Безаман мохь

Х1ун ду те, хьан озе даго сатийсар,
Хьо гича пхенаш чохь ц1ий ловзадийлар.
Сан б1аьргийн нур- къолам сел говза хилар,
Хьан сарташ дахкарца и серла бийлар?

Х1ун ду те, синмарзо хьан ц1арах хьерчар,
Хьн амат б1аьргаша бодашкахь къаьстор.
Самаха, г1енаха хьо ган сатийсар,
Я ца гуш хан юьлча, са дагна тийжар

Хьарчийна хилла те, безаман ас къа,
Ас хьоьга санна сатийсинарг со ган.
Вуьтуш са даимна, марзонах хьега,
Дог дага дитина къизаллийн ц1ергахь?

Иштта и хиллехь а, меттиг бу 1аба,
Жималлийн ницкъ бара юха а къага.
Шераш т1е шо дуьллуш, д1аэхарх зама,
Ца туьгу безаман суй баьгна бала.

Юха а хьо гаро, ц1е марса йоху,
Юха а, суй сийсаш, са карзах доху.
Безаман мохь дагна базбелла боху,
Х1ун ду те замано сан дагца окхург!?


Рецензии