Дикачу адамна, Таймасханова Нурина лерина

Токхечу  гуьйренан дийнахь
Дуьнен т1е,Нура,хьо яьлла!
Б1аьргаш го хьан нуьрех ийна
Той даздеш, самукъадаьлла!

Едча  а к1елхьар ца йолуш,
Ирсо хьо шен мара къийла.
Доьзалах самукъа долуш,
Беркате  дахар хуьлийла.

Бераллехь къаьсстина ненах,
Хьан йисар яздинчу  Дала,
Хьостийла хьан дог дуьненахь,
Кхин хьуна ца гойтуш бала.



Язйина 28  сентябрехь  2016  шарахь.


Рецензии