Бисаев Мяхди, студент ЧГУ

Нана
 
Сан хьоме Нана , сан деган  алу,
Дуьненчу валале, со хьайна везнариг,
Дуьненчу валаре дукха сатийсинарг,
Сан ага техкийнарг ,сандог а делийнарг,
 
Могшалла  ца кхоош хьо соьга хьийжира,
Хьай синтем байъина, лерина ларвира,
Хьай хан ахь яйъира ,со кхио г1ерташ,
Хьай наб ахь яйъира, со вижо г1ерташ
 
1уьйранна г1аьттича сан юьхь т1е хьоьжуш,
Со сама  валаре ч1ог1а   са туьсуш,
Ас б1аьргаш биллича, сан б1аьра хьоьжуш,
Со вела ва  къежча,хьайн  мара къуьйлуш.
 
Сихонца хьаьвзий ахь кхача кечбора,
Юха и марзонца  ахьа  суна  лора
Тешамца,  безамца   со  кхиаварна,
Даггара  баркалла ,сан хьоме Нана .


***    ***    *** 



Т1екхечи сирла 1а,аренаш хазъеш,
Схьакхечи шийла 1а урамаш шардеш,
Акхарой даръеш,1аламаш к1айн деш,
Ламанан шовданаш кхин ч1ог1а шелдеш.

1уьйренаш денъели,и бераш ловзуш,
Цу берийн ловзарех баккхийнаш боьлуш,


Рецензии