Саламова Петимат, студентка педколледжа
Кхоьру со 1ожаллех, дуьненах санна
Сан кхерам сов буьйлу х1ора а денна.
Х1ун эцна г1ур ю те вай Далла герга?
Гергарнаш г1ур бу д1а, со бухахь юьтуш...
Г1ур юй те сайх ала хаза дош дуьтуш?
Хиллий те даггара Далла беш хастам?
Комаьрша хилий те?
Хиллий те оьзда?
Ойланаш хиллий те динаца йоьзна?
Кхечунна во деъча, дог доьлхуш хиллий те?
Биний те ден-ненан доггаха ларам?
Иманах дуьззина кийрахь дог долуш?
Г1иллакхе, оьзда а наггахь со хиллехь,
Оьшуш дац, диканех аса дог дилла,
Дикалла йоцург кхин хьур дац вай х1умма!!!
(25 февраля 2013 г)
Свидетельство о публикации №216122400091
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 04.02.2017 14:16 Заявить о нарушении
Доккха беркат ду вайн къоман юкъахь хьо санна догц1ена,нохчийн маттах,махках дог лазаш адамаш хилар.
Дика дош а дикачу 1амалех ду. Дала могуш-маьрша лелавойла-кх хьо!
Лерамца,"Даймохк" ц1е йолчу литературни-кхоллараллин куьйгалхо П.Абубакарова
Петимат Абубакарова 20.02.2017 23:29 Заявить о нарушении