Юсупхадлжиева Лиана, студентка педколледжа

Хилалахь гуттар а,сан Ненан мотт!

Хьо бийца суна цкъа а эхь ца хетта.
Хьо ца 1ема бохучух яша а ца еша,
Хьо дайшкара суна кхаьчна совг1ат хета .
Мерза мотт ,бекалахь хьо гуттар !

Хьан бакъонаш жимчохь 1амина,
Хьо бийца ца луаш  ца хилла,
Вочу дешнашца хьо сийсаз ца бина ,
Оьзда  мотт, бекалахь хьо гуттар !


Хьо кхиош 1алашбан ю сан ойла.
Маьждигехь ,пхоьг1анехь буьйцу хьо,
Г1елбелла хьо цкъа а ма гойла
Хилалахь гуттар а,сан ненан мотт!


Рецензии
Ненан маттаца доьзначуьнга хьо бендоцуш хьоьжуш цахилар б1аьрла хаало хьан мог1анашкахь, Лиана! Сирла дог-ойла, ц1ена 1алашонаш кхайкхайо ахь.
Аллах1-Дала аьтто бойла хьан а, вайн массеран а ненан мотт 1аморехь, ларбарехь, кхиорехь!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   04.02.2017 14:01     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда,Асланбек!
Лерамца, П.А.

Петимат Абубакарова   20.02.2017 23:30   Заявить о нарушении
Оха хазахеташ дийшира хьан дешнаш тхайн тобанехь.
Хьо санначу догдикачу адамаша шен ницкъех тешабо къона пох1манчаш.
Ларамца, тоба "Даймохк".

Петимат Абубакарова   20.02.2017 23:33   Заявить о нарушении

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →