Яха

               
               
   «Тахана санна кху шарахь бовха малх кхин кхетий а хаац», – бохуш, маь1-маь1ехь нехаш ягош, цхьацца г1уллакхаш а деш, вовшашка маьхьарий а детташ, малхо къагийначу дуьненах самукъадаьлла бохкуш нах а болуш, 1943-чу шеран декабрехь юьрта эскар деара. Адам доьхнера, и стенна деана ца хууш. Дуккха адамаш колхозан хьаьтта д1агулделира, цуьнан бахьана хаа лиъна. Гулбеллачарна хьалха эпсаро къамел дан долийра:
     – Ламанхой! Тхо кху юьрта дахкаран бахьана хаа лууш ду шу: цхьа а кхерам бац шуна тхоьгара. Шуна юкъахь цхьацца эладитанаш, ца оьшу хабарш даржош цхьа нах бу, бах, уьш карабаг1ахь царна оха луьра та1зар дийр ду. Кхин а ца оьшу къамелаш даьржар дуй хаьа суна, теша ма тешалаш, тхо эскар 1амо даьхкина ду. Т1ом х1инца аттачу баьлла, вайн эскарш даккхий хьуьнарш гойтуш т1емаш беш ду, кху юьртара а бу т1ам т1ехь дукха нах. Вайна т1ебеъна и 1аьржа бода, вай х1окху махкара д1абоккхур бу, вайн пачхьалкх толур ю. Нохчех дуккха а турпалхой бу, шайн синош ца кхоош халкъан а, мехкан а, Сталинан а дуьхьа, кхин долу къаьмнаш санна, т1емаш беш!
 Цо ц1ерашца буьйцура нохчийн турпалхой: Нурадилов Ханпаша, Дачиев Хансолта, Висаитов Мовлад, иштта кхиберш а. Дика кечам а бина веанчух тера дара и эпсар. Бете куьг даьхьна йовхарш а тоьхна, юха а шен къамел д1адаьхьира цо:
– Партис а, правительствос а бинчу сацамца нийса а дог1уш, лаьмнашкахь т1ом бан 1амо далийна ду х1ара эскар. Вай дерриг цхьа къам ду, цхьа вежарий а ду СССР-хь дехаш. Вайна ма-хаъара,  д1абоьдуш т1ом бу, тхуна аша г1о дан деза!       
– Оха х1ун дан деза? Тхо-м кийча ду! – бохуш, маьхьарий девлира хьаьттахь.   
–  Аша шишша-кхоккха салти кхаба т1елаца веза, бакъду, лаахь а, ца лаахь а ца боху ас, тхуна г1о хир дара аьлла боху. Шадоллу х1ума т1амна д1ахьажош ду, хало ду эскар кхаба, цундела шуьга г1о доьху оха!
     Наха д1асабигира салтий. Амма дукха хан ялале юьртахь хабар даьржира, нохчийн къам дохийна махках доккхуш ду бохуш. Оцу къамелех ца тешара нах. Делахь а, дегнашкахь сингаттам лаьттара церан. Цхьаццанхьа: «Ахьар гулде, жижиг д1адилла, шу дохор долуш ду!» –  аьлла, меттигаш хаалора, амма: «Сталина муха могуьйтур дара и саннарг!» – олий, бийлалора нах.          Иштта цхьана дийнахь бежнаш делкъана хи т1е лахка дагахь араваьлла лаьтташ Хьасайн а волуш, т1евеара кхаьргахь 1аш волу Сергей ц1е йолу  салти. Хьасайнарца ч1ог1а дика вара иза. Оьшучохь даима г1о-накъосталла дора цо.
– Ма хаза ду-кха лаьмнашкахь, б1аьста еккъа ялсамане хир ю-кха х1ара, ма къа долуш къам хилла-кха шу, – элира Сергейс. Цо дуьйцучух къорггера ца кхетахь а, амма кхеттал къамел дан хаьара Хьасайнна.
– Хьо цхьаъ ала лууш ву моьтту суна, х1ун ду хьан сагатдийриг, х1унда ду тхан къа?
Жимма ойла а йина, Сергейс элира:
– Хьасайн, жижиг, ахьар, кхийолу юург кечъе новкъа яккха, шу дохош ду!
Ша бехке волуш санна, корта а оллийна 1ара салти.
– Муха дохош ду, стенга дуьгуш ду тхо?
– И ца хаьа суна, ас аьлларг де, даима ладуг1уш сема а хила, ас хьайга аьлларг цхьаьнгге ма алалахь, суна цунах дика болх хир бац!
– Сергей, тхо а дац х1окху пачхьалкхехь дехаш нах, дийнахь-буса колхозехь къахьоьгуш, тхайна бахамаш ца лоьхуш, дерриг х1ума т1амна д1а а хьежош, даха г1ерташ дохкуш ма ду тхо. Х1окху юьртара мел дукха нах бу хаьий хьуна т1ам т1ехь? Сан ваша Хьусайн т1ам т1ехь чов а йина, кхин д1а т1ом бан мегар вац аьлла, шортта мидалш а елла, ц1а ваийтина ву. Со а могашалла дика яц аьлла, ц1ахь витина ву. Кхузза кехат яздира ас со т1ам т1е вига аьлла. Т1аьххьара: «Хьо могаш вац, хьайн ц1а г1о, – аьлла, човха а вина, военкомата чуьра араваьккхира со!» Иштта ц1ахь висина ву. Со а, сан ваша саннарш бен ц1ахь боцуш, дика-вон дерзо стаг а воцуш, цомгаш нах, заь1апхой боцурш берриг т1ам т1е а хьовсийна, хала зама йоккхуш ма ду тхо, ткъа ахь соьга махках дохуш ду боху.
Со цунах ца теша.
– Ас хьуна новкъадаийта ца бохура, хаьа суна хьан юьртахой т1ам т1ехь буй а, шу цхьана а х1уманна бехке доций а, цундела юха а боху ас, кечам бе.
Дикка ойла еш а 1ийна, Хьасайна элира:
– Дика ду делахь, баркалла хьуна, кечам бийр бу ас, – аьлла, даьхни хи т1е эцна вахара иза.    
 Цаьршимма дечу къамеле ладоьг1уш, къайллаха д1атаь1на лаьттара Сергейн накъост Фёдор. Оьг1азъоьхуш: «Ас йийр ю хьан болх!» – бохура цо шен дагахь.
     Шена оьшург хиъна ваьлча, шайн хьаькамаш болчу вахара Федор. Цул т1аьхьа дукха хан ялале лаьцна д1авигира Сергей. Кхин Хьасайнарна ца гира иза. Царна ца хиира: «1едалан къайле гучуяьккхина ахь», – аьлла, етташ, хьийза а вина, пхийтта шо а тоьхна, лаьцна Колыма иза д1авахийтар.
     Керла баьхкина салтий ч1ог1а г1оьртина бара Хьасайнарца. Сергейс ма-аллара, массо х1уманна кечам бира цара. Дукха хан ялале т1екхечира 1аьржа, нохчийн къам махкахдоккху 1944-чу шеран 23 февраль.
     Даккхийн лайн чимаш оьгура. Шаьш стиглахь дисарна кхоьруш санна, сихделла дог1ура уьш. Хьалхарчу суьйранна ч1ог1а хаза хилла 1алам, къам махках доккхуш лан а ца ладелла, холчу даьлча санна, боккха хийцам бина д1ах1оьттира. Летара ж1аьлеш, кхойкхура н1аьнеш, 1оьхура хьайбанаш, терсара говраш. Хьерабовллал оцу г1овг1ано гатбинера нах. Цхьаъ хиладоллий хаьара царна, амма х1ун ду ца хаьара.
     Хьасайна шен вешега Хьусайне элира: «Ас хьалха аьлча а ца тийшира хьо, х1ара даьхни лаа меттах ца девлла, х1инца мукъан кечамбехьа, х1умма ца хилахь, юха д1алиста хала а дацара!»
– Д1авалахьа, Хьасайн, дерриге къам махках муха доккху, вай х1ун дина?
– Да-м вай х1умма ца динера, делахь а оцу оьрсийчо цхьаъ ца хилча дуьйцур дацара иза. Нах а ма бу и дуьйцуш. Хьо цхьаъ ву-кха ца тешаш дуьхьалваьлла, – шен ваша кхето г1ерташ, дукха къамел дира Хьасайна.
– Дика ду делахь, теший ахь со, ас кечам бойту, хьо а кийчча 1е! – аьлла, чувахара Хьусайн.
     Хьасайн чукхаьчна дукха хан ялале юьртахь кхузза топ елира, иза билгало хиллера адам арадаккха д1адолорна. Хьасайнеран дехьачуьра цхьа тамашийна хийцабелла, оьг1азе сехьабевлира салтий.
– Катоххе бераш эций, арадовла, хьаьтта даха деза вай! – т1ечевхаш элира цхьана салтичо.
– Сихлолахь, зуда, бераш арадахалахь, Сергейс аьлларг бакъ хила доллу моьтту суна! – аьлла, жижиган а, ахьаран а галеш схьаэца дагахь, тасавелира Хьасайн.
– Галеш текхалур дац хьоьга, г1еххьа жижиг, ахьар схьаэца, берашна йовха т1еюхург а эца, – элира воккхочу салтичо. Мел оьг1азе гахь а, къинхетам бира цо х1окхарах. Арара схьахезаш яра нехан г1овг1анаш, зударийн белхарш, берийн маьхьарий.
     Хьаьтта схьабалийначул т1аьхьа: «Делан къинхетам бу-кха, суна нисбелла салтий шайгахь адамалла долуш хилла», – бохуш, хиъна 1ара Хьасайн, наха дийцарехь, юьртахь салташа лелийначу къизаллех дерг шена хиъча.
      И буьйса колхозан ялта чудухкучу хьаьттарчу цхьана тховк1еллахь яккха дийзира церан. Ехачу б1аьста х1окхара колхозан  кхаш т1ехь къахьогуш гулдина ялта гуш дацара. Салташа д1адаьккхинчух тера дара. Ша къахьегначу хьаьтта б1аьрг а бетташ, ойлане 1ара Хьасайн. «Я Аллахь-Дела, Хьайн къинхетамах ма дахалахь тхо, гуш-хууш верг Хьо цхьаъ ву-кха!» – бохуш, г1ийлачу ойланца 1ара х1ара. Юххехь 1ашволу шен ваша дукха ойлане а гина, Хьасайна хаьттира:
– Хьусайн, хьо ма ойлане го суна, дукха дагна т1е ма ийзахьа, Делан диканах дог дуьллур дац вай!
Цо дуьйцучуьнга ла а доьг1на, дуьхьала г1ийла вистхилира иза:
– Хьасайн, со башха могашалла дика йолуш а вац, х1уъа хиларх, воха ма вохалахь, сан доьзалца виса хьажалахь, церан доладелахь!
– Хьусайн, ахь х1ун дуьйцу, и весеташ стенна до ахь?
– Со волчохь 1ийначу цхьана салтичо, со т1еман дакъалацархо ву аьлла, тхо арадохуш соьга элира вай шийлачу махка дуьгуш ду, ткъа шело ловр яц сан чевнаша. Ас цаьрца хьоьгуш дерг хьо гуш-хууш ву.
– Т1ам т1ехь а хилла, мидалш йолуш, чевнех вуьззина волу хьо а, хьо саннарш а мукъана ц1ахь бита ца мега-те?
– Дера ас шега и хаттар дича: «Сан карахь х1умма дац, со салти ву, де аьлларг дичахьана волуш ву, къинт1ера валалахь суна, сан ваша!» – элира цо.  – Делахь а, Делан диканах дог дуьллур дац вай, – аьлла, ойлане вахана д1атийра Хьусайн.
Доьлхура бераш, шеллуш шайн нанойх хьерчара уьш. Амма хуьлучух кхеташ цхьа а вацара.
     1уьйрана кхечу ярташкара нах а т1****ийра. Халла когаш текхош бог1ура уьш. Шелбелла,  сахиллалц некъ бина г1елбелла бара, амма царах къахеташ стаг вацара. Бухарнаш ара а баьхна, берриг вовшах тоьхна, оьздайоцу г1овг1анаш а еш, т1ехула тоьпаш а кхуьссуш, дерриг адам д1алаьллира. Цхьа буьйса новкъахь а йоккхуш, уьш ц1ерпоштан станце кхечира. Адам ког баккха а де доцуш г1елделла дара. Даьхни кхоьхьучу вагонашна чу а доьттина: «Кхин гур яц шуна Нохчийчоь», – ала г1ерташ санна, шок а тоьхна, д1айолаелира ц1ерпошт.
      Вагонан массо а херонашкахула чу мох хьоькхуш, шеллора нах. Яах1ума кечъян, дохдала чохь пеш а яцара. Адам цомгуш хуьлуш дара. Т1ам т1ехь хилла чевнаш меттах евлла, уьш даръелла, новкъа девллачу йолхалг1ачу дийнахь, дуьххьара д1авелира Хьасайнан ваша Хьусайн.  Ц1ерпошт сецча: «Чохь велла стаг вуй?» – олий, хоттура салташа. Т1ехьа а ваьккхина, сонехь д1алачкъийна вара гергарчара Хьусайн.
Амма цхьана дийнахь ца тешаш хьала а ваьлла, хьаьжира салти. Вон г1овг1а а еш, ког лаьцна такхийна араваьккхира цо иза. Схьалахьара бохуш мел шайга дехарш дарх, салташа уьш тергал ца бира.
     Диллина доккха ло а долуш, шийла де дара. Дехьо а ваьккхина, къинхетамза охьа а кхоьссина, т1е ло хьаькхира салташа Хьусайнна. Ц1ерпошт д1айолаяла герга дара. Цу хенахь шен девешина т1ехь салташа лелочух ца кхеташ хьоьжуш 1аш йолу Хьасайнан исс шо долу йо1 Яха, вагонна т1ера охьа а иккхина, ло д1аса а хьоькхуш, шен деваша лайлара схьаваккха х1оьттира. Салтий вагонна т1ехуьйшуш бара. Цхьана салтичо юха а вирзина, схьалаьцна вагонан не1арехьа д1аластийра йо1. Цуьнан мерах ц1ий деара, вон лазийначух тера дара иза. Юха а, т1ехьаьдда, ло д1асахьекха х1оьттира йо1. Оьг1азваханчу салтичо ша вагон т1е хьалаволуш, юха а воьрзуш, топ тоьхна шен девешина т1ейожийра. Ткъа шен йо1 схьаэца Хьасайн чуэккха воьлча, цунна тоьпан хен тоьхна, юха вагон чу охьавожийра цара. Дехьо и сурт гуш лаьтташ йолу цхьа оьрсийн зуда, Яхина т1ейог1уш гира йоь1ан нанна Жовхарна а, кхечарна а.
     Не1арш д1акъевлира, ц1ерпошт д1айолаелира. Шен пхи шо долу к1ант Якъуб мара а къуьйлуш, нахах эхь хеташ дехьо соне а хиъна, шен йо1ана  йоьлхуш 1ара Жовхар.
    Сихха меттавеара Хьасайн. Корта вон хадийна бара, чохь болчара чов д1айихкира, амма иза ч1ог1а лозура.
     Жимма меттах а яьлла, юха а сецира ц1ерпошт. Шен лозучу коьрта т1е куьг а диллина, аннийн херонехула шен йо1ан а, вешин а ойла еш, арахьоьжуш 1ачу Хьасайнна язйина станцин ц1е гира.
– Шуьгахь цхьаьнггехь къолам буй? Ма 1елаш, болчо къолам, кехат лолаш? – элира цо.
– Х1ун ду цигахь, х1ара бу-кха къолам, кехат? – аьлла,  юьртахь хьехархо хиллачу Мовладис цунна оьшу г1ирс д1акховдийра. Хьасайн йоза хууш вацара, делахь оцу т1ехь ма-хиллара, Мовладис ша хьуна луург язйийр ю бахарх станцин ц1е ша д1а а язйина, и кехат кисана диллира цо.
     Кхойтта шарахь и беза мохь шен кийрахь лелийра Хьасайна.
     Мел халонаш лайра Хьасайна, кхечара санна, хийла, мацаллийна уг1у борз санна, кийрахь дог ц1ийзаш, шен доьзалшна юуург стенгара йоккхур ю ца хууш, шен доьзал д1атоттий, вешин доьзална луш, хийла, тилалой, дорцалахь вуьсуш, 1азап хьийгира цо, амма и кехат, х1айкал санна, лардира Хьасайна.
    Жима волуш даиманна: «Яха цигахь, лайлахь, охьакхеттачохь х1унда йитара ахь?» – бохуш, Хьасайнан садуура Якъуба, ткъа х1инца, воккха хила воьлча, йиша ца хьахайора цо, кхеттачух тера дара иза, амма гуш дара цо ч1ог1а сагатдеш хилар. Цкъа корах ара а хьоьжуш, б1аьргех хиш оьхуш 1аш, нана т1екхечира цунна.
– Якъуб, хьуна х1ун хилла, хьо стенна холчу х1оьттина? – аьлла, хаьттира нанас шен к1ант дог доьхна а гина.
Шен б1аьрхиш лачкъа а деш, хаьттира к1анта:
– Нана, Яха дийна юй-те, цунах дерг ца хиъча со 1ийр волуш вац-кха? – аьлла. Амма, цунна дала жоп дацара ненан.
– Якъуб, холча ма вийла, вай кестта ц1а г1ур ду, т1аккха цунах дерг хуур ду вайна, – аьлла, к1ант теван г1оьртира нана, шена ц1а дахарх башха хууш х1ума доцушшехь.
     Казахстанехь балане, лазаме, меца-шийла кхойтта шо даьккхинчул т1аьхьа, эххар  т1екхечира нохчий Даймахка ц1а боьрзу де. Массо а санна, Яха, Хьусайн а шайца доцуш чам боцуш, г1ийлачу ойланца коре а хиъна, ц1а оьхура Хьасайн, шен а, шен вешин Хьусайнан а доьзалца. Шен доьзалал а ч1ог1а ларбира цо шен вешин доьзал.
     Цхьана станцехь сецна лаьттара ц1ерпошт. Корах арахьоьжуш 1ачу Хьасайна, башха дагахь х1ума а доцуш йийшира станцин ц1е: «Ивановка». Ц1еххьана, кхеравелча санна, хьала а иккхина, кисинара ша кхойтта шарахь лардина кехат схьадаьккхира цо. Цу т1ехь а яздина дара «Ивановка» аьлла.
Когаш, чуьра са д1а а дахана, меттах ца валалуш 1ара Хьасайн. Оцу станцин ц1е лахархьама ша махках ваьлла лелачу хенахь г1еххьа йоза-дешар 1амийнера цо. Охьаэккха дагахь д1ахьаьдира иза. Юха а сацавелира: «Иштта г1уллакх хир дац. Ц1а а вахана, х1орш д1а а тарбина, вухавог1ур ву со. Ц1ахь х1ун нисло а хаац», – аьлла, вуха а веъна, шен метта охьахиира иза. Цо лелочух цецбевлла 1ара Жовхар а, Якъуб а, Хьусайнан доьзал а.
– Стаг, ахь х1ун леладо, хьо ма воьхна лела, х1умма-м ца хилла?
– Х1ан-х1а, х1умма дац, – аьлла, и станце шена йовзар х1усамненах лачкъийра Хьасайна. Жовхар мегар яцара, т1аьхьарчу хенахь цамгарш лехьо йоьллера иза. Юха а корех ара, цхьа х1ума лоьхуш санна, д1асахьожура Хьасайн. «Ваша Хьусайн, Яха дисинчу меттехь, дехьо акхтарг хила дезара», – бохуш, и лоьхуш вара Хьасайн. Акхтарг лаьтташ дара, амма Хьусайн а, Яха а дацара. Ц1ерпошт д1айолаелира. Акхтарг: «Хье ца луш вухавоьллахь, Хьасайн», – бохуш санна, шен г1аш лестош латта дисира.
    … Х1ара вухавале цхьа шо хан елира. Тахана, дейтта шо даьлча, кхаьчнера Хьасайн ваша, йо1 дисинчу метте. Къа ца хьоьгуш карийра цунна и станци а, цунна дехьо акхтарг а. «Мичахь лаха-те ас хьо, Яха, х1ун хилла-те хьох, Хьусайн, мичахь д1авоьллина-те хьо?» – бохуш, акхтарган 1индаг1ехь хиъна 1ара Хьасайн.
– Дяденка, что случилось? – оьрсийн маттахь цхьаъ вистхуьлуш а хезна, хьалахьаьжча, цунна гира шега хеттарш деш 1аьржачу аматахь жима йо1. Оцу йоь1ан аматаш шена девзаш санна хийтира цунна. Б1аьргех охьаоьхучу хиша дика цуьнан аматаш схьалаца ца вутура иза. Амма йовза-м евзира цунна шен йо1. «Яха!» – аьлла, ц1е йоккхушехь, «Дада!» – аьлла, маьхьарца маракхийтира цунна йо1. Нохчийн мотт ца хаьара цунна. Амма, «Дада, нана, Якъуб», – боху ц1ераш ца йицйинера. «Яха, сан йо1», – бохуш куьйгаш хьоькхура дас шен марахь йоьлхучу йо1ана. Ц1еххьана йоьлхучуьра саца а сецна:
– Дада, нана мичахь ю, Якъуб ма вац хьоьца? – хаьттира цо.
– Уьш ц1ахь бу, тхуна ц1а даха бакъо еллера. Уьш д1а а бигна, хьох х1ун хилла хьажа веана со, – бохуш, йо1 хьоьстуш да а волуш: «Яхочка, хьо мичахь ю?» – аьлла, оьрсийн маттахь кхайкхира цхьа зуда.
– Бабушка, со кхузахь ю! – аьлла, ша йолу меттиг хаийтира йо1а.
– Иза мила ю, Яха?
– Со к1елхьараяьккхина, со кхиийна баба Вера ю иза.
– Дада, хьо ма тишвелла, хьо суна дагавог1уш хаза ма вара? – бохуш, можа т1оьхула охьаоьху хиш д1а а хьоькхуш, ден юьхь т1е куьйгаш хьоькхура йо1а. Цунна ца хаьара я цкъа хуур а дац, шен дас лайна 1азап, цунна гина вонаш.
– Хан д1а ма яьлла, Яха, со х1инца жима ма вац, – аьлла, х1инцалцц тидам ца бина, йоь1ан коьртахь йовлакх гира дена.
– Коьртахь хаза йовлакх ма ду хьан, Яха?
– Со нохчо хилар ас цкъа а диц ца динера. Жима йолуш-м лелла хир ю со коьрта 1уьйра, амма со кхеттал хилчахьана, ас коьртахь х1ума лелийна.
– Яха, хьайн девешех х1ун хилла хаьий хьуна?
– Баба Верас, г1езалойн кешнашка д1аволлийтина хиллера иза, дукха бу уьш  кхузахь бехаш. Ас сих-сиха т1е а йоьдуш, ц1андеш лелош ду цуьнан каш.
– Яха, и йоккха стаг схьайог1уш ю, цо х1ун боху хьажа вайша?
– Вало, ц1а чу доьду вайша, – аьлла, шега мохь тоьхначунна дуьхьала яхара йо1. Йоккхачу стеган юьхь т1ехь бос бацара. Ша т1е ма-кхоччура: «Т1екхечи-кха со кхийрина де!» – элира цо.
– Х1унда бах ахь?
– Шуна ц1а дерза бакъо еллий хаьара суна, цундела х1ора де кхерамца лардора ас, Яха д1айига шух цхьа- цхьаъ вог1ур вуй хаьара суна!
– Ц1а даха бакъо-м еллера тхуна, амма баланаш лайна оха, дукха адам х1аллакьхили тхан. Хьан ц1е х1ун ю?
– Вера Александровна ю со.
– Сан ц1е Хьасайн ю, – аьлла, ша Яхийн да хилар а хоуьйтуш, вовзийтира цо.
Т1аккха:
– Вера Александровна, х1ара йо1 к1елхьара яккхарна, кхабарна доккха баркалла ду хьуна, хьо ца хиллехь елла хир яра х1ара, ас цкъа а дицдийр дац ахь дина г1уллакх. Сан ваша а, тесна ца вуьтуш, д1аволлийтина хилла ахь, даггара соьгара юха а баркалла хьуна! – аьлла, даг т1е куьг диллира Хьасайна.
– И-м доккха х1ума дацара, вало чу г1о вай, – аьлла, Хьасайн чукхайкхира цо.
– Х1ан-х1а, цкъа вешин коша т1е ваха лаьара суна.
– Г1о делахь, Яхас гойтур ду хьуна каш, шуьшиъ схьадог1ушшехь, ас юуург вовшахтухур ю, – аьлла, Вера Александровна д1аяхара.
Кешнаш генахь а ца хиллера. Т1ехь, бацах х1ума а доцуш, ц1ена карийра Хьасайнна шен вешин каш. Гуш дара цуьнан дола деш стаг хилла хилар.
– Яха, дика доладина хилла ахь хьайн девешин, баккъалла а, хьо нохчо хилар лардина хилла ахь! – аьлла, шен кисанара схьаяьккхина цхьана бехчилган шад а баьстина, оцу юкъара латта вешин барз т1е даржийра цо. Юха коша т1ехь Ясин а дешна, цу т1ера канахь схьаэцна латта шегарчу бехчилган юккъе а хьарчийна, кисина диллира Хьасайна. Х1ара шиъ ц1а кхаьчча, юуург а йина, дика стол кечйина 1аш яра баба Вера. 
     Дукха 1ийра уьш къамелаш деш. Вера Александровнас дийцира Хьасайнна, топ йо1ан белшах чекхъяьлла хилар, то ца луш, баттахь а сов иза больницехь 1иллар а. «Йоь1ан ц1е ца хууш дукха къахьийгира ас. Х1окхо олуш дерг Дада, нана, Якъуб, Яха, – дара. Тхуна гена воццуш цхьа г1езало вара, иза валийра ас. Амма х1окхо буьйцучу маттах иза а ца кхетара. Юха цунна дагадеара: дада, нана – уьш да-нана, Якъуб – стеган ц1е хилар. Ткъа – Яха х1окхуьнан шен ц1е хир ю!» – аьлла. «Яха, – аьлла, со кхайкхича, х1ара схьахьаьжира, иштта хиира суна кхуьнан ц1е».
– Вера Александровна,  1едало муха йитира х1ара йо1 хьоьца, нохчо юй ца хиира царна?
– Дера, дикка хьийза а ма-йира со, амма кху юьртахь милиционер вара г1езало, Салават ц1е йолуш цхьа дика к1ант, цо г1о дира суна. Сан ц1арна т1е а йоккхуш, кехаташ  дехира цо суна, иштта йисира Яха соьца.
Юха, жимма йист ца хуьлуш а 1ийна, цо хаьттира:
– Новкъа маца довлу шу?
– Кхана девр ду, ч1ог1а сагатдеш ю кхуьнан нана, башха могуш а яц иза. Вера Александровна, цкъа д1аг1ур ду тхойша, т1аккха, жимма 1ийна, кехаташ нисда юхадог1ур ду тхо!
– Мегар ду, и дийр ду вай, – аьлла, доккха са а даьккхина т1етуьйхира цо:
– Дика ду делахь, ас охьавижа меттиг табина хьуна, со кхуьнан х1уманаш вовшахтоха йоллу, – аьлла, хьалаг1аьттира Вера Александровна.   
Хьасайнна хаьара йо1ан баккхийн бахамаш хир боций, массанхьа цхьатерра хала бохкура нах. Йо1ах шен къаста дезар дазделла араяьллера йоккха стаг. Сада1а охьа-м вижира Хьасайн, амма йоьлхучу йоккхачу стеган, шен йоь1ан узамаша дог цоьстуш, наб ца хилира цуьнан.
     Берриге лулахой баьхкира х1орш новкъабаха. Йо1ана мара а лелхаш, боьлхура уьш. Дукхаезаш хиллера царна Яха. Йоккхачу стагана баркалла а аьлла, вагонна чу хьалавелира Хьасайн. Вовшах ца йолуш, йоьлхура Яха а, Вера Александровна а.
– Яха, ма латта, вайша дуьсур ду!
– Баба Вера, 1одикайойла хьан, ас со мел еха цкъа а йицйир яц хьо, – аьлла, юха а мара а кхетта, йилхина д1аяхара йо1.
– Яха, хьо ц1а кхаьччалц д1а ма басталахь х1ара шад, – аьлла, йовлакхан юкъахь цхьа х1ума йо1е д1акховдийра йоккхачу стага. Ц1ерпошт д1айолаелира, геннахь коьртара йовлакх а даьккхина, и лестош б1аьрхишца йисира йоккха стаг. Моьттур дара оцу дерриганне теш хилла долу акхтарг а, г1аш ца лесташ, ладоьгна сецна.
   1ан а ца елла, новкъахь кхо-диъ де даьлча схьабаьстира йо1а шад. Цу юкъахь яра дашо х1уманаш: мух1арш, ч1агарш, сахьт, баба Верин сурт, иштта кехат а. Цу т1ехь цо яздора: «Ас хьуна деш совг1ат ду хьуна х1ара, сан ненан а, цуьнан ненан хилла х1уманаш ю х1орш, нанас йо1ана луш схьаяьхкина. Хьо сан йо1 ю. Цундела х1орш хьоьгахь хила лаьа суна. Т1амо ц1ийнада а, ши к1ант д1а а ваьхьна со цхьа йисинчу хенахь, суна Дала дина совг1ат дара хьо. Со цкъа а йиц ма елахь, сан йо1!»
     Йоьлхура йо1. Лозура цунах ден дог, цаьршинан лазар дерзориг хир ду-кха заманан йохалло. Делахь а да-нана, ваша ган сатуьйсуш шерашкахь азделла йоь1ан дог парг1атдолура баба Верийн йовхо дагаеъча. Оцу хьаамо дог тедеш ц1ерапоштан ч1ургаша дечу татанашка ла а доьг1уш, мелла сиха ненан баьрче кхача сатесначохь, Даймахка юьгучу новкъахь, наб озийра Яхина.
Яхел хьалха шиъ доьзалхо кхелхинера Хьасайнан, цундела иза дуьнен т1е яьлча дукхаяхийта, «Яха», аьлла ц1е тиллира цо. Д1атаь1на, наб озийначу йо1е а хьоьжуш, ойлане 1ара да. «Тхох къаьстина, чов хилла, цхьа Делан къинхетам хилла, дийна йисина йолу хьо, дуккха а яьхна, Яха боху хьайн ц1е бакъ йийр яц-те ахь?», бохуш, йо1ах воккхавеш ойланашка вахана 1ара Хьасайн.
    Х1ун бахьана дара-те цхьана а х1уманна бехкен доцу къам махках а даьккхина, иштта х1аллакдаран? Хьасайнан ваша Хьусайн саннарш мел хир бу эрна арахь д1абоьхкина, шелоно, мацалло эгийна я, Хьасайн санна, доьзалех хеддарш я, Яха санна ц1а а бирзина, ирсан дакъа ца кхаьчнарш?   

***               

 



   
   

   
    


Рецензии
Дала цкъа а ма гойтийла и къизалла кхин! Дика яздина дийцар ду!

Айза Барзанукаева   04.08.2021 16:30     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.