Даим со хьегначу ЦIен-Берде гIой...
Т1аьххьалц ч1ог1а к1еззиг хаьара вайна Гадаевн дахарх, цо шена хьалха х1иттийначу 1алашонех лаьцна. Цундела цунах болу мел жима хаам а д1айазбан лаам кхоллалора.
Гуьмсан к1оштарчу къаночо Шамаев Г1азис ткъех шо хьалха дийцира, вайнах Сибрех бахийтале хьалха ишколашна йазйинчу киншкаш т1ехь Гадаевн байташ йара, уьш шаьш 1ама а йора, иза цу хенахь а шуьйра вевзаш меттан говзанча вара аьлла.
Гуьмсехь коьрта библиотекарь йолчу Бацацаева Яхас дагалоьцура йаздархочун вешица Сайд-1альвица к1оштан барамехь хилла цхьаьнакхетар. Сайд-1альвис цигахь дийцинера: «Шен дахаран т1аьххьара миноташ т1ех1иттинчу хенахь, ши пхьарс а лаций ша охьахааве аьлла (оццул вочу хьолехь волушшехь), ша охьахаавайтира Мохьмад-Салахьа, меттахь вахвелла вижина а волуш д1акхалхар ледаро ма хета шена аьлла…»
Ишхой-Йуьртарчу Исрапилов Салмана хьахадора шена шен дас Джабраила дуьйцуш хезнарг: «Лаьцна волу со Мохьмад-Салахьца цхьана чохь нисвеллера. Доккха хьекъал долуш стаг вара иза. Набахте йолчу к1оштан куьйгалхо, ша кхочушбечу 1едалан балха т1ехь халуо киртиг шена т1ех1оьттича, лаьцна волчу М-С.Гадаевх дагавала вог1ура…»
Мохьмад-Салахьах, цуьнан гергарлонех, дахаран т1аьххьарчу шерашца доьзнарг хаархьама, масех шо хьалха тхо хилира (соьца вара хьехархо, поэт Хамерзаев Заурбек) Нажи-Йуьртахь а, Чуьрчу-Ирзехь а. Воккхачу йаздархочун гергарчу наха шайн иэсехь къаьсттина лерина 1алашдеш хиллера цуьнан г1иллакхаш, амалш, кхиамаш, ткъа иштта кхочушйан аьтто ца баьллачу 1алашонех доьзнарг а.
Албеков Нурадди Чуьрчу-Ирзерчу йуккъерчу ишколан хьехархо ву. Ахб1е шо сов хан йу цуо дешаран хьаьрмахь къахьоьгу. Мохьмад-Салахьах лаьцна Нураддис иштта элира:
"Тхан дененан ваша ларалуш вара иза. Иза лаьцна волчу хенахь (60-чу шерашкахь) тетрадан 4 аг1о д1алоцуш кехат йаздира ас Мохьмад-Салахье, вайн махкара дешаран г1уллакхаш дуьйцуш. Цо жоп даийтира, шена йукъахь «Деха шераш» аьлла байт йолуш. Х1инца а дагахь хаьа суна цу т1ера х1ара мог1анаш:
Ассаламу 1алейкум, сан йуьртахой,
Шуьга сан даггара маршалла ду.
Суьйренца, 1уьйренца вайн ойлайай,
Кийрахь дог 1овжадай, лахлуш со ву.
Доьг1на ца хиллера вайна вовшийн
Дахаран баланехь марзо эца,
Тобанехь лекхаза эшарш а тайна,
Баланаш бицбина, когаша лоьцу…
Мохьмад-Салахьан вешина Сайд-1альвина дийшира ас и кехат. Б1аьргех хиш девлира цуьнан. Маь1нех мелла а йуххера кхета хьожуш, йух-йуха а дийцаре дора оха цу т1ера йозанаш. Т1аккха мелла а б1аьрла схьагора цуьнан г1ийла дахар, лайна баланаш.
Кху йуьртана 1,5 километр бен гена йоцчу (цо шен байташкахь йийцинчу) «Ц1ен-Берд» олучу меттехь 1ийна бу Гадаевг1ар. Оцу меттехь «т1улг бог1арций, берд бахьарций, б1аьста-гурахь цига дахана дог дастарций» а доьзна весеташ дина д1авахана иза. Ницкъ кхочучу кепара уьш кхочушдеш схьадог1уш а ду тхо - цуьнан гергара нах, йуьртахой.
Ц1ен-Бердера охьабахана, Теркайистехь, Дагестанерчу Эдал-Отарахь, Гуьмсан к1оштарчу Лаха Гезлой-Эвлахь баьхна Гадаевг1ар.
Мохьмад-Салахьан амалх, г1уллакхех лаьцна эр дара ас цхьажимма. Йоккха адамалла йолуш, хьекъал долуш, бартана сиха а, майра а стаг вара иза, нохчийн сий лардеш х1аллакьхир волуш а вара. Нохчичо нохчичуьнга х1ума аьлча ца магара Мохьмад-Салахь. «Тарлойша, девнаш ма дейша, т1ехбеттамаш ма бейша, бертахь хилийша, кхин х1умма а ца хилча, нохчий дац вай!» – олура цо.
Лаьцначуьра ц1а веанчу хенахь цомгуш хилира иза. Тхан да сих-сиха т1аьхьавоьдура цунна. Дан дезаш дуккха х1уманаш диси шен, (Сийлахьчо шена делларг к1езиг доцудела) уьш кхочушдан аьтто бар Деле деха эхь хета-кх шена, олуш хилла Мохьмад-Салахьа шен т1аьхьарчу деношкахь. 1972-чу шеран декабран 22-чу дийнахь д1акхелхира иза. Арахь к1орга диллина ло дара цу дийнахь.
Мохьмад-Салахьа шен байтехь бийцина «андийн шен орамаш рег1ах д1атесна, зоьртала а, шега хьежна б1аьрг белийна а, наьрт санна а» болу рег1ара поп, мел халахеташ делахь а, бакъабели, амма цунна гонах (цуьнан орамаш т1ера) хьалакхуьуш 1аламат дукха синтарш, марг1алш ду!!!
Х1окху йуьртана ч1ог1а ийшира иза. Дан дагалаьцначех дуккха г1уллакхаш кхочушдаза дисира цуьнан. Оха ч1ог1а к1езиг пайдаийцира цунах…"
Меттигерчу ишколехь тхан хиллачу цхьаьнакхетарехь Мохьмад-Салахьах болу хаамаш т1ебуьзира цуьнан вешин к1анта Гадаев Арсена:
"Аш хоьттуш хиларна, тхайн ц1ийнах, йиша-вешех лаьцна дуьйцур ду ас цхьажимма. Билта ц1е йолчу йуьртара схьабог1уш бу тхан ц1ийнан орам. Г1ада хилла тхан деден ц1е. Хьамид, Г1уда, Элса ц1ераш йолуш вежарий хилла цуьнан. Г1адин ши доьзалхо хилла: Мохьмад-Салаххьий, Сайд-1альвий (шолг1ачун кхалхар хилла 2002-чу шарахь).
Усманов 1имранан да а Мохьмад-Салахьан шича вара. Казбек ц1е йолуш к1ант вара Мохьмад-Салахьан. Иза а д1акхелхина. Казбекан шина к1антах а цхьаъ бен дийна вац. Иза вайн республикал арахь вехаш ву.
1972-чу шеран августан 1-чу дийнахь ша лаьцначуьра ц1а веанчул т1аьхьа (цхьа-ши бутт боцург) шен дахаран йерриг йисина хан лазартнехь йаьккхина Мохьмад-Салахьа. Кху ц1ахь кхеттера цунна и шелонан цамгар. Дика хьовсуш лоьраш бара, кхунна шенна къастийна чоь а йеллера, амма 1ожаллийца къийса йиш йацара. Нураддис шен къамелехь билгалдаьккхина ма-хиллара, Деле шена деха эхь хета, хьалха ша дехнарг Цуо шена делла, амма кхин а цхьана шарахь 1ожалло собар дахь, болх бан аьтто болуш а ша хилахь, цхьацца г1уллакхаш чекхдаха хьожур ву ша, олура цо.
Оцу 1алашонашна йукъахь (кхоллараллин балхаца доьзна доцурш) – шен чоьтах йуьрта хи далор, некъ биллийтар, ткъа иштта долийна долу шен ц1енош чекхдахар, кхидолу г1уллакхаш кхочушдар а дара цуьнан. Доцца аьлча, ц1ена нигаташ дара уьш дерриге а.
Бакъду, Мохьмад-Салахьан весеташ (ницкъ кхочучу кепара) кхочушдина. Кхузахь суна ц1е йаккха лаьа тхайн йуьртахочун Саидов Нажмуддин. Г1ебартойн-Балкхаройн Республикера бан а беана, йозаллин барам 6 тонна болу ц1ечу мармаран т1улг д1абог1ийтира цо, Мохьмад-Салахьан чуртана аьлла. Тайп-тайпанчу меттигашкара деана ораматаш д1адийна тхан дешархоша Ц1ен-Бердехь…"
Нажи-Йуьртара №3 йолу йуккъера ишкол йаздархочун ц1е лелош йу аьлла хезна, оццу дийнахь цига а кхечира тхо. Ахматханов 1илмана тхуна гайтира х1инцца кечйан йолийна ала мегар долу М-С.Гадаевн ц1арахчу музейн чоь. Цу чохь дара: йаздархочун сурт, «Ц1ен-Бердехь» долчу чуртан бустам (копия), Гадаевн хилла чамда а, рузманна бухайуьллург а, вайн нохчийн къоман духарца, дахарца йоьзна цхьацца билгалонаш-тоьшаллаш… Ахматхановс дийцира:
"Сан дешича вара Гадаев Мохьмад-Салахь. Шуьнехь а, шен духарца-леларца а 1аламат оьзда стаг вара иза. Арахь хатт хиларх, бедарш-м хьовха, мачин айраш ца бехдеш г1аш д1асавоьдура Мохьмад-Салахь. Уггар мехалчех бахам – могашалла - йацара цуьнан шен дахаран т1аьххьарчу беттанашкахь…"
Гадаев Мохьмад-Салахь дагалоцуш, х1ора шарахь гулло шаьш бохуш, дуьйцура цуьнан йуьртахоша. 1аламан хьелаш бахьанехь - тхо Чуьрчу-Ирзе кхачале хьалхарчу деношкахь йочанаш хиллера кхузахь - Ц1ен-Берде ца кхачаделира тхо оцу дийнахь.
Оцу меттигна т1ебоьдуш, жаг1ин хилла а, некъ хиларе сатесна бу кхузара нах. Амма, шеко йоцуш, цхьаъ ду Чуьрчу-Ирзерчу бахархошкахь: шайн йуьртара схьаваьллачу воккхачу йаздархочух ц1еначу даггара дозалла дар а, «дог-мерза гул а луш», ларамечу йуьртахочун весеташ доггах кхочушдар а.
Дала доккха пох1ма делла хилла Гадаевна. «Х1иттинчу б1аьргаш чу сирла хиш дуьссуш», йаздина цо шен мог1анаш. «Даймахке сатийсар», «Ц1ен-Берд» ц1ераш йолу назманаш а тоьар йара йаздархо лара. Т1ехбезначу Даймахках, «бераллехь хьийзинчу даккъех», «ламанан аренех, бошмех, хьаннех, тог1енех, 1аннех, сирлачу шовданех, хьомсарчу ков-кертех, дайн кешнех» къизаллица къастийна хиллачийн х1ораннан а дагахь дерг довзийтина цо.
...Тезетахь техкаш го
вайн бошмаш, хьаннаш,
Г1айг1анех йуьзна го
тог1енаш, 1аннаш,
Дайн кешнаш доьхначохь
упханийн аннаш,
Хьулдан да воцуш го,
язал жалала…
1ожалло 1ехаво, оьций д1ахьой,
Йал йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов.
Уьйрашна вицвелчахь, Далла а вицлой,
Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов...
Даим со хьегначу Ц1ен-Берде г1ой,
Цуьнга б1аьрг тохалаш, аьтто хилахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь…
Дахаран маь1нин ойла йойтуш, оцу йоцачу хенан т1алам баре кхойкхуш хета Мохьмад-Салахьан байташ. Цо 1аламах лаьцна йаздинчо, моз санна, марздо и 1алам («Орцара г1ов», «Дарта», «Гуьйренан зезаг», «Дорцан марха»...), стаг оцу суьрташа «къиза хьовза а во», даккхийчу г1уллакхашка д1а а кхойкху...
Гадаев Мохьмад-Салахьа, дог догуш, «1енийна» назманаш йеша дешархой кхиор, цуьнан кхоллараллин тайп-тайпана аг1онаш вайн 1илманчаша леррина таллар оьшу вайна. Иза хир ду вай цуьнан «метта б1аьрг тохар», йаздархочун «берд» баккъалла а «хьастар»...
...И вайн махкахо ву иза, халачу зиэрех чекх а ваьлла, дахаран т1аьххьара денош шен ц1ахь чекхдаха Сийлахьчо шен аьтто бина а, ша Цунна хастам бина а волу!
...И стаг ву иза, "Эзар балех ваьлла хуьлда хьо!" - шега х1етахь аьлча, "Эзар бен ца хиллехьара-м х1ун дара!" - аьлла волу!
... И къонах ву иза, шен дахаран т1аьххьара сахьт т1ех1оьттинчу хенахь, ши пхьарс а лаций ша охьахааве, меттахь вахвелла вижина а волуш д1акхалхар ледаро ма хета шена-м, аьлла волу!
Свидетельство о публикации №216122501107
Ларамца
Яха Эдилсултанова 06.08.2026 15:05 Заявить о нарушении
Дела реза хуьлийла хьуна, Яха!
Дала аьтто бойла кхоллараллехь!
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 07.08.2026 09:46 Заявить о нарушении