Ас маршо йоьху

Сан малх ас хьох аьлча,
Са довш хьо, д1аварна кхоьру.
Седанах тарвича,
Иза а лечкъа сох, боьлуш.
Ирсах дог кхелина,
Йоккхаеш, со хьоьга хьоьжу.
Хьан б1аьргийн йоза ас,
Юх-юха ойланца доьшу.

Хьо хьехор  я 1ехор-
Амалца сан и ца дог1у.
Ткъа хьестар я чехор-
Къонахчуьн амал ю боху.
Сирлачу шовданах
Со тарйар ас хьоьга доьху.
Хьомениг, ас хьоьга,
Маршо сайн безамна йоьху!

Шеко йац, кхолламо
Харжамаш вайга ца бойту.
Бошмашкахь заза го,
Стом боцуш дисина, лоьгуш.
Делахь а сатийсам,
Къастарал а мерза лору.
Хьо гена вийларх а,
Сан дагна хера ца волу.

Хьоьгарчу безамо
Хьан йийсар йина со лела.
Хьо ца гуш йахна хан,
Дахарехь сайн эерна хета.
1аьна-чилла йашийна,
Хоьцар ю ас маьлха к1ажарш.
Тов х1оттахь мохаца,
Хьожар ю хьо волча кхача.


Рецензии