Боглаева Хава, студентка педколледжа
Йина 1999 шарахь ,доьшуш ю
Соьлжа-г1аларчу хьехархойн колледжехь,
«Даймохк» ц1е йолчу литературни клубан декъашхо ю.
Воккхачу Дадина.
1а… Арахь цхьа шийла 1уьйре...
Со къастош набаран уьйрех,
Еъна т1ех1оьттира нана,
Ирча кхаъ тхан керта беъна.
"Д1авели... "-элира г1ийла...
Сан б1аьргаш дуьзира хих
Ц1е летта богура кийра,
Ас муха лан деза и?
Ц1еххьана цамгаро леци,
Хьомсара сан Воккха Дада.
Цуьнан дог ц1еххьана сеци,
Йисира со йина 1ада....
Хьоьх яьлча кхийтира со,
Мел оьшуш хиллера хьо.
Деса ду, хьо воцу дуьне,
Деса ду дахар ,ц1а-кхерч
Г1ийла ду тхан хийшар шуьне.
Г1ийла ду тхан дахар-1ер.
Боглаева Хава.
Доттаг1
Атта ца караво тешаме доттаг1
Кийчаверг халонийн кад хьоьца мала
Нагахь хьо де доьхна,де эшна х1оттахь,
Кийча хир хьан дуьхьа и са д1адала.
Х1ума дац дикачу накъостел деза,
Ду иза кхолламо кховдийна совг1ат.
Хама беш лелаве ахьа а иза,
Ца кхоош сих-сиха ала дош довха.
Хазачу дашо лам башийна олу,
Довха дош оьшуш ду деладан дог,
Оьздачу накъостах самукъадолу,
Ямартчу доттаг1ех вай лар а ло.
Свидетельство о публикации №216122202149