Ахь бекхам бехьа

Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа, сан дог хьегнарг, суна!

Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа, сан дог хьегнарг, суна!

Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа, сан дог хьегнарг, суна!

Ахь бекхам бехьа, сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...

Уггаре а къилахь дерг...

Хьо воцчохь сан ойла ца соцу,
Хьуна бен дог делац сан...
Хьоьгарчу безамо са лоьцуш,
Йоккху хан, сатуьйсуш ган.

Яханчу заманан куьзганахь,
Хьан суьрташ ас дагардо.
Сан дахар беккъа хьоь сатийсам,
Боккъал а, со-м к1адцало.

Сан дагчохь хьо санна, хьан дагчохь,
Ехий те, со ягош ц1е.
Я ву те хьо дууш лерина,
Безамо гатдина са.

Къиношлахь уггаре къилахь дерг,
Ду боху-кх, безаман къа...
Валахьа, алий хьайн дагахь дерг,
Къинт1ера доккхуш сан са.

***
Захало...
Забаре байт

Хьан сибато хьере вина,
Хьан б1аьргаша чим би сох.
Х1инц-х1инцца бен ца евзина,
Ахь ма йийсар вина со.

Б1аьргаш дац сан хьуна къегаш,
Ницкъ ма бе хьайн дагна ахь.
Забаре къамелаш, бегаш,
Лелаш ду вайна юккъехьи.

Тешар ярий, еза аьлча,
Ас хьан к1ажарх биъчи дуй.
Къинхетаме хир ярий те,
Сан хьестина, дог эеца.

Къинхетаме сан дог хиларх,
Со тешарх а хьан дешнех.
Хаза дуьйцуш, дог 1ехорах,
Тешам бац цу хьан б1аьргех.

Хезний хьуна, нохчийн иллий,
Юьйцуш Зазу, гуьржийн йо1?
Г1енах и йо1 дуьхьал хуьттуш,
Б1арзвеллачу нохчийчух...

Хезна юьйцуш, гуьржийн Зазу,
Безаман ницкъ ч1ог1а бу.
Сатийсам шен дагчохь кхобуш,
Ваха стагна хала ду.

Чаккхе иллехь хаза гойту,
Нускал далош, воьрзу к1ант.
Вайн Делора, ваха воллу,
Со а, Мартанхойн йо1 ган...

Ас кховдор бу цуьнга безам,
Цунга доьллур ду сайн дог.
Т1аккха тхойша, вовше лоруш,
Дезаш, бертахь дехар ду.

Ахь Делаца ч1аг1онаш йо,
Мартанхойн йо1  веъна ган.
И дуй къар беш, хьо ца ваг1ахь,
Ас хьо лур ву, Деле д1а.

***
Цадехарх дог1ийца,
Лалур дац моьттург а.
Ца лехарх кхочийца,
Мегар дац бохург а.

Ца тарлахь, д1атардан
Деза и дагчохь.
Ца магахь, магийтаза,
Цадолу деъча.

Чам банза я танза,
Юу вай эшча.
1енза а ца довлу,
Д1а даха дезча.
*******


Рецензии
В жизни ничего более интересного не читал

Касатик Болтунов   07.11.2016 06:29     Заявить о нарушении
Спасибо Касатик! Успехов вам!
С уважение А.Р

Айза Резванова   09.11.2016 05:41   Заявить о нарушении
Читать то читали,ну на чеченском же...
Успехов вам!
С уважение А.Р

Айза Резванова   09.11.2016 05:51   Заявить о нарушении