Дахаран терза
Кхаа хенах лаьтташ и го.
Яхна хан, йог1у ерг, керарнаг,
Кхааммо до вовшен г1о.
Бералла,-самукъне, мерза хан,
И ду вайн дахаран хьесап.
Цо гойту 1алашо дахаран,
Т1аьхьлонна бойту цо кечам.
Къоналла,- доьналлийн зама,
къинхетам цо шех ца бо.
Дуьненахь йоккхучу ханна,
Цо стеган мах хадабо.
Къаналла,- дахаран терза,
Къа меле цо дерзадо.
Сийлаллийн некъа т1е верза,
Ладог1а цо 1амаво.
Дахаран хенаш ас гайти,
Кхозлаг1чу декъехь ю со.
Кху хено соь т1алам байтахь,
Дуьсур ган, мелехь дерг сох
07.02.2017
Свидетельство о публикации №217020700723
Если бы вы понимали, как красиво звучит чеченский язык.
Спасибо что заинтересовались.
Успехов вам!
Айза Резванова 24.02.2017 13:59 Заявить о нарушении