Тохтарова Зулихан, студентка педколледжа
Ца хилча санна д1айойъу вайн некъийн лараш,
Цхьа наггахь тохахь а и дера ов,
Ца дилхича санна,делало б1аьргаш.
Замано вицво муьлхха а стаг,
Везнариг,эшнариг,1ожалло ваьхьнарг,
Хийллаза дог 1ийжош ша лаьцна лаг,
Лаьттина бала а бицбо,паналле баьхьна.
Хено ма довзуьйту диканиг,вониг,
Забарах санна хьере ву,юха парг1ат воккху,
Ша сихлой ,эшаво мел сиха верг,
Мисканиг цец воккху гуттар баьрчче а воккхий.
Хено хоуьйту адамийн догойла,
Кисанахь буй эцнарг,я даггара лелларг я
Ма дукха бисна-кха хенаца къийсаме бевлларш,
Юьхь1аьржа х1оьттина ша Зама къарйийр ю аьлларг.
Хено д1аерзайо муьлхха а чов,
Ца хилча санна д1айойъу вайн некъийн лараш,
Собарна бух буьллуш,йотта аш б1ов,
Х1ара дуьне дуьсуш ду,хьаббийча б1аьргаш.
Свидетельство о публикации №216122400117
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 04.02.2017 13:51 Заявить о нарушении
Лерамца,"Даймохк" ц1е йолу литературни тоба.
Петимат Абубакарова 20.02.2017 23:31 Заявить о нарушении