Нохчаллин билгалонаш

     НОХЧАЛЛИН БИЛГАЛОНАШ.
 
    Вайна ваьш, нохчий, г1алг1ай, муьлуш ду дика хаахьара, вешан синойн мах иштта лахара хадор бацара вай. Муьлххачу а 1аьрбаш юьккъера схьаваьллачу «имамашна», «эмирашна» т1аьхьа а х1уьттуш, ваьш х1аллакдойтур дацара вай.
 
    Семител (жуьгтел, 1арбел) дуккха а хьалха кху дуьненчу цивилизации (1илма, ийман, дин) деанчу хурритеха ду вайн къаьмнаш. Цу генаяьллачу заманчуьра схьа ду вайца диссана Нохьа пайхамаран весет – эхь-ийманца даха! (Живите по совести).

 Эхь – ийман (Совесть) – иза Аллах1-Дала х1ора а кхетамехь долчу амамца буьйцуш мотт бу! Цу маттаца ю Аллах1-Делан х1ора стагаца а хедаш йоцу з1е! Иза ду Нохчаллахь угаре а коьртаниг. Цо леладойту вайга вешан хаза г1иллакхаш, 1адаташ. Цуьнца йоьзна ю вайн оьздангалла, адамалла, къонахалла.

    Тидамаш:

     Къонаха воцучу илланчин иллех рэп хуьлу. Къонаха воцучу яздархочун романех пиар хуьлу. Нохчалла д1аяьллачу «интеллектуалех»  шакарш хуьлу.

    **

    Вайна т1ехь мостаг1аша кхуллуш йолу харц ц1ераш д1аевр яц, д1а а жимлур яц вай «тхо бехке дац, тхо ма хьийзаде!» - бохуш, доьлхуш 1арах. Уггаре а хьалха, вай ваьш теша деза: муьлуш ду вай? Мичахь лаха деза вайнехан орамаш?

Кхо-диъ баь1а шо хьалха а лаьмнашний, хьаннашний юьккъера схьа а бовлаза акхарой хила вайн дай, кхидолчу къаьмнийн дайша яккхий г1аланаш, г1опаш еш, аренашна хиш дохкуш, йоза-дешар лелош, 1илма 1амош? Иштта делахь, мичара ю вайн ц1ийца сил инзаре яхь, оьздангалла, собар, къинхетам;  стогалла, нийсо, парг1ато, ц1ано езар? Доцца аьлча, мичара лела вайн ц1ий лелочу пхенаш чохь НОХЧАЛЛА?
 
     Нохчалла – Нохьа пайхамаран весет. Иза вайнехан къоман хазна хилла 1аш яц. Иза – доллучу а дуьненчуьрчу адамашна дина совг1ат ду. Амма нохчаша Нохьин ц1е шайца йитана, НОХЧИЙ, аьлла. Нохьин весетан ц1е а ларьйина, НОХЧАЛЛА, аьлла. Цул сов,  Адам пайхамаран ц1е а ларьйина, доллучу а дуьненчуьрчу нахах АДАМАШ а, адамаш акхаройх къастош, АДАМАЛЛА а аьлла.

 Иза дерриге а иштта шашах кхолладелла а, шашах наисделла а хилуьйла дац. Ца хиларан коьрта билгало – вайн орам хурритин, ана-нехан кхерча д1абоьдуш хилар а, и Адам, Нохьа боху ц1ераш а, Делан къайленаш а дуьххьара цу хурриташна юьккъехь гучаевлла хилар а.

    Вай  вешан ц1ийца ларъеш схьаеана Нохчалла – вай угаре а ч1ог1а дозаллаш дан йиш йолуш, 1аламат ду. Вай тахана дерриге а дуьне мад-ду д1асадаржар – Аллах1 Дала цхьана 1алашонца нисдина хир ду, аьлла хета – вайгара и хазна массанхьа а кху дуьненчохь долчу къаьмнашка д1акхачо.
 
**
    Вайн ц1ий чохь эс лела. Эзаршерийн къоргера  схьадог1у эс. Память крови (генетическая память) олу цуьнах оьрсийн маттахь. Шен ц1ий лелачу пхенаш чохь, шен ойланца, кхетамца, эхь- ийманца Нохчаллин аз ца хезаш верг - нохчо вац.
 
    Вайн орамаш дакъо, вай Нохчаллех хадо, Нохчаллин аз дайа, вай махкаха даха, х1аллакдан (геноцид), вайх манк1ураш ян г1ерташ, дукха къахьегна, хьоьгуш а ду цхьаболчу наха. Цу нахехь инзаре дукха ахчанаш а, таронаш а, х1илланаш а ду.

    Вай боху – ахчанех ахчанаш деш (ростовщичество) – хьарам ахчанаш дебо ма г1ерта. Цара боху – нах лебай а, 1ехабай а, х1уъа дей а, ахча гулде.

    Вай боху – эхь-ийман, г1иллакхаш ларде, оьзда хила нахаца, эхь-бехк Аллах1 Делера дуй хаа. Иза бу Нохчаллин б1ог1ам. Цара боху – нахах эхь хетар осалла, цамгар ю, гуш лаьтташехьа аьшпаш боттай а, харц лей а, бахам совбаккха. Цуьнах цара хуцпа олу. (Хьовса Интернете цу дешан маь1на муха ду).

     Вай боху – дерриге а дуьненчуьра къаьмнаш Аллах1-Дала цхьатерра кхоьллана ду. Массаьрца а мерза, г1иллакхе хила, кхечу къаьмнийн нахаца къаьсттана а хуьлуш.  Цара боху – шаьш Дала къастайна, билгалдина ду, кхидолу къаьмнаш шайл лахара ду.

     Вай боху – дерриге а Аллах1-Делан карахь ду, Цунна леънарг бен кху дуьненчохь х1умма а хила йиш яц. Цара боху – дерриге а шайх, шайн ахчанах а таронех а доьзна ду. Шаьш ду кху дуьненан деланаш.

     Вай боху – Аллах1-Делах а тешаш, 1адда дита дуьненчуьра къаьмнаш шайна ма-хетта даха. Цара боху – оха кху дуьненчохь керла юкъаметтигаш (новый миропорядок) х1оттор ю, шаьш (золотой миллиард) коьртехь а долуш.

     Цу балхо хаттар х1оттадо: бакъо юй вайн ишттачу дуьнен чохь парг1ат, цхьане х1уманан а бала а боцуш, вай жима къам ду, вайга хоттуш а, вайн карахь а х1умма а дац, бохуш, хене довла г1ерта? Иштта вай ваьш хьеша а хьоьшийтуш, 1ийча, и хенаш муха йог1у ю, бала буй вайн? Аллах1-Дала бохий вайга иштта парг1ат 1е, мел ваьлла имам а, эмир а т1е а лоцуш, цаьрга вай бердах а кхийссайтуш? Цу имамашнай, эмирашнай т1аьхьа лаьттарш муьлуш бу дика хеай вайна?

    Ермоловний (ермолка – жуьгтийн куй), Ермолов ша – декабрист, масон, Шемалний (Шамуил) юьккъехь аьтта, дакъаза даьхна вай цхьана еххачу хенахь. Жуьгтийн семибанкиршас х1оттайначу Ельциний, цунна т1ех1оттайна хиллачу Филатовсий, жуьгтийн векалща (Боровой, Полторанин, Кобзон, Березовский, Старовойтова, кхиберш а) марсабаьхначу сепаратисташай, цара вайн чу кхиссанчу ваххабиташ бу бохучу агенташай дакъаза даьккхина хьийзош ду вайн къам тахханалц.

Х1унда лелайо и мекара политика вайца? Х1у дан г1ерта и нах? Х1у 1алашо лаьцна цара? Уьш совцур бу, я совцур бац? Цуьнан ойла а, жам1 а ца дича довлий вай? Дуьненан рицкъане вешан б1аьрса, кхетам, Нохчалла хьошуьйту вай, я самадовлу вай?
 
 
     **

     Кху дуьненчохь цхьаний нахаца а, къаьмнашца а гамо а, мостаг1алла а дац вайн, мел яккхий харцонаш ваьшца лалийнехь а. Къинхетаме а, нийсо езаш а къам ду вайн къам. Вешан ехачу исторехь цхьана а къомана т1елетта, вешан лаамца т1ом бина къам дац вай. Мелххо а, массо а лулахошца – 1аьндашца, г1уьмкашца, х1ирийшца, гуьржешца, г1ал-г1азакхешца барт, гергарлонаш лехна вай.

 Иза вайн къоман фольклоро а дика гойту. (Вай г1алг1ай ца буьйцу, вай цхьа къам долу дела). Гергарло сийлахь ду Нохчаллица дуьстича. Гергарло дезаро лакхара мах хадабо хьаша-да т1еэцаран. «Хьаша Делера ву», «Хьаша беркат ду» - олуш ду вайн гуттара а, муьлххачу заманашкахь а.

    Латар, г1ийлачунна ницкъ бар, эрна ц1ий 1анор – и вайн къоман амалшца дац, цкъан а хилла а дац эзаршерийн к1оргенашкахь.  Амма ницкъ беш т1ег1оьртанчарна к1ел а ца севцна вайн дай.  Дерриге а дуьне цецдолу вайн деналлех, майраллех, вайн инзаре ч1ог1а парг1ато езарх. Иштта вай доллашехьа, боьхачу наха (йилбазо) тешийна цхьаберш, вай бандиташ, террористаш, зуламе нах ду, бохучух. 1944 – чу шарахь вай Казахстане, Киргизе дохайна дигначахь, бухахь болчу нахе вайна г1о-накъосталла ца дайта, вай алссам далайта, Берис (Мингрелерачу жуьгтечо винчу къизачу провокатора)  долайна хилла, нохчаша адамийн жижиг дуу, уьш вовшен бууш акхарой ю, бохуш эладиттанаш.

     Амма вайнах ма-барра бевзанчахь, вайн ц1ийца йолу Нохчалла гучуяьллачахь,  вайн сий-ларам алсам хуьлу. И дац кхидолу къаьмнаш хьаша т1елоцуш дац, уьш къиза,  сутара ду,  бохург. Амма кегийчарна шайн дайшкара схьадог1у хаза г1иллакхаш ма-дарра довза деза, д1а ца тосуш, дебо а деза, мел хала хилахь а.

     Доллучу дуьненахь а къаьмнийн экономикина доккха г1о до туризмо. Туристаша даккхай ахчанаш дуьту шаьш садо1учахь. Ткъа вайн туристашна гайта дукха шорота 1аламан хазаллаш ю, дарбане хиш ду, историн а, архитектурин а х1олламаш бу. Цу беркатах пайдаэца хаа деза вайна, вайх долу диканаш, вешан сийлахь истории ма-ярра йовзийта эхь а ца хеташ, и истории а, диканаш а вайца дац ала г1ертачеран лаамаш толе а ца бохуш.

**
     Стагана, къонахчунна ша шен дош ца хетча, цо шен мах лахара хадийча, нахана а иза стег хетар вац. Ша мила ву хаар къоман историна т1ера долало. Цундела ду вайн мостаг1ин мостаг1алла вайн историца. Кхузахь хаттар х1оттала: муьлуш бу вайн къоман мостаг1ий?

    Вайн къоман мостаг1ий - х1ара ду, аьлла, схьалаца цхьа а къам а дац. Вайн мостаг1ий – вайгара х1ара дуьненан ялсамане схьаяккха г1ерташ 1алашо лаьцна нах бу. Инзаре даккхай ахчанаш а долуш, кху дуьненан «порядок» хийца г1ертарш. «Новый мировой порядок» кхуллуш, меттахабевлла леларш.

 Цу наха кху дуьненчохь «тоьлларш» а, «эшнарш» а къаьмнаш къестадо. «Тоьллачарна» «дашо миллиард» аьлла ц1е тиллана цара, х1умма а эхь а ца хеташ, цхьаннех а ийза а ца луш. Делах а эхь ца хета царна. Дала шаьш даздина, къастийна кхоьллана кху дуьненчу, бах цара.

     Кху вайн махкана т1екхийда, т1ег1ерта, «1илманан» бух кхоьллана цу наха. Цара тептарш арахецна, Къилбаседа Кавказ эзар шо хьалха Хазарина юьккъе йог1уш хила, цу Хазарехь бехаш берш а, и Хазари кхоьлланарш а иудеяш хила, бохуш. И х1унда долийна цара?

И долийна шаьш кху чу теттана ахчанаш (инвестицеш), шайн даймахка тетина шаьш, ала. Таханалерачу дуьненахь кегий къаьмнаш т1емашца, махкаха дахарца х1аллакдан ницкъ ца кхачахь, цу къаьмнийн латта, даймохк «инвестицашца» шайн дола боккху цара. Иштта цу даккхай ахчанашца шайн дола даьхна цу наха дуккха а латтанаш Сочехь, Ставрополан а Краснодаран а махкашкахь, Карачаево-Черкесехь.

 (Масала, Архыз). Ишттачунна сема ца хилахь, къаьмнийн хьаькамаш а, 1едал а дохкалуш хилахь, къаьмнмш хичохь б1аьргаш биллача сана, цу ахчанийн йийсарлахь дуьссур ду гуттаренна а. Палестинехь санна т1улгаш кхийссарх юхадоьрзур дац латтанаш. Цуьнан г1айг1а а бала а боцу къонахий – уьш йовссарш ю, къоман мостаг1ий бу.

    Амма цхьаболу нохчийн бу боху яздархой юьстаха бевлла латтарал а, цу даккхий ахчанаш долчу нахана бохка а бела, Хазари иудеин пачхьалкхе а хила, цу Хазари юьккъехь нохчий а хила, бохуш, книгаш арахецна. Хазарин столица (ма1а шахьар) Нохчийн лаьтта т1ехь хила, бохуш а яздо цара.

 Эханнал а сов таханалера нохчийн тайпанаш цу Хазарера жуьгтий а бу, боху цара. Масала, Дауев Саламус, Садулаев Германа, кхечара. Вайха дукхаха болчарна цу доллачуьнца бала а бац. Вай дийшана 1охккушехь, вайн кханенна охкуш ор ду!

 **
     Цхьаберш вай Нохчалла Нохьа пайхамарца дозар нийса дац, иза миф (туьйра) ду, ала г1ерта. Уьш нийса бац. Миф (туьйра) – иза хилла а, хила а йиш йоцург, 1илманан бух боцург ду. Вай дуьйцучун, шеко йоццуш, 1илманан бух бу.

И бух – вайн гена бевлла дай хурриташ (ана нах) хилар а, цу хурритин кху дуьненчохь вайнехал уллора, церан таьхье ларалуш нах ца хилар а бу. Цу хурриташа деана кху дуьненчу 1илма, хурриташна делла хилла Аллах1-Дала Кхоьлланарг цхьа1 хиларан бакъдерг. Хурриташха хилла сийлахь воккха Пайхамар, Аллах1ан доттаг1а (халиль Аллах) Ибрах1им.

 Хурриташна юьккъехь гучаевлла угаре а яккхай Делан къайленаш (Откровениш) цареха – Нохьа Пайхамарах лаьцнарш. (Цу доллучун а ссылканаш авторо оьрсийн маттахь дечу йозанашца еш ю, масала, "Ноев Завет" книги т1ехь).

     Керла эра т1еяле У1- цу б1ешарахь Вавилонехь жуьгтийн яздархоша т1егулдина шайл хьалха эзарнаш шерашкахь дуьйнна хурриташна юьккъехь лелларш схьа а гулдина, Ветхий Завет вовшахтохар миф яц, вай 1илманан маттахь дуьйцурш миф ю? Муха хила веза оццал ч1ог1а шен къам ца дезаш, шен къоме мостаг1алла хьедеш!?

Уьш-м кхид1а а г1ертар бу вайна ваьш ца довзайта, вай 1адда 1ахь. Царех «сийлахь», «къоман» яздархой а бийр бу, царна мидалш а, орденаш а ухкар ю, церан ц1ераш урамашна а тохкур ю, уьш базбина, лелор бу, шаьш лелабайта царна хуур а ду, х1унда аьлча, уьш хьала мел бовлу, вайнехан къам охьатаь1а. Къам охьата1он политика толаме йолу. Из ду ахчанашца чуг1ертачу мостаг1ашна луург.

 **
     Нохчалла йийцарх, кхийкхорах тоьаш дац. Нохчалла къоман х1оллам (символ) йина д1ах1отто езаш ю. (Символин мотт, хууш ма-хиллара, угаре а ч1ог1а мотт).

    Нохчаллин символаш – Нохьа пайхамарца а, цуьнан заманца а мел доьзнарг.

    Нохчаллин символ – хурритин (ана-нехан) зама. (Дехкана суьрташ, юхайина цу заманчуьра пхьег1аш, герз, кхийолу атрибуташ). И дурриге а вайн къоман музейш чохь хила дезаш ду.

    Нохчаллан символш – Нохьа-пайхамарца, Нохьин нойца, хурритин а, урартин а дуьненца йоьзна ц1ераш вешан микрорайонашна а, урамашна а, культуран кхерчашна, гостиницашна, вокзалашна, туьканашна,кафешна, ресторанашна тахкар.

     Нохчаллин символш – цу дуьненца йоьзна 1илманан конференцеш, декадаш, ладог1арш,  вовшахдеттар.

     Нохчаллин символш – школашкахь дешархошка а, студенташка а сочиненеш язьяйтар, кхачам боллуш, кегийрхошна цуьнан сийлахь маь1на д1адовзайтар.
 
     Нохчаллин символш – телевиденехь а, радио чухула а, кхечу хаамийн ницкъашца кхачам боллуш болх лелабар, юкъара а ца болитйтуш.

    Цу доллачо а доккха маь1на а, кеп а лур ю вайн т1екхуьучеран хат1-ойланаш цхьана беркате, ийманан хорша ерзо. Цу доллучунна а даккхай ахчанаш а ца деза.  Амма къоман кхетам хьакъдоллучу т1ег1ане, иймане, исторически кхетаме берзоран,
къоман Эс, кхечу къаьмнашца долу гергарло, вовшашца йолу марзо самадаккхаран мах инзаре боккха хир бу. Х1унда аьлча, дерриге а къомо ша-шен ларарна т1ера, шен мах хаарна т1ера д1адолало.

   **
     Дуьненан т1екхиа, схьалаца йиш йоцчу инзаралле хьаьжча адамо кху дуьненчохь йоккху хан чуьрко цкъа т1ам ластточу заманал а еха  яц. Вайна гуш дерг г1ан ду. Вай цу г1енахь б1аллаг1аш ю. Иштта декъаза, ледара, пайда боцуш сурт х1утту кху дуьненах а, вай х1орамма а кху дуьненчохь йоккхучу хенан а, нагахь вайна ваьш Аллах1 Дала, сийлахь, веза ву Иза, кху дуьненчу х1унда кхоьллана, Цо вайна х1у некъ магайна хууш ца хилча.

 Амма вешан Аллах1 Дала, сийлахь, веза ву Иза,  беллачу кхетаме, Цо вайна деллачу эхь-иймане ла а доьг1на ойла йича вайна ца хаа йиш яц ваьш цу Кхоьлланчун цхьана инзаречу 1алашонан декъашхой а, цу Кхоьлланчун накъостий а дуй.

 Шена оьшуш ца хилча цу Аллах1 Дала, сийлахь, веза ву Иза, вай кху дуьненчу кхуллур дацара. Я кхоьллича а акхарошна а, бежнашна а санна бен кхетам а, эхь-ийман а лур дацара.  Цундела адамо кху дуьненчохь латош долу угаре а деза къа – адамна Кхоьлланчо шена беллачу кхетаме а, хьекъале а, эхь-иймане а ладог1а ца хаар, я ца лаар!

     Шайн кхетам, хьекъал, эхь-ийман кхечу адамашна (динан дай ду шаьш бохучарна, Кхоьллинчанай, адамашнай юькъахь юкъаралла лелош болчарна)  т1е а дехкана, царех шаьш леточу къинойн накъостий а бина, Аллах1 Делаца, сийлахь, веза ву Иза, х1илланаш лело г1ерташ нах алссам гучабевлла т1аьхьарчу хенахь. Амма Аллах1 Дала, сийлахь, веза ву Иза, цаьрга Ша 1ехалур вац боху шен сийлахьчу Къур1анчохь.
 
**
       Тахана, кху йилбазо талхош лаьттачу дуьненчохь бакъволчу нохчочо, хетарехь, иштта ч1аг1о ян еза:

    - Со нохчо ву сийлахь везачу Аллах1 Дала дуьненчохь эхь-ийман ц1ена латто воссайна хиллачу Нохь пайхамаран т1аьхьенаха.

     - Со нохчо ву суо кхеттал хилчахьанна Аллах1 Дела цхьаъ вина, цуьнан сийлахь элча Мохьаммад пайхамар бакъ вина, доггаха, гуттаренна а бусалбан дин т1еэцна волу.

     - Со нохчо ву суо вешшехьа Аллах1 Дала сайн ц1ийца нохчаллин  хаам белла, нохчалло эхь-ийманца нисвина, нохчаллина т1ера а, бусалбан умматха а воха йиш йоцуш.

     - Со нохчо ву эзарнаш шерашкахь нохчаллеха ца бухуш, шайн ц1ий, эхь-ийман ц1ена латтош таханенга кхаьчначу башхачу х1урреха - 1уьйренан къомаха, Махбален къомаха.  Аллах1 Дала дуьненчохь гуттара а 1уьйре, ц1еналла, нийсо, безам, вошалла, деналла, яхь, ирс латто векалш  бина кхоьлланчу къомаха.

    - Со нохчо ву цкъан а, цхьаний заманчохь а дуьненан рицкъанах ца 1ехаделлачу къомаха; цхьаъ хьала ваьлла, важа охьа та1айна, г1ийланиг г1ийла витана, мисканиг атта хетта, осала ца леллачу къомаха; рицкъанах совбевллачарна  хьеста ца деллачу, мостаг1чунна къар ца деллачу къомаха;  шайн сий, эхь-ийман, оьздангалла, яхь, нохчалла д1а ца луш гуттара а майра 1ожалла т1еоьцуш таханенга схьадеанчу къомаха.
 
     - Тахана дуьненчуьра дуккха а адамаш Йилбазо эхь-ийманаха, кхетамха, адамаллеха даьхна, дуьненан рицкъане, дуьненан атталлашка уьш тиларшка дигийтина, Аллах1 Дала беллачу некъа т1ера дохайна хьийзош хилар.

     – Тахана Йилбаз тоьлла, т1екхуьу кегийнах дуьненан рицкъанах атта 1ехалуш хилар, цуьнан дуьненан рицкъане хьаьжжина бен стеган мах хадош ца хилар, гуттара а къонахчун дош лелаш хиллачахь а х1инца ахча бен лелаш ца хилар.

      – Тахана дуккха а наха ур-аттал Аллах1 Делаца шаьш лелош йолу юкъаметтиг а ц1ерахазаман дуьхьа лелош хилар, багахула Аллах1 Делан ц1е яхахь а дуккха а хьаькамаша адамашкахь г1ело латтош хилар, багахула цхьаъ а дуьйцуш, цара лелош дерг кхин хилар, ишттачу Аллах1 Далла угаре а цаезначу шалхонаша вайн т1екхуьу т1аьхье де-дийне мел дели талхош хилар.

      – Дуккха а нахана шаьш ламазаш, марханаш, мовлидаш, кхидолу Аллах1 Делан дуьхьа деш долу г1уллакхаш дичахьанна, шаьш харцлерах а, нахера кхаьънаш эцарх а, кхидолу хьарам рицкъанаш  гулдича а, шайна мега моьттуш хилар, уьш Аллах1 Дела 1ехон г1ерташ санна бехаш хилар, цу шалхонаша т1екхуьу кегийнах талхош, уьш х1инццалц схьаеана хиллачу сийлахьчу Нохчаллех жим-жима д1ахербеш хилар.
 
     Ас ч1аг1о йо:

    - Сайн рицкъанах дозаллаш деш, сайн рицкъа гучудаккха г1ерташ, цуьнах сайл г1ийланаш ца хьего.
 
     - Айса Аллах1 Далла а, Цуьнан дуьхьа а ден г1уллакхаш гучудаха г1ерташ, царех байракх йина ца лела.

     - Г1ийлачин, мискачийн рицкъанна т1е ца кхийда, сайгахь долчу  даржах хьарам рицкъа гулдла ца г1ерта, айса къайлаха а, къулаха а мел лелораг а, лелон дагалаьцнарг а, Аллах1 Далла шера гуш дуй а хууш, Аллах1 Дела 1ехо ца г1ерта.

     - Нохчалла  сайн дагчохь, сайн сица лело, г1аравуьйлуш, Аллах1 Далла ца езна  моттарг1анаш, шалхонаш лело а ца г1ерташ.

     -  Х1уъа хилла латтахь а, Нохчаллеха ца вухуш, эхь-ийманаха ца хедаш, бусалба умматах ца къаьсташ, сайн Аллах1 Далла дуьхьала х1отта.

     - Нохчалла айса Аллах1 Делаца буьйцу мотт буй хаа, цу матто а, сайн дагчохь а, сайн са чохь а волчу сийлахь воккхачу Аллах1 Дала а ницкъ белла, айса сайн лара, суна сайн хьакъ боллу  мах хаа, цу ницкъо а, цу мехо а сайл Йилбаз цкъа а цхьаний меттахь а тоьлар ца хилар хаа!

    Нунуев Сайд-Хьамзат.

    Махкат1е.

    **


Рецензии