Къоман библиотекехь

     Шеца нохчалла йолу кхолларалла

     Язйина: 03.02.2017, 00:02 : Керланаш, Коьрта, Литература, Сий-Ларам

     Москвахь, оцу шахьаран дега юккъехь Iаш вара иза, шен (хIусам) петарш а йолуш, шен гIуллакх а долуш, Iилманан, литературин декъехь баккхий кхиамаш а болуш, цул а яккхий Iалашонаш а йолуш, цаьрга кхачаран некъан тача билгалдаьлла а долуш. Амма, цхьана дийнахь, и дерриге а дитина, шен дай баьхначу Нохчийчуьрчу Веданан кIоштарчу МахкатIе цIа вирзира.

ЦIа вирзира нана могашалла дика йоцуш ю аьлла. Ша цунна юххехь, цо садоьIу хеззачохь хила веза аьлла. Цунна юххера дIа а ца велира.
 
     Таханлерчу эзарна юкъахь цхьаьнгара яьлча а вай цецдевр долу стогалла, къонахалла, нохчалла яра цуьнгара яьлларг. Вай вуьйцург нохчийн яздархо, историн Iилманийн кандидат, СССР-н а, Россин а, Нохч-ГIалгIайн АССР-н а Лакхарчу Советийн депутат хилла волу Нунуев Сайд-Хьамзат ву.

Цуьнгара нохчаллин масал гучудаьлча иза вевзаш-везаш берш цец ца бевлира. Уьш цецбевр бара цо и саннарг ца динехь. ХIунда аьлча, даима а Нохчаллин сийлалле кхийдаш, вайн къоман лар, истори ширачу оьмарийн шерашкахь лоьхуш, уьш карийча дуьненан берриге а бахамаш шена карийча санна воккхавуьйш, токх хуьлуш таханлерчу дийне схьавеана иза.

     Цуьнан кхоллараллин суьйрене гулбеллера дукха хан йоццуш Сайд-Хьамзат вевзаш, цуьнца гергарло лелор дезаш, цуьнан кхоллараллах баккхийбеш, ирс оьцуш берш. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат, Нохчийчоьнан къанойн Кхеташонан председатель Ахмадов Сайд-Iабдул, республикин Юкъараллин палатин председатель Батаев ГIайрсолта, Юкъараллин палатин декъашхо Дадуев Мохьмад, дуккха а кегийрхой, кхиберш.

     Нунуев Сайд-Хьамзатан кхоллараллах а, Iилманан белхех а, дахаран некъах а лаьцна къамелаш диначу Ахмадов Сайд-Iабдуллас, Батаев ГIайрсолтас, Дадуев Мохьмада, яздархоша Бурчаев Хьаьлима, Ахматукаев Адама, кхечара тидам тIебахийтира вайн къам шен «семанна» тIехь латтош ерг нохчалла хиларна.

     Шен кхоллараллин а, Iилманан а белхашкахь цуьнан (нохчаллин) мехалла йовзуьйтуш ву Сайд-Хьамзат. Нохчалла ларъян вайн ницкъ кхачахь, заманаш мел кIуркIамани хилла ягIахь а, нохчийн къомана цхьа а кхерам бац. И дIакхайкхош волу автор а ву шен амал нохчаллин гурашкахь сецош, махкахошна масал хилла вогIуш.

     Къаьсттина къоначара ирс эца дезара Нунуев Сайд-Хьамзатан книгех а, Iилманан белхех а. ТIаккха царна кхераме хир яцара тахана дуьненна а бале яьлла терроризм а, ваххабизм а, экстремизм а. Цунах лаьцна дара оцу суьйренехь дина къамелаш. Цигахь цуьнан кхоллараллин кхин цхьа агIо а гучуелира. Говза байташ язъеш а хилла Сайд-Хьамзат. Уьш дукха хаза дIайийшира кегийрхоша.

     «Куьг бехкечо» кхузахь вовшахкхеттачарна доггаха баркалла элира, дийцира ша юьхьарлаьцначу некъах, оцу некъа тIехь шена хьалха лаьттачу Iалашонех, кхочушдан леринчу гIуллакхех, дуккха а кхечунах а лаьцна. Цо дийцинарг массарна а тайра. Цунна хир дар-кха уьш суьйре чекхъяьллачул тIаьхьа а, цхьа минот яьккхина а цуьнца цхьаьна яккха лууш хилла хилар.

     Вайн къамел кхачам боллуш хир дацара и суьйре вовшахтоьхначу Нохчийн къоман библиотекин белхахойх лаьцна дош ца аьлча. Шаьш шайн балхана охIла хилар бIаьрла гайтира цара.

     С.ХАСАНОВ

     ДАЙМОХК газета, №9, пIераска, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де, 2017 шо


     **


Рецензии