елган лазар д1адирзича, паччахь йуха а талла вахана хилла. Толлу-уш, цхьана акха 1арбошна т1енисвелла х1ара. Ц1ушна 1ибадат деш хиллачу цара аьлла: «Тхан динехь хьо вен вог1уш ву. Хьо оха х1инца вуьйр ву…»
- Аш со муха воь: со паччахь ма ву?!
- Тхуна хьо цхьа а паччахь вац, эрна хабарш ма дийца. Кечло, – аьлла оцу наха.
Шайн 1адатехь дог1уш ма-хиллара, цара иза вен кечвеш, д1ах1оттийна. Оцу хенахь акха 1арбойн б1аьрг кхетна паччахьан сакхт болчу п1елгах. Царах коьрта волчо аьлла:
- Х1ара стаг д1ахеца, д1авахийта. Шена дег1а т1ехь 1узарло йолу стаг вен магош дац, шуна ма-хаъара…
Паччахь ц1а веана. Х1инца дагадеана цунна тохара шен хьехамчо аьлларг. Цо иза набахтера мукъаваккхийтина. Йуха иза шена т1е а кхайкхина, паччахьо хаттар дина:
- Сан п1елган буьхьиг баьккхинчу хенахь ахьа аьлларг-м нийса хилла, ткъа хьо набахте хьажочу хенахь а ма элира ахь: «Диканна ду, Дала мукъалахь! Диканна ду х1ара!» - аьлла. Цунах муха кхета веза т1аккха?!
Вукхо жоп делла:
- Шена т1аьхьа дика ца дог1уш цхьа а вон дац хьуна. Дикачух догдилла мегар дац. Даима Деле диканиг деха деза. Мел хала киртиг т1ех1оьттинехь а, болх Сийлахьчунна т1е билла беза! Дала Шега деха ма боху. Шега дехначунна Цо дов ца до, тахана йиш йац, кхана вола ца олу, Шен диканна дуьхьал х1умма а ца доьху. Ахь со набахте хьажийна ца хиллехьара, йуха талла вахана оцу акха 1арбоша схьалоцучохь со хьоьца хила тарлора. Вайшиъ ший а схьалаьцна хиллехь, со д1ахоьцур вацара цара – сан дег1а т1ехь цхьа а заралла йац. Суна цхьаъ хилча, хьуна а сингаттам хир бара. Церан карах сан кхалхар хилча, аса цул т1аьхьа дан тарлучу дикачу г1уллакхех вер вара со а. Массо а стеган санна, мел ду уьш сан а – дан дезарш: Далла алссам 1амар йар, дега-нене хьажар, со напха латто хьакъ волчарна иза лахар, закат далар (даьхни оцунна оьшучу бараме кхаьчнехь), саг1ина х1ума йалар, Хьаьжц1а вахар, нах сайна къинт1ера бахар… Мел дукха ду уьш...
Беркат доцу цхьа стаг дуьхьалкхетар бахьанехь а – уьш, и г1уллакхаш, кхочушдаран аьттонах-диканах волу-кх стаг.
Свидетельство о публикации №216101902055