Берашна

Резванова Айза

Малх цомгуш хилла те,
Хьовсий вай дахана?
Ца г1оттуш х1унда и,
Бисна те тахана?

Де хир ду кхоьлина,
Маьлхан нур доцуш.
Зезагаш шеллур ду,
Йовхо ца кхочуш.

Хьозарчий совцур ду,
Аьзнаш а хаьлла.
1алам а дуьсур ду,
Хебаршка даьлла.

Адамаш хьогур ду,
Ирсана не1 елла,
Малхо са ма хьосту,
Нанас бер санна.

Мохь тухуш алалаш,
Аш малхе бераш!
Хьо маьрша г1оттийла,
Самукъне, къегаш!!!

Резванова Айза


Малх  бу  боьлуш
 
Б1аьсте  еъна, 1алам  дендеш,
Шен  зезагийн  совг1ат  даржош.
Зевне  эшарш, лоькхуш  уьдуш, 
Жовх1арш  санна  хиш  ду  къегаш.
Хьовсал  бераш, малх  бу  боьлуш,
Сакъералуш  серла  буьйлуш.
Бошмаш  ю  дато  заз  хоьцуш,
Хьозарчий  ду  шакарш  лоькхуш.

Вовшен  куьйгаш,  лаца  бераш,
Машаре  самукъне  х1оз  беш.
Бертахь  дахар,  вайна  марздеш,
Малх  бу  вайга  з1аьнарш  кхийдош.
Хьовсал  бераш, малх  бу  боьлуш,
Сакъералуш, серла  буьйлуш.
Вайн  даймохк  бу  денна  хазлуш,
Ирсе  некъаш  ду  схьадоьллуш.

Бераш, бераш,  тоха  т1араш,
Гойтуш  шайн  самукъне  хелхарш. 
Шун  синкъерам, ловзар, делар,
Ду  даймехкан  ирсе  хилар.
Хьовсал  бераш,  малх  бу  боьлуш,
Сакъералуш, серла  буьйлуш.
Вайн  даймехкан  байракх  лепаш,
Бутт, седий ду стиглахь  къегаш.


   Схьагулло х1ай

Схьагулло  х1ай,  кегий  бераш!
Зевне  аьзнаш  декадеш.
Лоькхур  ю  вай  нохчийн  эшарш,
Вайн  даймехкан  сий  айдеш.

Схьагулло  х1ай,  кегий  бераш!
Б1аьргаш  суйнех  къегадеш.
Гойтур  ду  вай  нохчийн  хелхарш,
Нанойн  дегнаш  деладеш.

Схьагулло  х1ай,  кегий  бераш!
Оьздачу дайн  ларам  беш.
Вовшен  деза,  ирсах  теша,
Вай  1аморна  хастам  беш.

Схьагулло  х1ай, кегий  бераш!
Ирсе  некъ  аш  лаца  схьа.
Кхане  еъча,  диц  ма  лолаш,
И т1аьхьенга кховдо  д1а.


Со малх г1оттуш

Со малх г1оттуш г1аьттина,
Г1уллакхаш дан х1оьттина,
Мимша кхарста лаьллина
Ж1аьла бай т1е даьккхина,
Пису бун чу доьллина.
Бедаш яжа лаьхкина,
Котам а шен к1орнешца,
Хи т1ехь ловза яьккхина.
-Баба, ас хьо тахана,
Г1уллкхех мукъа яьккхина.
Баба г1ертарх лаца схьа,
Мимша уьду гена д1а,
Ж1аьла лета дарделла,
Шен х1усаман хьешана,
Бедаш йохку г1адъяхна
З1ийдиг юууш кертара,
Орца доьхуш котамаш,
Хи ду к1орнеш идадеш.

Уьду Баба цаларош,
Дерзо дисна г1уллакхаш.


Писуй, к1езий

Мяу-в, мяу-в, сан са хьийза,
Арахь ж1аьлийн к1еза ц1ийза.
Суна лаарх шеца ловза,
Иза девне долий хьевза.

Мяу-в,мяу-в, дац и реза,
Со дитта т1е дала деза.
Со лаккхара хьоьжу чу,
К1еза гонах уьдуш ду.

Мяу-в, мяу-в, со ду говза,
Суна ж1аьлийн амал евза.
Ас сайн маттахь мяу-в бохуш,
К1еза ч1ог1а карзаха доху.

Вац кхин цхьа а, цуьнца ловза,
Тхойша х1инца вовшен девза.
Уьдуш, бохуш, мяу-в, аа-в,
Тхойшинна д1адолу дов.
 
2005

Дашо  месаш

Вижа  жима  Сурхо  д1а,
1аьржа  баьргаш  къовла  т1е.
1уьйре  еъча  борг1ало,
Кхойкхуш  сама  воккхур  ву.

Малх  г1аттале  г1отту  и,
Кхайкхадо  цо  сирла  де.
Нагахь  даг1ахь  йочане,
Аз  хуьйцу  цо  шен  зевне.

Массо  х1уман  хаам  бо,
Дашо  месаш, йолчу  цо.
Хьаша  вог1уш  и  хир  ю,
Кхаьънаш  дохуш  йоьрзий  чу.

Шен  х1усам  а  ца  йицйо,
Котамашна  дола  до,
Ву  и  кертахь  дика  1у,
Цунах  теша  мегар  ду.


Дешар

Бераш,  бераш,  киншкаш  ешар,
Дахаран  цхьа  маь1на  ду.
Ткъа  дешарах  кхеташ  хилар,
Иза  коьрта  толам  бу.

1илма  довзар, 1алам  дезар,
Дахаре  хьан  безам  бу.
Барт, безам, ирс  ларда  оьшург,
1илман  корта - собар  ду.

Иман, Ислам  довза  деза,
И  лоруш  верг  сийлахь  ву.
Оьзда  г1иллакх, хаза  г1уллакх,
И  дешарца  дозуш  ду.

Еша, яздан  1амош  вериг,
Вайн  дахарах  кхеташ  ву.
Ткъа  ца  доьшуш  лелаш  вериг,
Шен  дахарах  леташ  ву.


Кинишкаш ешаран мах

Дуккха а зама ю, доккхачу ц1а чохь,
Айзанас кинишкашна дола до.
Жима а, йоккха а, ченех а ц1анйо,
Берашна, леларца масал цо ло.

Дуьххьара веана тахана Сурхо,
Т1елаца кинишкаш ешаран болх.
Цец ваьлла кинишкийн дуккхалех жимхо,
Б1аьрг бетташ ву ц1а чохь, кхин бахам ган.

Т1аккха шен хаттарна нене жоп доьху;
-Кинишкел сов бахам, мичхьа бу кхин?
Йижа мотт, сискал, я, мала хи доцуш,
Х1унда-1а, кинишкийн ц1а лардеш и?

И х1унда йоьлху те, кинишка йоьшуш?
Я хьаьсти те цхьамма, и-м йоьлуш ю? 
Стенна йо церан чотт, хьанна уьш оьшу,
Яьхьча а царах дан, х1ун дезар ду?

-Кху бахамах кхета,  хьо жима хета,
Делахь а, жоп дала хьожар ю со:
Элира Айзанас, лууш к1ант кхета,
Лерина ладоьг1уш к1ант сецна го.

-Ла дог1а ахь соьга, ойла еш жимха,
Кинишкаш ешарца хьо хилахь говза,
Дахаран некъ къаго, оьшу ирс довза,
Йозанца карор ду хьуна и доза.

Дешил а, детил а, механа деза,
Хьекъалаш кху ц1а чохь дитина шайн.
Д1абахна дахаран орамаш хаьдда,
Дуьненан, эхартан декъала дай.

Амма уьш ца бахна, дитина тесна,
Кинишкаш йитина, весеташ деш.
-«Кортош чохь х1усамаш ца юьтуш еса,
Хьекъалаш дерзолаш чу, т1алам беш».

-Хьо жима ву тахна, хир ву хьо воккха,
И весет кхочуш дан, вайн декхар ду,
Хьажалаш, йозанан 1алашо йовза,
Кинишкаш  ешаран мах, беза бу.


 

Цец  даьлла  пису

1аьнан  к1ур  хьийза  беш,
К1айн  ло  ду  дуьллуш.
Бераш  ду  даккхийдеш,
Самукъне  уьдуш.

Пису  ду  цец  даьлла,
Корехул  хьоьжуш.
Тарделла  полларчех,
Цунна  лайн  чимаш.

«Кегий  уьш  делахь а,
Ду  уьш  сов  шорта.
Царам  со  дуур  ду,
Долушехь  уьйт1а.

Цхьаннах  а  цакхоьруш,
Сел  майра  долу.
Ж1ала  а  лечкъина,
Шен  бунчохь 1уьллу».

Бохуш,- йо  ойланаш,
Писуно  жима.
Б1аьстенан   юккъерчу,
Баттахь  и  дина.

Писуна  гина  дац,
1аьнан  к1айн  туьйра.
Цундела  цец  даьлла,
И  кхераделла.


Керла  шо

Рог1е  деъна  шийла 1а,
Хиш  д1алоьцуш  бина  ша.
Мохо боху, «Сихха же,
Кечло хьаша эца т1е».

Лайн  куз  тесна  арахь  д1а,
Хьаша  веъна  кхечи  схьа.
К1айн  к1урз  буьллуш  корашка,
Хуьтту  хьаша  массо  ган.

Кхаьънаш  дохуш  вовшашка,
Дуьхьал  уьду  бераша.
Лайн  куз  сиха  къарз  бина,
Мара  хьаьрчаш  хьешана.

Марша  да  хьо  керла  шо!
Хьо  ду  деза  хьаша  тхан.
Оха  хьуна  кечдина,
Совг1аташ  ду  эшаран.

               
Сахьтан цхьамза    

Хьалха  баларх  къуьйсуш  уьду,
Сахьтан  цхьамза  заманца.
Зама  гена  яьлла  йоьду,
Меллаша  шен  боларца.

Цхьамза  уьдуш  де  д1адели,
Кхечи  1аьржа  буьйса  т1е.
Замано  болар  ца  хуьйцуш,
Юха  деа  сирла  де.

Эх1-х1ар  а,  г1елбелла  кхоччуш,
Цхьамза  сеци  гойтуш  шийтта.
Замано  к1айн  духар  духуш,
1аламан  сурт а  хийци.


Лайн чимаш

Лайчимаш хьошалг1а диссина тховса,
Д1аихна шераш т1е шо дуьллуш хьовса.
Ткъа бераш  гулделла, керла шо довза,
Ловзарш а кечдина, говзалла къовса.

Ц1еххьана къегина ткъесс тоьхча санна,
Дато нур стиглара чу дужуш дайна.
Самукъне аз дели кхаъ кхайкхош цхьанна.
- Керла шо, керла шо,седарчех ийна.

Лайн йо1 а ялаеш и г1уора – дада,
Кхечира берашна совг1аташ декъа.
Тийналла эккхаеш, ловзаршка девлла,
Базалган  баьргаш а дехира серла,

Керла шо, керла шо дог1ийла марша!
Мохь бетташ  бераш ду сакъераделла.
Беркате, ирсе ахь дойла тхан дахар.
Вовшашца барт болуш, ийманехь даха,

Дарба

Цомгаш хилла 1уьллу паччахь,
Ца г1атталуш меттара.
Везарш, вевзарш гонах бевлла,
Хиллачух ца кхетара.

Де д1адолуш, буьйса хорцуш,
Цамгар ели баттенга.
Лоьраш, дарбанчаш, молланаш,
Толлуш цамгар лелара.

Амма паччахь г1атта ца луш,
Корта пене берзийна.
Цхьа дош ала мотт ца керчаш,
1уьллу б1аьргаш къевлина.

Генара а, уллера а,
Т1е х1уьттура хьолан дай.
Кхин д1адийца лазар доцуш,
1уьллу паччахь «ъах1» деш дай.

Цхьана юьртахь, ши бутт хьалха.
Ша т1ех волуш берашна,
Цу паччахьо кховдийнера,
К1еззига  х1онц томана.

Паччахьера шена кхаьчнарг,
Совг1ат деза лерина.
Цу берех цхьа жимчу к1анта,
Лардинера  безамна.

Т1аккха ловзуш бераш юккъехь,
Цунна лерах кхийтира.
Паччахь воьжна дарба доцуш,
Ца евзачу цамгарца.

Са гатделла хьевзина к1ант,
Г1аш вахна д1а кхечира.
Паччахь вехачу цу юьртахь,
И ладоьг1уш сецира.

Цу бахамах тамаш ца беш,
Ойла еш ша хьаьжна д1а.
Меллаша цо улле таь1аш,
Хешка паччахь хаьттира.

И т1е хьаьжна жима хетта,
Саха дала буьйлира.
К1анта корта ластош церан,
Сом а схьа ца ийцира.

Т1аккха хехочо цец ваьлла,
К1анте оьшург хаьттира.
К1анта дагахь дерг шен аьлча,
И ца вешаш хьаьжира.

-Д1а вала к1ант, д1а г1о,- олуш,
Хехо вела къежира,-
Б1аьрг схьа баьллал могуш воцу,
Хьо ганне гур вац, цунна.

К1ант д1а - м тешна ца вахара,
Сингаттаме хьаьвзира.
Т1аккха денна кет1е ларъеш,
Схьах1итта и вуьйлира.

Эх1-х1ар а, цкъа, цхьаъ чу воьдуш,
Кхечо юха хаьттира.
Хьена хьо, мичхьара, х1унда,
Лаьтта кхуза х1оьттина?

Х1унда хьийза хьо кху кет1а,
Хьо х1ун оьшуш веана?
Сингаттамна б1аьргаш эгаш,
Х1ун бала хьоь боьссина?

К1анта цунна жоп делира,
-Дехьа юьртахо ву ша.
Ша жимха ву, цо лерина,
И ган лууш веана.

Т1аккха хьодалча хьажийра,
Паччахье и хабар дан.
Схьа ца хьожуш 1уьллуш волчу,
К1антах дериг дийца д1а.

Цу берах сакъераделла,
Корта сехьа берзийна.
Уьш цец бохуш, бакъо елла,
Чу цо иза вийхира.

К1ант не1арах чоьхьа вели,
Г1ийла хьожуш паччахье.
Киснара куьг хьала доккхуш,
Совг1ат к1анта кховдади.

Цу жимачу беро дина,
Совг1ат доккха хетарна.
Вела къежна, и вист хила,
Цу к1антана томана.

Т1аккха к1анта самукъдаьлла,
Эли цуьнга: - Г1аттахьа,
Тхан ловзарш а севцца лаьтта,
Тхо сагатдеш ду хьуна.

Шен визире, цу паччахьо,
Т1е кхайкхина элира:
- Воккха хьаша ву т1е веънарг,
Х1оттае стол лерина.

К1анта цуьнга т1аккха эли:
- Цхьа цуьриг а кхоллур дац.
Ахь ца кхоллуш делахь ялта,
Чам а цуьнан хетар бац.

Цу берана там бан лууш,
Паччахь хьала айвелла,
Стоьла йисте г1ента хууш,
Массо вара кхаъ хилла.

К1анта цуьнга д1а а хьожуш,
Цуьнан буйна 1айг бели.
Бисмалла а олуш т1аккха,
Юург йолор т1е дилли.

Самукъдаьлла паччахь хии,
Цу берана там берг дан.
Цо схьаэцна ялта долий
1овша, молуш чорпа т1е.

Цу г1аттарах кхин ца вужуш,
Т1аккха эли  паччахьа:
- Хезаш берийн г1овг1а йоцург,
Цамгар ю, сингаттаман.


Рецензии